ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Церан берашна нохчийн мотт хууш бацахь, "шен командера дабохур бу" хьаькамаш аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан урхалхочо дош делла, церан берашна нохчийн мотт хууш бацахь "шен командера дIабохур бу" ша хьаькамаш аьлла. Оцу дIахьедарца вистхилла иза лахьан-беттан 7-чохь, хаамбина махкара пачхьалкхан зорбанан гIирсаша.

"Вайн командин массо а векалшка вистхила лаьа суна, со шу долчахь хьошалгIахь волуш, сайн бIанакъостийн берашна нохчийн мотт хууш бацахь, аса оцу сохьта командера дIабохур бу убш, цаьрца йоллу зIенаш а хедор йу. ХIаъ, берана оьрсийн, ингалсан а, кхиндолу а меттанаш хаа деза. Амма уггар а хьалха вайн ненан мотт бу вай Iамо безаш", - аьллачу Кадыровн дешнаш далийна "Гррзный-информ" гIирсо.

Нохчийчоьна урхалхочун дIахьедарца доьзна цхьа а дIаваьккхина аьлла цкъачунна хезна дац.

2017-чу шарахь Кадыровс дIахьедира, Нохчийчохь коьрта ши мотт бу – оьрсийн а, нохчийн а аьлла. "ХIора нохчочунна хаа беза ненан мотт, нийса къамел дан, йаздан цу маттахь, нохчийн меттан грамматика а йовза йеза", - йаздира хIетахь мехкан урхалхочо. Оцу йукъанна регионехь цхьа а школа йац беккъа нохчийн маттахь дешар Iамош. "Дукха хьолахь дай-наной дуьхьал хьулу. Бераш кийча дац оцу тIе довла. Жим-жима, сих ца луш дан дезаш хIума ду и", - комментарий йелира хьолах лаьцна Кавказ.Реалиин сайтана дешаран министраллехь.

Кху шарахь Оьрсийчоьнан депутаташ тIетайра кегий къаьмнаш Iалашдечу Конвенцин гурашкара довлар хьехначу президентана, иштта дуьненайкъарчу организацешца оцу сферехь йукъарлонаш лелон а. Эксперташа билгалдоккху, иштта сацам тIеэцна бу тоххара шена тIелаьцна декхарех массо а дуьхьал бовлучу гурашкахь, ткъа къаьмнийн йукъараллин боламашна хетарехь, Оьрсийчуьра кегийчу къаьмнийн бакъонаш хьалха а йацара Iалашйеш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG