Москвара "Крокус-Сити Холлехь" йинчу терактаца доьзна бехк кховдийна ГӀалгӀайчура батIалхьаьжин вирдера 4 стагана. Талламчийн версица, 145 стаг а вуьйш, тӀелатар динчу нахана цара герз делла хилла. Бакъонашларъйархойн а, гӀалгӀайн юкъараллин жигархойн а шеконаш йу кху тӀаьхьарчу 20 шарахь гергга Оьрсийчохь хиллачу уггар йоккхачу терактца батIалхьажойн декъашхой бехке бан гӀертарх.
"Исламан пачхьалкх" Афганистанера "Вилаят Хорасан" цӀе йолчу организацин декъо шена тӀелецар и тӀелатар. Иза иштта делахь а, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахой "украинхойн лар" хиларан тоьшаллаш дан гӀерта, цундела хила тарло шеконашца лецначех цхьаъ батIалхьаьжо Белхароев Ильяс. 2014-чу шарахь дуьйна Украинин агӀор Донбассехь хиллачу тӀамехь дакъалоцуш вара, ткъа шен даймахкахь масех гӀуллакхехь бехкевеш ву иза.
Автоматаш а, патронаш а делла?
"Коммерсант" зорбано йаздарехь, терроран тӀелатар дарна хIинца бехкебеш бу 32 шо долу Медов Хусейн а, 23 шо долу Аушев Джабраил а, 31 шо долу Алиев Хаваж-Багаудин а, 27 шо долу Кулаев Батыр а. Дийцарехь, Калашниковн автоматаш тайина, къайлайаьхначу меттигашкахь дӀалачкъийна, координаташ клиенташка дӀакхачийра. Цул тӀаьхьа цу герзаца, тIелатар дина "Крокусехь".
Бехктакхаман гӀуллакхан материалаш тӀехь йаздина ду, автоматашца цхьаьна дӀайелла 68 автоматан ботт а, царех дукхахдерш чохь патармаш а долуш. Оцу хIумано гойту, талламчаша дийцарехь, бехкебечарна хууш хиллийла и герз массо а адамаш дойуш лелор дуйла.
Политикан Iалашонна оьшуш ду – йацахь а "украинийн лар" каро
Карарчу хенахь Аушев а, Медов а лаьцна ву – уьш Москва дӀабигича, цигахь кхело лаьцна латто сацам бира. Цу шимма бакъо йоцуш герз а, патармаш а лелорна бехк тӀелецийра, амма терактца цхьа а зӀе хилар харцдира; Кхин а ши бехкевеш верг – Алиев а, Кулаев а – лехамашкахь ву.
Из-за хаамаш, ницкъаллин структурашна тӀе а тевжаш, зорбане баьхнера Ӏедалехьа йолчу "Известия" а, "РЕН ТВ" а телеканало. ТӀаьххьарчун хьостанаша чӀагӀдо, кхо стаг лоьхуш ву, кхин цхьаъ цу меттехь вийнера, кIелхьара вала гIерташ хенахь. Шина а хаамийн гӀирсо йаздо, Туркойчу а, Украине а дIабахана БатIал-Хьаьжин декъахоша терроран тӀелатарехь дакъалаьцарна толлуш бу бохуш. "112" телеграм-канало бинчу хаамца, буьйцурш бу щичой - БелхароевгӀар Ильяс а, Адам а.
Хаам: БатIалхьаьжойн вежаралла- ГӀалгӀайчохь, динан къастина цхьаъ тоба йу, вежараллан декъашхоша XIX-XX бӀешерашкахь ваьхначу суфистийн шейхан Белхороев Батал-Хьаьжин мурдаш лору шаьш. Республикехь уггаре а доккхачух а, дӀакъевлинчу а йукъараллех цхьаъ ду- 20 эзар кхаччалц агӀончаш а болуш. Оьрсийчохь вирдан декъахошна гӀело йан доладелира Москвахь ГӀалгӀайчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан экстремизмна дуьхьало йечу центран куьйгалхо Эльджаркиев Ибрагим а, цуьнан ваша а вийначул тӀаьхьа. Цул хьалха вийра батӀалхьаьжойн йукъараллин хьалханчех цхьаъ, шейх БатӀал-Хьаьжин тIаьхьенех волу Белхороев ИбрахIим. Цу зуламна тӀехьа лаьтташ Эльджаркиев ву аьлла хеташ бара йукъараллин декъашхой. ТӀаьхьо вежараллан декъахочо Картоев Къурейша мукӀарло дира, ша чIир йоькъуш вийна ву кхерамазаллин белхахо аьлла. 2023-чу шеран чиллин-баттахь ФСБ-но батIалхьаьжойн вежараллин "тӀеман дакъа" террорхойн вовшахтохаралла йу аьлла кхайкхийра.
Нагахь санна, вай йуьйцург низаман пачхьалкх хиллехь, батIалхьаьжойн вирдан а, "Крокусан" а гӀуллакхаш цхьаьна хӀунда тоьхна бохучу хаттарна, щеко йоцуш жоп хир дара: талламаш дӀахьочу хенахь церан дакъаларан зӀе карийна аьлла . Таханлерчу Оьрсийчохь и тайпа жоп далар шеконе дуьллу. Цу гӀуллакхехь батIалхьажой "карор" хила тарлучу бахьанех цхьаъ ду царна "террористийн" васт тIечӀагӀйар, элира Кавказ Реалии редакторшка Къилбаседа Кавказехь болх бечу, шен цӀе йовзийта ца луучу бакъонашларъярхойх цхьаммо.
"Вежараллан "тӀеман дакъа" бен дихкина дац, - дуьйцу къамелхочо кхидӀа а, - амма оцу "дакъан" декъашхойн терахь а, дӀахӀоттам а билгалбаьккхина бац, иза муха бу, шера кхетам бац. И бахьан долуш, кхерамазаллин ницкъашна вуно атта ду муьлхха а вирдан декъашхо, тобан "тIеман декашхо" ву аьлла дӀайазван".
"Украинхойн лар"
"Оьрсийчоьно а, цуьнан ФСБ-н тешамечу жӀаьлеша а лелорг иза -дерриг а Ӏехор а, манипуляцеш йу. Царна бала бац, милл а бехке ван – батIалхьаьжой , йа гӀалгӀай, йа нохчий. Политикан Iалашо йу - "украинхойн лар" схьакаро, иза цигахь йацахь а. ХӀунда аьлча йуьхьанца дуьйна жоьпалла "Исламан пачхьалкх" тобанан овхӀанхойн декъахоша шайна тIеийцира", - элира Белхароев Ильяса редакце.
Дукха хан йу иза шен даймахкахь вехаш воцуш, амма цигахь, цунна дуьхьал масех бехктакхаман гӀуллакх долийна: гӀалгӀайн "Э" центран куьйгалхочунна Эльджаркиевна массийта тӀелатар дарна, Украинийн агIонехь Донбассехь хиллачу конфликтехь дакъалацарн а, Оьрсийчоьнан эскар "сийсаза дарна" хьокъехь.
"Шайгахь хьекъал ца хилар бахьана, низамехь доцу герз эцар- дохкарца ахча даккха гIоьртна уьш, ткъа оцу сохьта террорхошца зIе йу аьлла йазбина", - бохуш, комментари йо Белхароевс шен махкахошна дуьхьал кховдийначу бехкашна. – Цара щайна бехк тIе хIунда лаьцна? "Суна цхьа а маьӀна ца го и дийца а. ФСБ-с лаьцна наха, мукӀарло дан тарло, шаьш Кеннеди [Американ президент] вийна аьлла а".
Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахоша Кремлана гергарчу хаамийн гӀирсашкахула шех лаьцна йуьйцуш йолу информаци бакъдолчуьнца йогӀуш цахилар билгалдоккху къамелхочо. Евробертан цхьана пачхьалкхехь политикан тховкӀело а эцна, кхо шо гергга хан йу иза Украинехь вехаш воцу. Амма, Белхароевна хетарехь, иза хӀетте а хьахийнера талламехь, йеккъа "украинхойн лар" гайтаран дуьхьа.
Къилбаседа Кавказехь нуьцкъалийн белхахоша талламаш муха дIахьо хааро, шеконе дилла деза, лецначара муьлхха а тоьшаллаш дахь а
Иштта цо чӀагӀдора, ша Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, цуьнан Ӏедална а гӀортор йеш ву аьлла дӀакхайкхийначу Туркойчохь вехачу Белхароев Адамца уьйраш латтош цахилар. Цундела, бохуш кхин дӀа а дуьйцу къамелхочо, лаьцна шиъ тӀемалошна герз латторехь дакъалоцуш ву бохург -харц ду.
Цу гIуллакхехь гӀалгӀайн а, федералан ницкъаллин структурийн а хьашташ цхьаьна нисйелла: хьалхарчара дукха хенахь дуьйна тӀом дӀахьош бара батIалхьаьжин вежараллин дуьхьал, шолгӀачарна оьшу "Крокусехь" хилла теракт Украиница а, Малхбузенца а йоьзна хилар тоьшаллаш дан, бохуш дуьйцу Нохчийн блогеро -ГӀалгӀайн орамаш долу Белокиев Исламс.
"Тахана ГӀалгӀайчуьрчу батIалхьаьжин вежаралин хьал дика дац, царна тӀе хӀуъа а "йазадарах", нахана йукъахь йа шайха дог-лазам, йа гӀортор карор йац царна", - билгалдоккху къамелхочо.
"Талламан материалаш хууш ца хилча, вайн хетарш бен дуьцийла аьтто бац. БатIалхьажойн вежараллан а "Исламан пачхьалкхан" а векалша шайн динан бух бицбина аьлла хета, бохуш дуьйцу "Мемориал" центран куьйгаллин декъашхочо Черкасов Александра.
"Хьалхарниг Къадирин тӀарикъатан къаьстина вуно а дӀакъевлина дакъа ду. Суна чIога шеконе хета, тӀарикъатхой а, суфийш а, батIалхьаьжой а санна берш а "Пайхамаран (С.А.С) а, цуьнан сахьабашан заманахьлерчу цӀеначу бусалба динехь" лелаш ду бохучаьрца цхьаьнакхета аьлла. Ма-дарра аьлча, и хила йиш йоцуш ду", - тIечIагIдо бакъонашларъйархочо.
Цо дагадоуьйту, "Крокус Сити Холлехь" теракт йинчул тӀаьхьа, массо а регионийн ницкъаллийн структураша сихонца жигаралла алсам йаккхира, къаьсттина Къилбаседа Кавказехь: ФСБ-но дӀакхайкхийра Дагестанехь тӀелатар кечдеш йолчу шеконца Таджикистанера мигранташ лецарх лаьцна. Хьалхо кхерамазаллин ницкъаша хаам бира; Ставрополехь эккхийтарна дуьхьало йина аьлла, иза а Юккъерчу Азера баьхкинчу хьешаша а кечдина бохуш дуьйцура.
Ткъа ГӀалгӀайчуьра шина вахархочун мукӀарлонан дӀахьедарех лаьцна дуьйцуш, Черкасовс билгалдоккху: мел кӀезга а, 1999-чу шеран гурахь дуьйна, шолгӀа Оьрсийн-Нохчийн тӀом болабелчахьана, нуьцкъалийн белхахоша "террорна" шеконца лецначарна, тӀехь кест-кеста Ӏазап латта до.
"Къилбаседа Кавказехь нуьцкъалийн белхахоша талламаш муха дIахьо хааро, шеконе дилла деза, лецначара муьлхха а тоьшаллаш дахь", - дерзадо къамел бакъонашларъйархочо.
- Зазадоккху-баттахь "Крокус Сити Холлехь" теракт йарца доьзна Дагестанера схьаваьлла пхи вахархо лаьцна вара: Гадоев Шахромжон а, Исмоилов Зубайдулло а, Хамидов Хусейн а, ткъа иштта Солиев Мустаким а, Умеджон а. Царна а бехке дуьллуш ду тӀелатар динчу нахана герз латтор а.
- Кантышевохь а, Наьсарахь а лецарш хилира кхул а кӀира хьалха, марсахьокху-беттан 28-чу дийнахь. Цул тӀаьхьа республикин куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏелас дӀахьедира, меттигера йалх вахархо, Дагестанерчу синагогашна а, килсашна а марсхьокху-баттахь дина тIелатар саннарг дан хьийзаш хилла аьлла. ФСБ-но хаам бинера, лаьцнарш "дуьненаюкъарчу террорхойн организацин" декъахой хиларх лаьцна, муьлхара йу билгал а ца доккхуш. Царах кхоъ терроризмна бехкевина, кхин а кхоъ а оьккхуьйтург лелорна бехкевина. Уьш берриш а лецна талламан дехарца.
- Мангал-беттан 23-чохь Дербентехь масех стага автоматаш йиттира Келе-Нумаз синагогана а, Покровский православин килсана а, гIишлош чохь цIе йелира. Синагоган керташ тIехь Iаьржа басарца терахьаш дитира йаздина - 2:120 а, 8:39 – КъорIана йукъара суранаш ду уьш. "Иудейш а, керста а реза хир бац хьуна, церан дине хьо верззалц", "ТIемаш белаш цаьрца, церан марздалар а, церан Iамал йар а АллахIана лерина хиллалц" аьлла.