ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Церан диканиг – нах байъар ду": Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а школашкахь ЧВК "Вагнеран" йолахой


ЧВК "Вагнеран" йолахо
ЧВК "Вагнеран" йолахо

Нохчийчохь хьалхарчу классашкара дешархошца цхьаьнакхетаре кхайкхинера тоххара бехке вина ЧВК "Вагнеран" йолахо Ким Евгений. Якутехь пенсхошкара а, буоберашкара а хӀусамаш дӀайахарна 12 шо хан тоьхнера цунна. Ким – цхьаъ хилла ца Iа, Украинана дуьхьал тIом бан ваханера аьлла, таIзарх ваьккхина, биографи цIанйинчу нахах. ХIинца иза "турпалхочун масал" ду олий кхойкху дешархошна хьалха къамел дан. Цу кепарчу практико гӀиллакх-оьздангаллин низам дохадо, иза "заманан бомба" санна дуьсу, цкъа мацца а бале дер долуш. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу хьехархоша а, жигархоша а билгалдаьккхира иштта.

Хьалхо таIзар дина хилла стаг Нохчийчу кхачарх лаьцна хаам зорбане баьккхира "Даймохк ларбархой" пачхьалкхан фондан цхьана декъо. Цу акцина лерина ахча деллера Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Украинехь тӀамехь беллачу республикин бахархойн бераш кхайкхина дара цу бараме. Оцу йукъанна "Къилбаседера Къилбехьа" цӀе йолчу цу акцех лаьцна кхин цхьа а публикаци ца карийра. Ур-атталла Якутерчу Ӏедалехьа йолчу фондан декъо а цунах лаьцна хаам ца бо, дукха хьолахь цу кепарчу организацеша ур-атталла кегий хиламаш а жигара хIинццалц схьа баржош хиллехь а.

"СВО-н ветеран" аьлла цӀе тиллинчу Ким Евгений 2018-чу шеран аьхка 12 шо хан туьйхира йукъарчу рожехь йолчу колонехь йаккха, цо цхьа могӀа бозбуунчаллаш лелорна. Шен накъосташца цхьаьна петарш схьайаьхнера цо шаьш Iаш хиллачу 25 пенсхошкара а, буоберашкара а.

Оцу мискана тIе жIала хецнера цо. Дукха цIий дара

"Со леррина Ким волчу цӀа валийнера. Цхьа жима кӀант вара цигахь, чӀогӀа Iадийна а, йиттина вара иза. Хьуна тIехь а изза дийр ду бохуш санна, мохь а хьоькхуш, Кима шен жен жӀаьла цу мискана тIехаьхкира. ЧIогIа дукха цIий дара", -дийцинера кхелехь бала хьегначу пенсхочо Хоминец Василийс. Зуламхой бевзинчул тIаьхьа шен цIийнах ваьллера иза. Шаьш йуьхьарлаьцначу кхечу нахе Кима а, цуьнан накъосташа а кхерамаш тийсина хиллера арбалетца дойъур ду шу бохуш, царна тӀехь цигаьркаш дIайайъинера, церан чевнаш мехаца тоьгуш хиллера.

ХIара дуьххьара дац зуламан гонашкахь вевзаш волу "турпалхо" бехкевар – шен 14 шо долуш Кима вийна хилла школера хьехархо. Украинана дуьхьал буьззинчу барамехь тӀом болабелча, иза дӀайазвеллера ЧВК "Вагнере", цул тӀаьхьа шена гечдича, Якутске йухавеанера. Меттигерчу телеграм-каналаша йаздо, цигахь цо жигаралла гайтина хиларх "СВО-гахьа гIо дохуш", тӀамехь дакъалаьцначу стеган цхьа доьзал Ӏехийна а хиллера цо. Зулам хилларш полицица зӀене бевлла дукха хан йалале, Ким Нохчийчу дIавахара.

Йаххьаш къевлина "турпалхой"

Шаьш цхьана хенахь динчу зуламашна Украинехь бина тIом бахьана долуш президенто гечдина болу нах базбарх хIара истори - дуьххьарлера масал дац. ЧВК "Вагнер" кхоьллинчу Пригожин Евгенийс Ростовехь аьтто боцу бунт гIаттийначул тIаьхьа а, иза веллачул тIаьхьа а, компани дIасайохийначул тIаьхьа а, вагнеровхой тахана а оьху Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а дешаран хьукматашка.

Цу кепара, Ставрополан махкара Казинка юьртарчу школехь, Украинехь вийначу Чеботко Александран сий деш мемориалан у хӀоттийнера. КӀоштан куьйгалхочо Серов Игоря иза а, кхиболу цуьнан махкахой а буьстира "Даймехкан тӀамехь леттачу дайшца". Чеботкон тӀом балале хьалха хиллачу биографех лаьцна дош ца элира хьаькамо. 2016-чу шарахь Ставрополерчу вахархочунна кхо къола дарна арахь йаккха хан кхайкхийра, ткъа 2017-чу шарахь – таӀзар дира колонехь кхо шо доккхуьйтуш, изза зулам дарна. 2020-чу шарахь – йуха а къоланаш дарна диъ шо хан туьйхира цунна колонехь даккха. Чеботкос, масала, къола дира меттигерчу Покрова Пресвятой Богородицы олучу килсехь. Цо цигара 1300 сом ахча а, йуург латточу чуьра кIалд чуйоьллина ворхI кила галнаш а, тIо а, майонез а лачкъийнера.

Краснодар-мохк, номер I3 йолу школа. ЧВК "Вагнеран" йолахо веана "Дезачух къамел" аьллачу урокехь дакъалаца. Школан сайтера схьаэцна сурт
Краснодар-мохк, номер I3 йолу школа. ЧВК "Вагнеран" йолахо веана "Дезачух къамел" аьллачу урокехь дакъалаца. Школан сайтера схьаэцна сурт

2023-гӀа шо довш Волгоградерчу номер 93 йолчу школехь курсантийн классана цӀе тиллира Бахмутехь вийначу ЧВК "Вагнеран" цхьана декъан буьйранчин, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Нагин Александран. ГӀалин цхьана урамна а цуьнан цӀе тиллира. 2014-чу шарахь доккха талор дарна кхел йира Нагинна: шена вевзаш волчу стаге машен йоьхкина аьлла кехатна куьг йаздайтина, цунна ахча дIа ца деллера цо.

Стохка гIадужу-баттахь "Вагнеран оркестр" телеграм-канало хаам бира, Ростов-махкарчу цхьана школе шайн йолахо вахарх лаьцна. "Бераш гIад дахнера, эскархо къайлаваллалц куьйгаш диттинера", - аьлла ду зорбанехь йаздина. Цу кепара "майраллин урокаш" дӀайаьхьира Ставрополан мехкан Кочубеевское юьртарчу школехь а, Ростовн мехкан Батайскан №15 йолчу школехь а, Кубанерчу Привольная юьртахь а, Сочера йохк-эцаран-технологин колледжехь а.

Массо а меттигашкахь эскархойн йаххьаш лечкъош йара бӀаьргашна тӀететтинчу кепкашца а, Ӏаьржа куьзганашца а, туьтмIаьжгашца а. Йа церан цӀераш а, ткъа иштта тӀом балале хьалха хиллачу церан биографих лаьцна а ца довзийтира дешархошна. 2024-чу шарахь Ростоверчу номер 60 йолу школа чекхъяьккхинчара цхьана хIуманна санна дIасайаржийра "Вагнеран" байракх.

Дог-ойла хийца гIортар

Нуьцкъала зуламаш динчу нехан биографеш "цIанйеш", пачхьалкхо цкъа мацца а эккхар йолу бомба йу йуьллуш, аьлла хета Ставрополера жигархочунна Харченко Данилана. "ХIокху йоллу машено таронаш ца ло дIанисдала. Оцу стага цхьа харцахьа долу хIума диний-те аьлла, ойла йан дага а ца доуьйту", - бохура цо.

Масалашкахь дешархошна хьалха цхьа стаг дIа а хIоттавой, …ткъа цо динарг хIун ду - тIамехь нах байъар, иза зуламан лелар хастор ду, билгалдоккху Харченкос. Цунна тоьшалла до гечдина, маьршабаьхначу дуккхаъчу йолахоша а, тIамера цIа баьхкинчу эскархоша а динчу дуккаъчу керлачу зуламаша.

Оцу "турпалхочух" йада дийзира сан дешархочун, хIинца чуьра ара йала а кхоьруш лела иза

2022-чу шеран бIаьста "политикан къамелаш" бахьана долуш Астраханерчу школера дӀайаьккхинчу хьехархочо Байбекова Еленас Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь дийцира, гӀалахь тӀеман декъашхой хилла нах "шайна дерриг а магош санна лела" аьлла. "Цхьана дешархочо дуьйцу, шена кест-кеста дуьхьалкхета и нах Астраханехь, цо дийцарехь, уьш ледара лела, кест-кеста кочаоьху школе доьлхучу зудаберашна. Оцу "турпалхочух" йада дийзира сан дешархочун, хIинца суьйранна ша цхьаъ чуьра ара йала а кхоьруш лела иза", - бохура цо.

Зуламхой адамаллин хьелашкахь нисбала беза, цул тӀаьхьа бен йукъаралле йухаберза ца беза уьш, билгалдоккху тӀамна дуьхьал "БIаьсте" болам кхоьллинчу Лытвин Богдана: "Хьалха бехкебина нах, зуламан тӀамехула чекхбевлла нах турпалхой санна лелачу хенахь, иза дешархойн дог-ойла хийца гIертар ду, зуламе агресси турпалалла ду бохуш, церан коьрташ чу дилла гIертар ду".

Цхьатерра билгало?

Советан заманахь, йа оьрсийн школехь дешначунна дагадогӀу, шолгӀачу тӀеман ветеранашца хилла цхьаьнакхетарш, ткъа Украинана дуьхьал хиллачу тӀамехь дакъалаьцнарш дешархой болчу кхойкхуш хиларо оцу ветеранашна йукъахь цхьатерра билгало йуьллу, билгалдоккху Волгоградерчу "Дозор" боламан куьйгалхочо Кочегин Евгенийс.

Оцу Iехоран кепашца Путинан системо шаьш шайна дискредитаци йина ца Iаш, мацах хиллачунна а цхьаьна йо, тIетов Ставрополера жигархо Харченко Данила: "Вайна масална буьйцуш хилла, школе кхийкхина хилла ветеранаш а бара -те иштта шеконе адамаллин лелар долуш?

Криминалан кхоллам хилла стаг берашна масал хилла дӀахӀоьттича, оцу хӀумано нейтрализаци йо "масал" бохучу кхетамна, тешна йу жигархо, Ӏилма даржийна ​ Астраханера Миталева Марина. Иза балхара дӀайаьккхиа, ницкъахоша цунна кхерамаш тийсинчул тӀаьхьа Оьрсийчуьра дӀайахара иза шен доьзалца.

ТIаме баха вербовка йинчарна дIагайта гIерта, шу зезагашца, боккхачу ларамца тIеоьцур ду аьлла

"И бахьана долуш социалан институташка а, оьздангаллин Ӏедалшка а болу тешам лахло. Масала, хьалха ШолгӀачу Дуьненан тӀамехь дакъалаьцнарш цхьа а шеко а йоцуш сий долуш, лоруш тIеоьцуш бара, цу хенахь информаци кхача тахана болу гIирсаш цахиларна а. Ветеранашлахь дуккха а товш боцу нах бара, суна сайна хиъна ма-хиллара. ХIетахь жима йолуш царна школан цIарах совгӀаташ дӀакхачош йара со. ХӀинца муьлххачу а стеган аьтто бу интернетан "турпалхо" гуглехь зен", - боху къамелхочо.

Пачхьалкхана мехала ду, уггар хьалха, тӀамехь дакъалаьцначарна, хӀинца тIаме вербовка йечарна а тоьшалла дар, Украинера цӀабирзнарш йукъаралло лерам беш тIеоьцу аьлла, тӀетуьйхипра Кочегин Евгенийс.

"ТIаме баха вербовка йинчарна дIагайта лаьа царна. Уьш зезагашца, сий деш, лерам болуш тIеоьцур бу бохуш. Лакхарчара тIейожийна Iалашо йу иза. Амма иза, шайна Оьрсийчоьнан бахархошна, къаьсттина кегийчу йарташкахь бехаш болчарна, дика хууш ду, "турпалхойн" дӀайаханчу заманах лаьцна", - аьлла, дерзийра шен къамел жигархочо.

  • Къилбаседа ХӀирийчоьнан Ӏедалша 250 миллион гергга ахча хьажийна дронаш лелон Iамочу дешаран программашна лерина. Ткъа 40 миллион гергга ахча дойур ду и дронаш Нохчийчуьра школашка кхачош. ГӀебарта-Балкхаройчуьрчу кегийрхойн центро ахча лур ду дронийн операторш Ӏаморна, ткъа Волгоградан кIоштара берийн центрехь ваканси схьайиллина БПЛА-н пилотан. Цул совнаха, шаьш хьехархой а Ӏамор бу дронех пайдаэца. Дешарна милитаризаци йина хилар гойту Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан къилбан а регионашкара тӀаьхьарчу хенахь гучудьалла масех масал бен дац хIорш.
  • Ростов-на-Дону гIалара историн музейхь 9 миллион соьмах экспозици кечйийр йолуш йу Оьрсийчоь Украинана чугIортарх лаьцна. Цунах йаздина ду пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайтехь. Оцу музейн коьрта дакъа схьа ца деллало пхи шо а ду – делахь а пропагандистийн тIамах лаьцна экспозици йиллира цхьана шарчохь.
  • Краснодаран мехкан Северский кӀоштахь 2024-чу шеран чиллан-баттахь, Украинехь байинчу махкахойн цӀераш тӀехь язйина, мемориалан у схьадилира. Царна йукъахь вара хьалха даккхий зуламаш дарна бехкевина хилла ЧВК "Вагнеран" масех йолахо. Масала, цу кӀоштарчу бахархошна хьоьху Рябинкин Сергейн историх "дозалла" дар. 2021-чу шеран чиллан-баттахь колонихь йаккха 11 шо хан тоьхнера цунна. Шеца цхьана Iаш йолчу зудчунна шен нана лийна аьлла, ша дуьненчу ваьккхина нана йийнера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG