Полисхоша 20 гергга стаг лачкъийна Іалхан-ГIалахь – уьш лецаран бахьана хууш дац. Дийцарехь, лечъийнарш Соьлжа-ГIала дIабигина, цигахь къайлахчу набахтехь сецош бу уьш.
Iалхан-ГIалахь дуккха а нах лецарх лаьцна хаамбира нохчийн оппозицин 1ADAT, NIYSO телеграм-каналаша. 1АДАТ канало тептар довзийтина, лецначу бархI стеган цIе тIехь йолуш, NIYSO канало 14 стеган цIе йаьккхина. Кавказ.Реалиин Iалхан-ГIаларчу шина хьасто тIечIагIдо каналаша зорбане даьхнчу тептарштIера нах билггал лечкъийна бигар. Къамелдинчара кхин совнах хаамаш ца бина, билгалдаьккхина, экстремизмана бехкебина хила тарло уьш аьлла.
Нохчийн юкъараллин гIуллакхдархочо, "Цхьааллин ницкъ" боламан векало Сулейманов Джамбулата хаамбина, вежарийн СолсаевгIеран Европехь вехачу гергарчо дийцира шена уьш ницкъахоша лечкъйина бигарх. 1АДАТ телеграм-каналан хаамашца, царна йиттина, чолхечу хьолехь бу уьш.
NIYSO канало бечу хаамца, Iалхан-ГIалара дIабигина меттигера бахархой латтош бу Соьлжа-ГIаларчу РОВД-хь, цигахь тIехь ницкъ бина царна аьлла. Махкарчу МВД-н урхалло хIокху информацина йина комментарий йац. Кавказ.Реалиин корреспонденто телефон йеттарх Грозненск кIоштан полицин декъо жоп ца делира.
2010-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу 1 700 нахалахь схьакараво 20-30. Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хьал дика ду, делахь а, цигахь карош вац хIора иттолгIа бен. И зераш 2021-ра шо довш зорбане дехира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло, Оьрсийчоьнан МВД-н диллинчу хьасташна тIетевжина.
Нохчийчуьра Алхазов Аюб а, Тазабаев Рамзан а кхелхира, махкарчу полицин декъахь Iазапаш хьегначул тIаьхьа. Ницкъахоша лачкъийна вигина, хьийзийначул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ.
Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, дохку бехкаш тIе ца дуьтура Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.