ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Царех хьогу":Кадыровн кӀанта хIунда йихкина нохчийн латархошна поп- ММА


Кадыров Ахьмад
Кадыров Ахьмад

Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долчу кӀанта, республикан спортан министро Кадыров Ахьмада а шен махкахошна дихкина поп-ММА-н латаршкахь дакъалацар, иза "тӀаьххьара дIахьедар" хилар билгал а доккхуш. Шу ца кхетахь, "кхи тайпа барамш" тIеоьцур бу, элира кхиазхочо. Цул тӀаьхьа цхьа де даьлча, цо кхерамаш тийсира шена критика йеш болчарна "шайн бала боцчу гӀуллакха йукъа ма гIерта" аьлла. Кавказ.Реалиин редакцино теллира, стенна бу Соьлжа-гӀалахь сил реза боцуш нохчаша поп-ММА-хь дакъалацарна.

Поп-ММА — латаран шоу йу, латарехь дакъалаца аьтто бу говзанчийн а, корматалла йоцчу спортхойн а. Кест-кеста гӀарабевллачу наха а, артисташа а, блогерша а – дакъалоцу цу латаршкахь. Церан латарш дукха хьолехь, видеосервисашкахь гойтуш хуьлу, масала, YouTube-хь.

Поп-ММА проект кхоллайелира Оьрсийчохь 2000-гӀа шераш дуьйлалуш, Хьалхарчу каналехь дIа а гойтуш; хьовсархошна гайтира шина минотехь кхаа раундан форматехь латарш, дакъалоцуш бара цу шерашкахь цӀейаххана нах, къаьсттина Джигурда Никита, Запашный Эдгард, рэпер Серёга, Пельш Валдис.

Церан динца магийна дац латарш а, нахана хьалха бедар йоцуш лела а, амма цара иза леладо

ТӀаьхьо чIогIа гӀарайелира YouTube-хь блогершца а, шайна юкъахь Нохчийчуьра а латархой а болуш "Битва за хайп" цӀе йолу шоу. Масала, 2018-чу шарахь республикера вахархочун Тамаев Асхьабан а, Марвин Филиппан а латаран видеога таханалерчу дийнахь хьаьжна 17 миллион сов стаг.

ТӀаьхьо Тамаев ша а хIоьттира Hype Fighting Championship кхоьллинчарех цхьаъ. Цу организациc вовшахтуху реалити-шоу а, пресс-конференцеш а, боьха къамелаш деш девнаш а, миллионашкахь хьажархой хуьлу церан. Цигахь дакъалоцучарна йукъахь бу Къилбаседа Кавказера дуккха а латархой, масала гӀарабевллачех бу Носаев Мухьаммад а, Чурчаев Шовхал а, Эмиев Ӏарби а - уьш а бу Нохчийчуьра схьабевлла нах. Наггахь цигахь дакъалоцуш хуьлу UFC-н латархо, Кадыров Рамзанан уллера накъост Чимаев Хьамзат а.

Хетарехь, поп-ММА-н цIармата леларш ду къоначу спортан министрера кхерамаш тийсаран бахьана. Амма Кадыров Ахьмада билггал цӀераш ца йаьхна, цундела хууш дац дӀахьедарш ма-дарра хьанна хьажийна ду. Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен кӀентан дӀахьедарна гӀортор йира, цуьнан публикацина шен телеграм-каналехь репост а йина.

Кхерамаш тийсаран хронологи

Нохчийчоьнан куьйгалло поп-ММА-хь дакъа ма лаца бохуш, кхайкхамаш бен масех шо а ду. 2021-чу шарахь республикан куьйгалхочун вешин кӀанта Кадыров Хьамзата, ша регионан спортан министр волуш дIахьедар дира, шен махкахоша поп-ММА-хь дакъалоцур дац, и турнираш къоман Ӏадаташца а, ламасташца а йогӀуш ца хилар бахьана долуш. Альтернатива санна, латархошна кховдийра алсам профессионалан UFC а, Bellator а, ACA а латаршкахь дакъалацар.

2022-чу шеран марсхьокху-баттахь республикин рогӀерчу спортан министро Эдиловс, меттигерчу Iедалхойн цхьанакхетар вовшахтуьйхира Тамаев Валидца а, Носаевца а, Чурчаевца а, иштта кхин болчаьрца а. Цо дӀахьедира, нохчий "даима а къаьсташ хилла шайн лакхарчу оьздангаллин культурица а, шайн дайшкара ламасташца лерамечу хьежамашца а, царех дӀахадар мегар дац аьлла".

2023-чу шеран лахьан-баттахь рогӀерчу спортан министро Ибрагимов Ӏийсас йуха а бехк баьккхира гӀарабевлачу спортхошкара- блогершкара. Цу хенахь Ибрагимовс тIе кхайкхира Тамаев Асхьаб а, Эмиев Ӏарби а. Цара, министро дийцарехь, дош делира, кхин "нохчашца догӀуш доцчу гайтамашкахь" дакъа лоцур дац аьлла

Вайн куьйгалхой а бу, нохчийн оьздачу вастаца ца догӀург лелош

2023-чу шеран гIура-баттахь Кадыров Рамзана а йовзийтира поп-ММА-н декъашхошкахьа шен йолу дог-ойла. Цо дӀахьедира, нохчийн халкъан мехаллаш шеконе йохкучу республикерчу спортхошца а, блогершца а "шога болх" бан беза аьлла.

ХӀинца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кӀанта поп-ММА-на йинчу критикана тIетайна Чимаев Хьамзат а, профессионалан латархо, карарчу хенахь АCА-н йайчу йозаллехь чемпион волу Абдулвахабов Ӏабдул-Ӏазиз а. ТӀаьххьарчо дӀахьедира: "Со чIогIа реза ву Кадыров Ахьмада дуьйцучунна... Цунна хаьа дерриг а муха хила деза, иза нийсачу новкъахь ву".

Шен поп-ММА кхоьллинчу пиар-менеджеро Буланова Натальяс билгалдаьккхира, нагахь санна, нохчий Соьлж-ГӀаларчу кхайкхамна тӀаьхьахӀиттахь, иза проектан боккха эшам хир бу. Амма, дукхах долчу декъана, иза а реза хилира Кадыровн кӀентан дӀахьедаршна.

"Иза данне а дац кавказхойн спортхойн менталитетаца догIуш –цигахь нислуш йолу и маьттазалла, летарш, сийсазаллаш. Вуьшта а, нагахь вай кIорггера дийцича, церан дино дихкина ду дегIана цхьалха а ваьлла, летар, амма цара и хIума лелош ду", - элира Булановас "Подъем" цӀе йолчу интернет-зорбане.

Кхечу кепара шен хетарг, дӀакхайкхо ваьхьаш хиллачу кӀеззигчу нахах цхьаъ вара самбо спортан латарехь 4-зза дуьненан чемпион хилла волу, Bellator промоушенан йозаллин категорехь чемпион хилла волу Минаков Виталий. Цунна хетарехь, хӀораннан а бакъо йу харжам бан, ша мичахь а, муха а дакъалаца мегар ду .

"Кхузахь а, цхьана агӀор поп-ММА-га хьожийла ду, йукъараллехь спорт йоцург а цо цхьа пайда бохьуш бу аьлла, амма пайда кхин дIоггара алсам бац. Вукху агIор хьаьжча - цхьаьннан а бакъо йац хIора стага бина харжам цунна бехка нагахь санна низамаша и дихкина дацахь", элира спортхочо.

Нохчашна тӀехь лаг лаьцна Ӏуналла дар

Нохчийчоьнан Ӏедал социалан машанашкахь шайн махкахойн жигаралланна Ӏуналла дан гIерта дукха а хан йу, ткъа Кадыров Ахьмад и некъ кхин дӀа хьош бен вац. Зазадоккху-баттахь, кегийрхойн гӀуллакхийн министран даржехь волчу хенахь, цо дош делира, интернетехь шайн лелар "нохчийн культурана а, менталитетана а" бӀостане долу республикера бахархой схьа а лоьхуш, цаьрца "кхетош-кхиоран" къамелаш дӀадахьа а.

Амма цу кепарчу дӀахьедаршна тӀехьа ламасташ лардайта гӀайгӀанехь хилар дац, хьагӀ хилар ду. Блогерш гIарабоьвла бу, Ӏедале а ца хьоьжуш, хаъал ахча даккха аьтто хиларна, Iедал реза цахилар ду, бохуш дуьйцу шен цӀе йаккха ца луучу нохчийн спортан журналисто. Цо бахарехь, халкъан бух алсамчу барамехь талхош бу Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзало.

"Керланашка хьажа а эхь хетачу хьоле кхаьчна тхо, хӀунда аьлча, тхайн куьйгалхойн нохчийн бакъдолчу вастаца догӀуш доцчу кепара леларна, цаьрга хьежа ца лууш. Спортхойх дерг аьлча, Соьлжа-ГӀалин урамашкахь хаттарш дича, итт стагана йукъахь иссанна хуар дац гӀараваьллачу латархойх цхьаннан а цӀе йаккха, Чимаев Хьамзат а, боксер Бетербиев Артур а воцург. Амма Тамаев массарна а бохург санна вевзаш ву, Чурчаев йа Носаев санна. Уьш безаш бу бохург дац и! Амма жамӀ гуш ду: кадыровхой цаьрца хьагӀ йолуш бу, хӀунда аьлча, цара шайн аьтто шаьш бина бу, Ӏедалан гӀо а доцуш", - бохуш, кхетадо къамелхочо.

Ларлуш лело деза шаьш дийриг, ультиматумаш а ца хIиттош

Иштта ойла йолуш ву кадыровхоша хьийзор бахьана долуш Оьрсийчуьра дӀавахана нохчийн бакъонашларъйархо Янгулбаев Абубакар а. Цо дийцарехь, республикан Ӏедалхойн аьтто ца баьлла, кхана-лама дикка гIарабевлла хинболу шайн Ӏуналлехь хилла поп-ММА-н латархой кхион.

"Цундела цара сацам бина иза дехка, бусалба динан а, нохчийн ламасташна а тӀе а тевжаш. Царна шаьш ду моьтту коьрта лардархой. Суна хетарехь, шайна тIера дӀадоло дезара цара - оцу Кадыровс а, цуьнан кӀенташа а, цуьнан йоӀарша а. ХӀун бизнес лелош бу уьш, муха бу Ӏедале баьхкина, хӀун леладо цара хӀинца Нохчийчохь халкъана тIехь?" - боху Янгулбаевс.

Цуьнца цхьаьна "Европерчу нохчийн ассамблейн" координатор Дадуев Ӏиса цхьана декъехь реза ву, республикерчу бахархоша поп-ММА-хь дакъалацар бахьана долуш нохчийн мехаллаш йохош хиларх лаьцна Соьлжа-ГIалара динчу дӀахьедаршна.

"Кадыров Ахьмада шен кхерам къастош билгалбаьккхича дика хир дара. Ткъа уггаре дика "таӀзар" дар ас лору Европерчу пачхьалкхашкахь лакхара дешар. ЧӀогӀа дог-ойла а, толам баккха лаам а болчу спортхойн дика аьтто хир бара дешарехь лаккхара кхиамаш баха. Ткъа спорт тӀаьххьарчу могӀарехь йитар гIоле ду, дегӀан ницкъ а, могашалла а латторан гӀирс санна", - элира Дадуевс редакцин журналистца хиллачу къамелехь.

Къоначу министран къамелехь коьрта проблема йу кхерамаш тийсар, билгалдоккху Европехь вехачу нохчийн орамаш долчу спортан тренеро (кхерамазаллин бахьанашца цуьнан цӀе ца йовзуьйту оха).

"Нагахь санна, низам дохийна делахь, низамхоша цу гӀуллакхца болх бан деза. Нагахь санна, ламасташца доьзна делахь, вай кхин а лерина лела деза, сихонца ультиматумаш хIитточу меттана, цу кепара хӀумма а хийцалур дац", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

  • Керлачу скандала йуккъехь ву йуха а нохчийн UFC-н латархо Чимаев Хьамзат: муьлш бу ца хуучу наха цуьнан фанатийн Smash криптовалюта тӀехь миллион гергга доллар даьккхинера. Ша спортхочо реклама йира цунна, амма ахчанан мах охьабаьллачул тӀаьхьа, шен цуьнца цхьа а уьйр йац аьлла, дӀахьедира. Чимаев вевзаш ву Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца дика йукъаметтигаш лелорца, цо гIуран-баттахь спортхошна а, блогершна а дов дира, "нохчийн къоман ламасташ а, мехаллаш а" лар ца ярна. ХӀинца церан юкъаметтигаш карзахъяларе сатуьйсийла юй- те бохуш, толлуш ду Кавказ.Реалии сайто.
  • Нурмагомедов Хьабиб шен даймахкахь, Дагестанехь, халкъан турпалхо цӀейахна, дуьненахь уггаре а вевзачех спортхо ву. 2019-чу шарахь президент Путин Владимир цхьаьнакхийтира цуьнца, амма тӀаьхьарчу хенахь UFC-н чемпионан Ӏедалца йолу йукъаметтигаш галъйаьллачух тера ду: йасакхийн къовсам бахьанехь, цо пачхьалкхана 309 миллион сом ахча дIаделла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG