Леррина оьрсийн къомахчу я Оьрсийчуьра орамаш долчу талорхошна оьрсийн маттахь йозанаш детта Малхбузерчу туьканашкахь а, хьешийн цIеношкахь а церан долахоша, хIума лачкъор дихкина хилар а, хIора а хIума лачкъор Iедале доккхур хилар а дIахьедеш.
Германехь а, Испанехь а, Италехь а, Австрехь а уггаре белхан меттигаш алсамйолучех бу оьрсийн маттера меттигерчу матте гочдархойн болх, хIунда аьлча хIора денна аьлча санна оьшуш нисло и мотт буьйцу нах полицино Оьрсийчуьра талорхой лаьцча я кхелехь Оьрсийчуьра орамаш долчу нехан дов хоттучу хенахь.
ХьастагIа интернетехь шуьйра дийцаре даьккхира Испанерчу цхьана туьканахь дIатоьхна хилла дIахьедар. „Лераме эцархой! ХIума лачкъор дихкина ду низамца".
"ХIора а къу, цо дина къола мел жима делахь а, полице дIалуш ву“- аьлла яздина дара цу дIахьедар тIехь. Кхеташ ма-хиллара, кхин цхьанна а кхечу къомахчу туристийн маттахь яздина дацара цу туькнахь иштта йоза, оьрсийн маттахь бен.
Туркойчохь а, Италехь а садоIуш болу Оьрсийчуьра цхьаццаболу хьеший а бовлу кест-кеста криминалечу леламашца гIар. Иштта, Римини гIаларчу дуккхаъчу хьешийн цIеношкахь пеношна тIехь дIадиттина йозанаш ду, оьрсийн маттахь яздина.
„Лераме хьеший! Лоьмарчуьра пхьегIаш а, тударгаш а, халат а шайца дIадахьа магийна дац. Уьш лоьмарчохь лелон делла ду“ я „Лераме хьеший! Буьйсанна 10 даьллачул тIаьхьа маьхьарш ма хьекхахьара аш! Шайн нехаш учи чу охьа а ма кхийсахьара аш“ аьлла яздина ду царна тIехь.
Интернетехь хьовха, ур-атталла оьрсийн коьртачу телевизионан керланашкахула а чекхъелира хьастагIа туркойн махкахь шаьш садоьIна цIабоьлхучу хенахь чамдеш юьззина отел чура лечкъийна гатнаш а, тударгаш а, къаьркъанаш а, ур-аттала кехат а, стоьмаш а эцна баха кечбелла гучубевлла оьрсийн мехкарий.
Ткъа цул тIаьхьа масех де далале иштта гIарделира зудий-майрий, иштта шайн тIоьрмигаш а, чамдеш а юьззина хьешийн цIийнара юург-мерг а лачкъош гучудаьлла долу. Цул тIаьхьа, ала дашна, Туркойчуьрчу отелаш шога даькхина Оьрсийчуьрчу хьешашна тIехь терго яр.
Германехь а, Австрехь а нисло Оьрсийчуьра туристаш а, Оьрсийчуьра цу шина махка баха схьабаьхкина нах а кест-кеста криминалечу хроникийн турпалхой. Наг-нагахь беламе а хуьлу и хроникаш мелла а. Иштта кIирандийнера оршоте йолчу буса 4 оьрси цхьана буса шозза къола дан чуваьллера Терезиенфелд олучу жимчу гIаларчу цхьана киоскана.
Цкъа хьалха буса кхозлагIчух ах даьлча неI йохийна цу киоскира чуьра къаьркъа а, цигаьркаш а лачкъийна дIавахана волу и виъ сахуьлучу хенахь шаьш даьхьнарг дIамелла ваьлча юхавирзинера шаьш талор динчу метте. Юха а чу а ваьлла, къаьркъа а, кхалла хIума а лохуш уьш цу чохь бохкуш, царех цхьанна тартеснера.
Маршо Радионе Лахарчу Австрерчу полицин декъехь бинчу хаамца, уллехула тIехволу цхьана меттигерчу вахархочунна гинера и сурт. Цо Iедалхошка дIа а аьлла, полици схьакхаьчча, кхо оьрси веддера, веалгIаниг, тар озийна хилларг, лаьцнера Iедало. Цо даре динчул тIаьхьа важа кхоъ а сихонца схьакарийнера полисхошна.