ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа а жамI доцуш боьрзур бу талламаш? Дагестанехь хиллачу эккхарехь 13 стаг велла


Дагестанера Plus станцехь хилла эккхар
Дагестанера Plus станцехь хилла эккхар

Дагестанехь йагориг юхкучу станцехь хилла эккхар бахьана долуш вийна 13 стаг, вуно чӀогӀа чевнаш йина кхин а 11-нна. Шо хьалха республикехь рогӀера бензинан станци а иккхира: хIетахь велира 37 стаг, бӀе сов вара чевнаш йинарг. тайпа бохамаш кхин хир бац", - дIахьедира хӀетахь регионан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Йа цу тIехь Iуналла латточу органаша а, йа Ӏедалша а цхьа а жамӀ дина дац стохка хиллачу эккхийтарх, боху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Керла Хушет эвлахь хьалхара эккхар хезира гезгамашин-беттан 27-чохь, пIераскан дийнахь, 17 сахьт 38 минот йаьллачу хенахь. И станци ХIинжа-ГIала чувуллучуьра федералан некъа тIехь йина йу. Йаьлла цIе туькана а, хIума кхоллучу столовина а дехьайелира, цул тIаьхьа шолгIа эккхар хилира. АЗС-н йоллу гIишло и бахьана долуш йохийра, йаьгна 500 квадратан метарш гергга меттиг. ЦIе йайъа тIеоьзнера 169 цIе йойъу белхахо а, 47 леррина техника а.

Йуьхьанца Дагестанерчу орцан министралло хаам бира 10 стаг велла аьлла, тӀаьхьо церан терахь 13 стаге гIоьртира– царна йукъахь ши бер а ду. 23 стаг лазийна ву. Байъинчу нехан оццул терахь доьзна хила тарло цу бензинан станцехь ламазан чоь хиларца: эккхар хуьлучу хенахь пӀераскан ламазна севцна бара цигахь машенашлелорхой.

Шайн проблемаш йерзор доьхуш бахархоша Путине ден дехарш кест-кеста хир долуш ду, амма тамаш бу церан аьтто цу тIехь хилахь

Цул тӀаьхьа маса прокуратуро хьахийра эккхаран хила тарлуш долу ши бахьана: газан баллон иккхина, йа йагориг дӀаихна. ТӀаьхьо Меликов Сергейс кхоалгӀачу версих хаамбира – ОАО "Даггазан" ледарчу газан биргӀанех лаьцна, цуьнан цхьа дакъа йагорг йуттучу станцина йуккъехула дӀадоьду. Бакъду, "Даггаз" компанино юкъарадаьккхира хилла бохам биргӀанца боьзна хилар, дӀахьедира, цу меттигна газификаци йина 6 шо бен дац аьлла.

Эккхийтар хиллачул тӀаьхьа масех де даьлча АЗС-н векалша дӀахьедира, цистернаш а, йагориг латто меттигаш а зен хилла йац, ткъа газан насосаш болх беш йу аьлла. Цара дийцарехь, оцу гӀуллакхо йукъарадоккху эккхийтаран бахьана уьш хилла хилар. Цу хаамна комментарий ца йина Ӏедалхоша.

Эккхар хиллачул тӀаьхьа цхьа сахьт даьллачу заманчохь республикехула йолчу Талламан комитето хаам бира, кхерамазаллин лехамашца догӀуш доцу хьелаш хIиторца доьзна бехктакхаман гӀуллакх долийна аьлла. Станцин бакъволу долахо, 30 шо долу Джанхуватов Марат лаьцна. 10 шаре кхаччалц хан тоха тарло цунна набахтехь йаккха.

Джанхуватовх лаьцна хууш кӀезиг ду: иза дӀайазвина ву кхо компани йиллинарг ву аьлла: ООО Плюс, ООО Плюс 5 а, ООО "Сокол". Хьалхара шина компанино йагориг а, машенийн меженаш а йухку, кхоалгӀаниг гӀишлошйеш йу. 2021-чу шарахь меттигерчу хаамийн гӀирсаша йаздира, Ӏедалан дехарца, цо гӀалин субботникана аьлла йаккхий машенаш йеллера аьлла.

Индивидуалан бизнесхо санна дӀайазвина ву Джанхуватов 2018-чу шарахь. Оцу йерриге а хенахь цуьнан хьокъехь шозза бен таллам бина бац. 2020-чу шарахь Росстандарто теллира йагорган барам, ткъа 2023-чу шеран лахьан-баттахь инспекци йоьзна йара марсхьокху-баттахь 37 адам а дуьйш, кхечу бензинан станцехь хиллачу эккхарца.

Йагорг йуттучохь 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь хилла эккхар
Йагорг йуттучохь 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь хилла эккхар

2023-чу шарахь марсхьокху-беттан 14-чу дийнахь ХӀинжа-ГӀалин йистера Карман-2 йуьртахь йагориг йухкучу станцехь эккхар а хилла, цӀе йаьллера. Йуьхьанца цӀе кхерстира дуьххьал лаьттачу машенийн сервисан центрехь, цул тӀаьхьа цӀе дIасайаьржинера бензинан станцехь а. Машенийн сервисан гӀишлонна уллехь хиллера селитра а, кхинйолу сиха цIе йолу удобренеш а латтон склад. Талламо и ду бохура цIе йаларан бахьана.

Цул тӀаьхьа йоллу Дагестанехь толлура бензинан станцеш – тоталан контроль йу аьлла, хаам бира Ӏедалша. Документашца а догӀуш, Plus бензинан станцехь инспекцино хьахийна хиллераа 200 сов контролан хаттар – цӀеяйаларн кхерамзаллин лехамашна тӀера, дIахIиттийначу машенашна юкъахь йолу геналлина а, белхахой эвакуаци йан Ӏаморна а, белхан духар латтон цӀе ца йогучу материалех йина шкафаш хиларна а тӀекхаччалц. Керла Хушетерчу бензинан станцехь цхьа а низам дохор ца карийнера низам латточу органашна.

"Бохам пайден бу тIехь терго латточу органашна"

Керла эккхар хиллачул тӀаьхьа Ӏедало стол тIе буй а тухуш, таллам баре кхайкхам бийр бу, бохуш, прогноз йо шен цӀе ца йаккхар дехначу дагестанхойн политолого. Цуьнан мах хадорца, хӀинца, тоххара а санна, дерриг а доьрзур ду коммисеш йеана, царна кхаьънаш делла, тIаккха массо а кхачамбацаршна бIаьргаш хьаббийр бу. "Иштта, цу тайпа бохамаш пайден бу тIехь терго латточу органашна - церан аьтто хир бу рогӀера доцу кхаьънаш схьаэца".

Проблема атта йерзон йиш йу – сих-сиха талламаш беш

АЗС-н йаккхий машанаш йукъа ца йахначех ша цхьаъ йисина Дагестан Оьрсийчоьнан кӀеззигчу регионех. Долара дукхахйолу йагорг латтон станцеш "къайлах болх беш хилар билгалдаьккхира къамелдчео: "ХӀара вуно коррупцин сфера йу, кхузахь интерес йолу нах тӀех дукха бу, ахчанаш дала деза нах а дукха бу. Цара шайгара ахчанаш доху дела, кхечу хIумана тIехь кхоон хьийза станцийн долахой. Ишта кхерамзаллин техникан хьелаш тIехь а цхьаьна.

Нагахь санна бизнесехь низамехь, хьуламаш боцуш болх бан альтернатива хилахь, нах реза хира бара, тешна ву эксперт: "Проблема дӀайаккха йиш ю, кест-кеста талламаш беш. ТIаккха долахошна алсам пайден хир ду массо а АЗС-ш нормативашца нисйан, царна кхаьхнаш лучул а".

ХIуммаъ а хийцалур дац?

Стигалкъекъа-баттахь эккхар хиллачул тӀаьхьа Ӏедалхоша инспекцин тулгӀе йолийра, иза кхаьънаш эца чIогIа дика аьтто хилла дӀахӀоьттира, реза ву Къилбаседа Кавказан аналитик Чемберс ХIарольд а. И бохам карлабалар цо дузу регионера системан коррупцица: "Ӏедалша хаа а хууш, бӀаьргаш дӀакъовлу коррупцина, хӀунда аьлча иза Москвана мьутIахь хиларна цхьа шатайпа формалехь доцу совгӀат санна тӀеоьцу".

Меликов шена тIера бехкаш дIатетта гӀертар ву, хӀунда аьлча, рогӀерчу хиламо цунах кхин а чӀогӀа бIаьрг бодуьйту, бохуш дуьйцу Чемберса кхидӀа а. Ӏа герга мел кхочу, даим а йовхонан кхачамбацарш ловш йолчу Дагестанехь, бахархоша бечу тӀеӀаткъамах Iоттаур ву иза.

Меликов шена тIера бехкаш дIатетта гӀертар ву, хӀунда аьлча, рогӀерчу хиламо цунах кхин а чӀогӀа бIаьрг бодуьйту

"Шайн проблемаш йеразор доьхуш, кест-кеста Путине дехарш дийр ду бахархоша, амма тамаш бу-кх цунах царна гIуллакх хилахь", - дерзийра аналитико.

Меликовс хӀоттийначу куьйгалхойх хӀораммо а дIахьедора, коррупцина а, шайн нах балха хIитторна а дуьхьал тӀом кхайкхорах, амма и дерриг а хаза дӀахьедар хилла дисира, комментарий йо Дагестанерчу йукъараллин жигархочо, шен цӀе йаккха ца луучо: "Нагахь санна, вай баккъал а цу системан проблемица къийсам латтабахь, республикан куьйгалхочунна эшам хир бу ур-атталла меттигерчу элито гӀортор йарца а, хӀинца формалан кепара делахь а. Цундела Меликовс дерриг а деш ду, мел кӀезга а, статус-кво йисийта, хийцамаш барх лаьцна дуьйцийла а йац".

Цунна хетарехь, шо сов хан йаьллачул тIаьхьа бензинан станцехь шолгӀа эккхийтар хиллачул тӀаьхьа хьал хийцалур дац, хӀунда аьлча, Меликовна республикехь гӀортор ца йо, ткъа цхьана индустрехь мукъна а къепе меттахӀотто, политикан лаам а бац.

"Йа ЖКХ-н проблемаш, йа социалан сфера, йа некъаш – дукха хенара схьа дуьйна Дагестанехь лаьттачу оцу проблемех цхьаъ мукъна а Меликовс куьйгалла дечу хIокху деа шарчохь кхочушйина йац. Васильевгара Адбулатиповга ма-кхаччара, рогIерчу регионан куьйгалхочуьнга кхочур йу уьш", - дерзийра къамелдечо.

  • Дагестанан Халкъан гуламан депутат хилла волу Насрутдинов Магомедгусен ву "Даггазан" куьйгалхо ву бохуш. 20I6-чу шарахь республикерчу Лакхарчу кхело набахтехь даккха 5 шо хан туьйхира цунна бозбуунчаллаш лелийна аьлла. Дагестанан исс кӀоштахь бакъо а йоцуш ша Ӏуналле эцна йолу машанаш "Газпроман" структурашна йохка гӀоьртинера иза. Хьостанаша дийцарехь, марсхьокху-беттан I3-чу дийнахь Насрутдинов хеттарш дан лаьцна хиллера, амма цул тӀаьхьа цуьнга цхьа а бехк ца кховдийра.
  • Йагорг йуттучу станцихь эккхар хиларан бахьана ду "писалла а, сутаралла а", дIахьедира и бохам хиллачул тIаьхьа Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс. Хиллачунна цо бехкебира АЗС-н а, СТО-н а белхаш боло бакъо йелларш а, лелха кхераме йолу удобренеш латточу складашна уллохь уьш схьайеллийтинарш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG