ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ткъа шо даьллачул тIаьхьа: оьрсийн авиаци Нохчийчохь а, Украинехь а


Ханкалара тIеман базина уллохь кема дожар, 2002 шо, марсхьокху-бутт
Ханкалара тIеман базина уллохь кема дожар, 2002 шо, марсхьокху-бутт

11 шо даьлла Оьрсийчоьнан армин историхь уггар а боккхачехь авиабохам хилла. 2002-чу шеран марсхьокху-беттан 19-чохь Нохчийчохь дохийра шозза сов тIехь йоззалла йолу беракема – минаш йоьхкинчу майданаахь охьадоьжнера и, велира 127 стаг. Авиацин доккхаха долу дакъа хIаллакхилира федералан эскарийн Нохчийчохь тIемаш боьлхуш, йаздо диллинчу хьасташкахь. Ткъа Украинана дуьхьал бечу тIамехь оьрсийн тIеман техника кест-кеста йужу тIамна генахь, Оьрсийчоьнан регионашкахь, тидам хилира цхьаболчу аналитикийн. Мел бакъ ду и чIагIдар, цуьнан бахьана а хIун ду къастийра Кавказ.Реалиино.

Ми-26 дохаран версиш

Ханкалара тIеман базе кхача Iалашонца Моздокехь гIаьттина мохь дIасакхоьхьу танспортан беракема 2002-чу шеран марсхьокху-беттан 19-чохь. ДIакхочучу заманчохь, 200 метар лакхахь а долуш, пилоташа диспетчершка дIахаийтира, "тата" хези шайна, цул тIаьхьа моторах цIе йели аьлла. Беракема охьадоссо дийзира эскархоша базина гонах минаш йехкинчу майданахь, дегира иза. Оцу бохамах кIелхьарабовла гIиртина салтий минаш тIехь лилхира, ткъа царна гIоьнна баьхкинарш цаьрга хьоьжучохь биссира.

Оцу бохамехь 127 стаг велира, церан декъий масех дийнахь схьалахьон аьтто боцуш диссира. 20 эскархо дийна виссира – царлахь вара экипажан майор Батанов Олег а, шолгIа пилот а.

И бохам хиллачу хьалхарчу деношкхаь талламан кхо верси йара хиллачух. Цкъа-делахь, тIемалоша тIелатар динера – цуьнан тоьшалла до, Батановс дийицинчу "татано" а. Цуьнан дешнаш дийна бисинчу салташа тIечIагIдина ца Iаш, авари хиллачу меттиге уггар а хьалха схьакхаьчначу церан белхан накъосто а бакъ дира. Беракеман тIехуле йохийнера хIоъ-молхано, ткъа мотор тIехь Iуьрг дара, дийцира цо хIетахь къайлах "Комсомольская парвда" газете. Цхьаболчу тешаша чIагIдо, лаьттара хьала вертолетана тухуш гира шайна бохуш, йаздора Lenta.ru

Ханкалара тIеман базе доьдучу Ми-26 кемана хуьйшу оьрсийн эскархой. 2002-чу шеран товбеца-бутт. Архивера сурт
Ханкалара тIеман базе доьдучу Ми-26 кемана хуьйшу оьрсийн эскархой. 2002-чу шеран товбеца-бутт. Архивера сурт

Оцу версина дуьхьал бара Нохчийчуьра Iедалхой. Ханкалана гонахара доза даим а эскархоша толлуш ду. Цара герзашца тIемалой герга буьтур бацара, дIахьедира хIетахь меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин хьаькамо Пешхоев Сайд-Селима.

Беракеманца техникан бахьана дара аьлла, шен верси къадийра Нохчийчуьра тIеман комендантан куьйгалхочун гIовсо Цуев Селима а. Цунна тIетайра иштта Оьрсийчоьнан тIеман министр Иванов Сергей а. Арахьарчу бахьанашца йоьзна йац мотор, элира цо.

Дуьххьара Нохчийчохь хиллачу тIамехь борт тIехь оьцура оха 200 стаг. Цхьа а хIума ца хуьлура

КхоалгIа верси – тIех дуьзна хилла беракема. Ми-26 кеманчохь, официалехь 85 стаг бен дIасавига бакъо йац, охьадужучу дийнахь цу чохь хилла 147 стаг. Де хьалха хенан хIоттам таьIна хиларна Моздокера аэродромехь дуккхаъ гулбеллачу эскархойн а, салтийн а раьгIнаш лаьттара. СадаIа бахначуьра йухабьахкина бара цхьаберш, ткъа вуьйш Ханкалара салташца хийцабала безаш бара.

Кема доьхначу хьалхарчу деношкахь Оьрсийчоьнан Iедалхошна ца хаьара беракеманчохь билггал хиллачу салтийн тептарх дийца. Кема гIаттале хIора командировке воьдург декхаре вара шех лаьцна хаамаш кехата тIехь охьайазбан, амма дукха хьолахь и рагI йохош йара. Масала, тептарехь хилла Томскера СОБРан пхи белхахо аэродроме схьакхача тIаьхьависинера – церан метта Ми-6 кеманахь кхин нах нисбеллера.

Беракема тIех дузар нисделла хила тарло пилотийн бехкана а, дIахьедора анонимехь Lenta.ru гIирсан хьасташа. Экипажо йагорг бакашчуьра ара ца кхоьсинера, вертолетан йозалла лахйан. Цул совнах, лара деза кхузахь, хIора пассажирехь мохь хилла хилар а – герз а, тIеман барзакъ а доцург, дораха эцна дуккха а хIирийн къаьркъа а. Эскархошлахь чIогIа даьржина дара и къаьркъа, йаздо ресурсо.

Делахь а, оцу версин а критикаш бевлира. Ми-26 кеманчохь магийна йозалла йу 56 тонн, дийцира журналисташка шен цIе къайлахьа йаьхьначу Моздокера пилото. Ша вертолет 30 тонн ду, 147 пассажирца а, церан хIуманашца а кхин а 15 тонн, йагорг йутту бакаш ах бен йуьзна ца хилла – иза пхи тонн, царех шиъ ах йегира кема гIаьттинчул тIаьхьа.

"И бохург ду, йерриг а 47,5 тонн хилла. Кема тIехдуьзна дара бохург- бакъ дац. Дуьххьара Нохчийчохь хиллачу тIамехь борт тIехь оьцура оха 200 стаг. Цхьа а хIума ца хуьлура", - дийцира пилото.

Доьхначу Ми-26 кеманчохь хилла, дийна биссинарш Ханкалара тIеман лазартнехь бу. 2002 шо, марсхьокху-бутт
Доьхначу Ми-26 кеманчохь хилла, дийна биссинарш Ханкалара тIеман лазартнехь бу. 2002 шо, марсхьокху-бутт

Кхелаш

2003-чу шеран лахьан-баттахь Моздокера вертолетан полкан командирана, полковникна Кудяков Анатолийна кхо шо хан кхайкхийра ледарло йалийтарна а, беракеманахь дIасалеларан низамаш дохорна а. Кхелана хетарехь, цуьнан куьйгакIел болчара таллам бан безаш хиллера Ханкалара аэродромна уллохь, ткъа охьадоьжна Ми-26 кема, инструкцица а догIуш, Ми-24 шина беракемано улло даьлла, лардеш дIадахийта дезара.

Шена дохку бехкаш тIе ца дуьтура Кудяковс – цо а, цуьнан адвокато а тоьшаллаш дора, командир низамашца лела бохуш. Талламбар эскархойн декхар ду, пилотийн дац, бохура цара, ткъа Нохчийчоьнан йуккъе доьлху кеманаш бен дац кхечу кеманаша дIакхетон дезаш. ХIетте а, бехк полковникна тIехь битира, амма тIаьхьо амнисти йира цунна, цо бахарехь, лаккхарчу дарже хIоттийра.

2004-чу шеран оханан-баттахь велла дIаваллалц набахтехь йаккха хан туьйхира Джантемиров Доккина – Ростов-мехкан кхело бехке лерира иза тIеман министраллин беркаменна тIелатар дар вовшахтохарна.

Талламан версица, операцихь дакъалаьцнера кхин а кхааммо, царна къаьстина кхел йира. Джантемировс царна лерина зенитан-ракетан комплекс кечйина бохура, тIелатар видео тIе дIа а йаздеш.

Бехкевечо кхелехь дIахьедира, шегара мукIарло даьккхинера "пIендарш кегдина, жаннаш тIе а йиттина".

Официалан версица, тоба вовшахтоьхнера Мациев Султана, Хаттабан тобанхошлахь хиллера иза, цул тIаьхьа ша нах вовшахтоьхнера цо. Цуьнан аьтто хиллера Салаватов Шамсутдин а, Хабибулаев Висхан а йукъаозон, царна ахча латтадора Басаев Шемала, дIахьедира прокуратурехь. 2021-чу шарахь Басаевс зенитан-ракетийн комплексаш ийицра церан тобанна лерина, Джантемировна гIоьнна дIа а кхачийнера уьш.

2002-чу шеран марсхьокху-баттахь Ми-26 дохорна Мациевна а, Салаватовна а бевлла дIабовллалц набахтехь такха хенаш туьйхира Хабибулаевна колонихь даккха 13 шо. ТIаьхьо кхин а тIе бехкаш дехкира царна Ми-8 шинакемана тIелатар дарна (2022-чу шеран гIадужу а, лахьанан а беттанашкахь), хIетахь 13 оьрсийн эскархо вийра.

Шаьш, Оьрсийчоьнан Iедалхоша ма-аллара, террорхой дац, шаьш Ичкерин маршонехьа тIемаш бен тIемалой ду аьлла, билгалдаьккхира бехкебечара. Цунах лаьцна дIахьедира хIетахь Ичкерин президентан Масхадов Асланан векало Вачагаев Майрбека а. Кремль бертан дийцарш дийца кийча хилчхьана совцор долуш ду тIеман беракеманна ден тIелатарш элира цо.

Нохчийчохь хIаллакхиларан бахьанаш

Ми-26 кеманан минус ду, мохь кхоьхьучу салонна бухахь хилар цуьнан йагорган аппаратура – кема духучу далахь а дийна висса хало ду, боху Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь "Мемориал" Центран урхаллин декъашхойх волчу Черкасов Александра. Ми-26 беракеманан пассажир хилла ву иза Оьрсийчоьно Нохчийчохь тIом болийначу заманчохь а, цул тIаьхьа а.

"Товш кема ду и, доккха а ду, цу чохь тийна хуьлу, лергаш ца лозу, дуккхаъ нах цу чу тарлойла ду. 2003-чу шарахь иштачу вертолетчуьра Читан кIоштахь цIераш йойучу хенахь видеош йохуш хилла сан доттагIий а, белхан накъостий а белча къевлинчу йаьшканаш чохь дIабоьхкира. Вертолет Ханкалахь минех йуьзначу аренца охьахар лерича, шансаш кIезиг йара цигахь", - дийцира Черкасовс Кавказ.Реалиин корреспонденте.

Ми-26 кеманчохь бу арахьарчу пачхьалкхашкара баьхкина журналисташ. Китайна долчу дозана гена йоццучу Цугол эвлара тIеман Iаморех дийца баьхкина уьш
Ми-26 кеманчохь бу арахьарчу пачхьалкхашкара баьхкина журналисташ. Китайна долчу дозана гена йоццучу Цугол эвлара тIеман Iаморех дийца баьхкина уьш

Нохчийчохь шина а тIамехь Оьрсийчоьнан тIеман министраллин авиацина эшам хилла 73 беракемана а, 20 кемана а – оцу шерашкахь хаамийн гIирсаша бинчу хаамашкахь йаздина ду и терахь. Официалехь зераш тIечIагIдина дац. Оцу хеначохь дохийна 50 беракема а, мел кIезиг а 14 самолет а. Дисинарш – аварийн: 22 беракема а, 6 самолет а.

Оьрсийчоьнан Нохчийчоьнца хиллачу тIамехь тIеман беракеманаш а. самолеташ а чуэгарх дуьйцучу Черкасов Александра билгалйаьккхира коьртачех кхо фактор: советан заманара схьа дуьйна йиссина техникан дикалла. Цунна жимма модернизаци йинехь а, оцу кеманех дукха пайдаэцна хиларна, Черкасов тешна ву, уьш доха лаккхара кхерам болуш ду аьлла.

Хен санна Iуьллура инарла – цуьнан компанихь маланза вара особист а, политрук а

Пилотийн квалификацино а лецира доккха дакъа, тIетуху цо. Къамелдечо дагалоьцу, бахархойн кемалелорхойн корматалло Iадийнера ша бохуш. Беракема лоххахула дуьгура цара, диттийн генех хьакхадаланза а дуьссуш. Бахархойн беракема лелочу пилотийн алапа лоьзна дара цара кема лелочу сахьтех, цундела зеделларг дара церан. ТIеман кеманхойн кема хехкар кIезиг нислора – урхалло йагорг кхоайора. Цул совнах, тIеман министраллин пилоташна меттиг ца йевзара, амма карта лелон хаьара, ориентирашца лелара уьш, боху Черкасовс.

Авиаци ларйаран мехала фактор йара, цо бахарехь, шайн куьйгалле "хIан-хIан" ала экипаж кийча хилар.

"Цхьана инарлица а, иза дIасалело улле бевллачаьрца а беркаманахь Ханкала вахара со. Инарла Iуьллуш вара хен санна, цуьнан компанихь маланза вара "особист" (НКВДн лерринчу декъан белхахо. – Редакцин билгалдаккхар) а, политрук а. Дохк гIаттарна Моздокехь кема охьадоссон деза пилото аьлча, инарла дуьхьал вара, цуьнца цхьаьна хиллачех цхьаъ гIуллакх къастон а вахара. Амма летчикаш маланза бара, шайчунна тIера ца бовлура уьш, Моздокехь охьадуьссира тхо. Инарлана дуьхьало йийр йолу могIарера эскархой дукха бевзий хьуна?", - билгалдоккху Черкасовс.

Украинана дуьхьал тIом

Официалехь тIеман министраллин зераш дац Украинана дуьхьал бечу тIамехь Оьрсийчоьнан авиацин хIаллакйинчу техникех а.

Кху шеран чиллин-баттахь Британин тIеман буьйралло хаамбира, Оьрсийчоьнан мел лахара а 13 кема хIаллакхилла аьлла. Оццу британхойн Дуьненайукъарчу стратегин талламийн институтан рапортехь дIахьедора 88 беракема а, 84 кема а дохийна бохуш.

Украинхойн армино дохийна 70 сов оьрсийн тIеман кема, зазадокху-баттахь дIахьедира америкахойн инарлас, Европехь а, Африкехь а тIеман-хIаваан ницкъийн куьйгалла дечу Хеккер Джеймса.

Йиллинчу хьасташкахь Украинехь йинчу анализехь дуьйцу, Оьрсийчоьнан армин оцу йоллучу хеначохь 203 беракема а, самолет а хIаллакдина бохуш. Оцу тептарехь тIемашкахь дохийнарш дийцина ца Iаш, хьахийна шен Оьрсийчоьнан дозана тIехь эгнарш а.

2022-чу шеран гIадужу-баттахь Оьрсийчоьнан тIеман министралло хаамбира, чиллин-беттан 24-чуьра схьа дуьйна техникан бахьанашца йа пилотийн бехкашца ши беракема а, кхоъ доккха кема а, бомбанаш йетта кема а доьхна аьлла. И йоллу авареш Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь хилла йу боху.

Уггар а йоккха катастрофа хилира гIадужу-беттан 17-чохь Ейскехь – Су-34 кема охьадоьжнера хIетахь масийттазза тIекIелдинчу, нах бехачу цIийнан уьйтIахь. Дага дуьйлира кема. Пилоташ аралелах кхиийра, делахьа велира меттигера 16 вахархо – царлахь ворхI адамах лаьтта боккха доьзал бара, дарбанан цIийнехь йелира йалх шо долу йоI чиллин-баттахь. Мел кIезиг а 28 стагана зенаш хиллера.

Официалехь кема дожаран бахьана лерира мотор чу ши хин олхазар эккхар.

ТIом болабелчхьана къилбехь хиллачу Оьрсийчоьнан авиацин аварех пхоьалгIа йара Ейскехь хилларг. ГIадужу-баттахь Ростовн кIоштахь цхьана дийнахь-бусий кхин а ши кема дуьйхира: Морозовскан кIоштахь бомбанаш йетта Су-24 а, Миллеровскан кIоштахь Су-25 штурмхо а. ТIеман декхарш кхочушдан доьлху кеманаш дара уьш, йа Iаморша дара дIахьош – хууш дац. ТIеман буьйранчаша Су-25 дожарх хаийтира – церан зерашца, бахьана хила тарлора техника галйалар.

ХIетахь дуьйна кхин шозза кема доьжна къилбехь, официалехь тIе а чIагIдеш.

Товбеца-беттан 17-чохь, ГIирмин тIайна тIелатар динчу дийнахь, Ейскера пляжна уллохь чудеара тIеман Су-25 беракема. МогIарерчу бахархойх цхьа а вийна-лазийна вац, пилотан кIелхьаравала аьтто баьллера, амма парашютан муьша йукъахь висина, велира. ТIеман министраллин информацица, авари хиллера кеманан мотор галйаьлла.

Марсхьокху-баттахь Краснодар-махкахь чудеара тIеман Л-39 кема, цхьа стаг велира – Майкопера дешаран авиаполкан полковник Гуров Вадим. Билггал бохам стенгахь хилла, хууш дац, тIеман министралло хаамабарехъ, аэродроман декъа тIехь хиллера и. Бахьанаш къастош ду.

Кавказ.Реалиин сайто йаздарца, 2022-чу шеран чиллин-баттера схьа дуьйна Оьрсийчоьнан кеманаш а, беракеманаш а хьалхачул а кест-кестта доха дуьйладелла. ТIом боьдучу цхьана шарчохь эхашарчохь техникан проблемашца йа пилотийн гIалаташ бахьанехь мел лахара а исс техника йоьхна. 2020-чу а, 2021-чу а шерашкахьчул а алсам. Делахь а, тIеман хенахь Оьрсийчоьнан авиацица долу хьал кхин тIе а телхина догIу бохуш, чIагIдойла йац, боху Израилан тIеман аналитико Шарп Давида.

Оьрсийчохь катастрофаш хуьлуш гIалаташ кест-кеста нисло олийла ду, амма билггал статистика ца хууш жамIаш дан мегар дац

Цуьнан дешнашца, бохам хиларан тIегIанех кхеташ хила, маса кема охьадоьжна хиъна ца Iаш, хууш хила деза маса сахьтехь лелийна кема. ЖамIаш дойла йу, нагахь санна, масала, Оьрсийчохь билгалйаьккхинчу кхечу пачхьалкхехь а санна, Оьрсийчохь а оццул авареш хуьлуш йелахь. Делахь а, йиллинчу хьасташкахь оцу кепара хаамаш бац, хиллачу бохамех лаьцна боцурш а санна. И дерриг а тIеман министралла "къевлина" хиларна ду.

"Оьрсийн тIеман Iалашонашца кеманаш гIиттор наггахь бен ца хуьлу, кхузахь адамаллин фактор йу. Амма, схьагарехь, техника а, пилоташ кечбар а башха дика дац цигахь. Цундела гуш ду, бохамаш хуьлу гIалаташ Оьрсийчохь сих-сиха нисло", - элира Шарпа.

Изза бохура хьалхо бакъоларйаран "Гражданин. Армия. Право" организацин куьйгалхочо Кривенко Сергейс а. ТIеман гонашкахь коррупцин эффект хилар билгалдаьккхина ца Iаш, пилотийн корматалла ледара хилар а хьахийра цо. Украинхойн ПВОн жигаралла бахьана долуш кеманаш лаххахула даха дезаш ду, пилоташа дукха хьолахь тоькан серех хьекхадо кеманаш, кхетийра тIеман аналитико Михайлов Кирилла.

Амма Черкасов Александра билгалдаьккхира, экипаж ледара кечйина хилар цхьана Оьрсийчоьнах хьакхаделла ца Iа аьлла.

"Киевн кIоштахь хиллачу авиабохаман талламан жамIаш довзийтинера дукха хан йоццуш, цигахь беллера МВД-н эпсарш. Къаьстинера, халачу хьелашкахь кема лелон ледара кечйина экипаж йахийтина хилар. Амма Украинех лаьцна вайна кIезиг хаьа, церан техника Оьрсийчохьчул а кIезиг хиларна хир ду и. Вуьшта, украинхойн пилоташа эвакуаци йора Мариуполера, оьрсийн эскарша оккупаци йечу заманчохь", - дерзийра Черкасовс.

  • Краснодар-мохк аннекси йинчу ГIирмица бузу ГIирмин тIайна шолгIа а тIелатар дира Украинан тIеман ницкъаша. Оцу дийннехь Ейскехь шолгIа а чудеара тIеман кема - адамаш долчу пляжана гена доццучохь хIорда чу доьжнера и. ТIай дохорна Кубанехь дуккха а чакхармашкахь раьгIнаш хIиттинера. Iедалхоша хаамбира кхерамзаллин барамаш шаьш чIагIбина аьлла, цара дехар дира туристашка Украинан оккупаци йинчу дозанашкахула дехьадовла бохуш. Краснодар-махкана оьший-те кест-кеста хуьлучу бохамашна кийча хила, садаIа баьхкинарш кхера стенна ца ло кеманаш чуэгарх, листира Кавказ.Реалиин сайто.
  • Товбеца-беттан 28-чохь Таганарога йуккъехь ракета иккхира – Украинаца дозанехь йолчу Ростовн кIоштахь йу и гIала. Беллачех хаамаш бацара, делахь а, Оьрсийчоьнан къилбехь 2022-чу шеран чиллин-баттера схьа дуьйна хиллачу тIелатаршкахь, цигахь зенаш хилларш алсам бара. Лоьрийн гIо ийшира 22 стагана. Кавказ.Реалиин редакцино дийхира тIеман эксперташка, оцу тохаран тIаьхьенан мах хадабе аьлла, къамел дира меттигерчу жигархошца тIамна йуккъехула тIелетарш хиларна адамийн дог-ойла муха йу хьожуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG