ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Транспортан министран даржера шен да хийцина Кадыровн йишин кIанта


Черхигов Адам
Черхигов Адам

Нохчийчуьра транспортан а, зIенан а, терахьаллин кхиоран а министр хIоттийна Черхигов Адам – хIинццалц схьа 2007-чу шарера схьа дуьйна оцу даржехь вара цуьнан да Черхигов Рамзан. Кадыров Рамзанан йиша Зарган цуьнгахь йу. Ша "къона велахь а", болх бина дуккха а зеделларг долуш ву иза, хастийна шен йишин воI мехкан урхалхочо.

Черхигов Адам дарже хIотторах хаамбира республикин керлачу премьер-министро Даудов Мохьмада. Ша "похIма долу куьйгалхо" хилар дIагайтина цо школазхойн дешаран комитетан куьйгалхочун даржехь волчу хенахь, цул а хьалха - Шейх Заедан цIарахчу фондан коьрта директор хилла ву иза, дIахьедина Даудовс. Оцу фондан ахчанах, доккхачу декъана, хьаладина ду Соьлжа-ГIалара Путинан проспектера цIенош - дина а довлазчу цIенош чуьра петарш йухкуш йара квадратан метарх 59-65 эзар сом а доьхуш.

2022-чу шеран марсхьокху-баттахь хIоьттира Черхигов Адам школазхойн дешаран комитетан куьйгалле. Ахшо даьллачу хенахь хIетахь премьер-министр хиллачу Хучиев Муслимана хьалха дIахьедира цо белхан Iаламат дикачу жамIех. ХIетахь виц ца велира иза шен ненаваша хьахон а – Кадыров Рамзана "леррина терго латтайо" школазхойн дешаран система кхиорехь, дIахьедира цо.

Черхигов Адам – Кадырова Зарганан кIант ву, мехкан урхалхочун йишин. Цуьнан да Черхигов Рамзан ца хуьйцуш 17 шарахь латтийра транспортан министр. Цуьнан керлачу белхан меттигах лаьцна йа Даудовс а, йа ша Кадыровс а хаам бина бац.

Нохчийчоьнан Iедалан органашкахь хийцамаш бен бутт сов хан йу. Кадыров Рамзанан 18 шо долу кIант Ахьмад спортан министр хIоттийра, ткъа шен гIовсаш бира цо Даудов Мохьмадан кIантах а, кхин а цхьана Кадыровн уллорчу гонера Делимханов Адаман вешин кIантах а. Кегийрхойн гIуллакхашкахула министран гIента хаийра 20 шо долу Висмурадов – Кадыров Рамзанан нуц, вице-премьеран Висмурадов Абузайдан кIант.

  • Оьрсийчоьнан низамаша доьхкуш ду пачхьалкхан даржашка гергарнаш хIиттон, делахь а Нохчийчоьнан куьйгалхочо (дуьххьара а дац) тергамза дуьту и дозатохар.
  • Нохчийчуьра йасакхан урхаллина тIехь оперативан контроль латточу декъан куьйгалле хIоттийра 22 шо долу Висмурадов Абу-Райд. Махкара вице-премьеран, Кадыров Рамзанца цхьана школехь дешна, цуьнан уллорчу нахах волчу Висмурадов Абузайдан вешин кIант ву иза,
  • ХIинца регионан куьйгаллера 23 даржах йалх дIалаьцна Кадыровн бераша а, невцарша а, кхин а пхиъ – кхечу гергарчара а, йуьртахоша а. Москвано бIаьргаш хIунда хьаббо оцу низамаш дохорна, муха болх беш йу республикера Iедалан система, Кадыровн гергарчарна хьалхара болх а хьан бийр бу, хаьттира Кавказ.Реалии сайто эксперташка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG