Цхьаьнатоьхначу Штатийн керла президент Трамп Доналдс президентан даржан архаш караэцна бутт ца баьллехь а, ша президентан кампани дIахьочу заманехь дийцинарг кхочушдан дагахь вуйла дIахаийтина, масех низам юкъа а даьккхина.
Цу низамех ду масала 7 бусалбачу пачхьалкхара нах чубитар ханна доьхку низам а; Iамеркан а, Мексикан а дозанна тIехь пен хьалаботта низам а; Iамеркан корпорацешна эвсара болхбарна дуьхьал долу низамийн терахь лахдар а.
Иштта, президентан харжамийн дебаташкахь цо маситтаза хьахийра ша Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир лору, аьлла. Амма масех де хьалха Путинца телефонехула хиллачу къамелехь Трампа багахь ца даьккхира Оьрсийчоьнна дуьхьал юкъаяьхна санкцеш ша дIайохур ю, аьлла.
Мелхо а, цул тIаьхьа Украинан президентца къамел деш, Iамерк Украинан накъост ю, Минскехь бина барт кхочушбаллалц санкцеш дIа я йохур яц, аьлла тIечIагIдира Трампс.
Цунах там хилла Iаш болу Iамеркан политикаш инзарбохуш керла интервью елла Трампс Фокс Ньюз Каналана, шен Путинах йолу дог-ойла дIа а йовзуьйтуш. О’Райли Биллс шега, ахь Путина лорий хаьттича, ас иза лору, аьлла жоп делира Трампс.
ХIунда лору ахь иза, аьлла шега тIехаьттича, ишта жоп делира Трампс: “Ас дуккха а нах лору, амма иза со цаьрца тарлур ву бохург дац. Иза шен мехкан куьйгалхо ву. Ас боху вайна Оьрсийчоьнца тарледча тулу.
Оьрсийчоьно вайна ‘ДаIишана’ дуьхьал гIодахь, Исламан терроризмана дуьхьал болчу къийсамехь гIодахь, иза дика хIума ду. Ткъа тарлур вуй-техьа со цуьнца, суна аьттехьа а ца хаьа цунах дерг”.
Цул тIехь О’Райли “Путин нах байина стаг ма ву”, аьлла, юкъагIоьртича ишта жоп далийра Трампс:
"Нах байина нах дукха бу, хьуна вайн мохк сел бехкбоцуш мохк бу аьлла-м ца хета?"
Хаттарх тера долчу цу дIахьедаро гIовгIа эккхийтина Iамеркан политикашлахь, Трампана дуьхьал цхьабосса оьгIазло а гIаттийна цуьнан партин накъосташлахь а, демократийн партин векалашлахь а.
Сенатан дуккхаллин куьйгалхо волчу республиканхочо МкКоннел Митчас СиэНэНе дIахьедира Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а лелар тера дац, ша Трампс пайдаэцна дешнех пайда оьцур бацара, аьлла. МкКоннелс, “Cо президенто мел олучунна критик ян дагахь вац. Гарехь, сан цу хаттарх болу хьежам кхечу тайпа бу,” аьлла тIетуьхира.
Демократ волчу Калифорнерчу конгрессмено Шиф Адамо Трампан дIахьедар харц ду элира. “ХIара шозлагIа ду Трамп Путин киллер ву бохург харцдеш цунна тIехIоьттина а, Iамерк цхьанна а агIор диках пачхьалкх яц, бохуш. Иза коьрто дIа ца лаццал тамаше хиларал сов харц ду. Цунна ца го цу кепара комменташа де зе а, оьрсийн пропагандана ша де совгIат а,” аьлла дIахьедира Шифс.
Цхьаболчу тергамчашна Трампс Путинца дешнийн тIекарло лелорехь го Оьрсийчоьнан а, ГIажарийчоьнан а юкъаметтиг талхоран Iалашо. Цунах коммент еш, иштта элира Оьрсийчоьнан арарахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс:
“ХIаъ, тхуна хезна ГIажарийчоьнан хьокъех критике дIахьедарш, амма суна коьртаниг хеза, гуттар коьртачунна тидамбан а хьожу со: Доналд Трампс харжамийн кампани дIахьочу хенахь а, харжамаш чекхбевллачул тIаьхьа а, президентан дарже ша хIоьттинчул тIаьхьа а, бохура коьрта кхерам дуьненаюкъара терроризм ю, коьртачу декъана Исламан Пачхьалкх шех олу тоба.”
Ала догIу, Трампал хьалха президент хилла Обама Баррак а гIоьртира шел хьалха хилла президент Буш Джордж хийцинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтиг то а йина, керлачу тIегIане яккха.
Амма Украинехь иккхинчу тIамо а, ГIирмана йинчу аннексино а цу шина пачхьалкхан юкъахь кеста юкъаметтигаш толур ю бохучунна догдохуш политикаш кIеззиг битнера Iамеркахь а, дуьненахь а.
ТIаьххьарчу хенахь Iамеркан политикийн Путине болу цабезам тидаме эцча, Трампе шина пачхьалкхан юкъаметтигаш тоянлур ю бохучух теша хала ду, мел чIогIа шега и данлур аьлла цунна хетахь а.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832