ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьа чIирхо йукъара вели: Кадыровн мостагIчун кIант вийна Украинехь


Ямадаев Сайд-Хьусейн
Ямадаев Сайд-Хьусейн

Украинерчу тIамехь вийна ЧВК "Вагнер" тобано шайн могIаршка эцна хилла Ямадаев Сайд-Хьусейн – нохчийн гIаттамхойн хиллачу хьалханчан, пачхьалкхан думин депутатан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун Ямадаев Русланан воI вара иза. Цхьана хенахь дош лелаш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун политикан конкуренташ а, цуьнан шен мостагIий а хилла бара ЯмадаевгIеран доьзал. ТIаьххьарчу иттех шерачохь церан цIийнах дукха нах кхелхина.

2014-чу шарахь Одинцово гIалин кIоштан кхело набахтехь такха итт шо туьйхира Ямадаев Сайд-Хьусейнна масех Iедалан къепехула: харцахьа лелаш, адаман могушаллина дайн зен дарна а, машен йадорна а, Iелалан векална дуьхьал ницкъ баккхарна а, баккхийчу барамашкахь талораш лелорна а, паспорт лачкъорна а, иштта кхиндолу бехкашна а.

Ульяновскан кIоштара номер 2 йолчу колонира ЧВК "Вагнеран" тобане "вербовка" а йина, кхечира Ямадаев Украинана дуьхьал болчу тIаме. Хан чекхйала дисинарг цхьа шой ахшой дара цуьнан. Бахмутехь вийна иза оханан-баттахь, дIавоьллина Нохчийчохь мангал-беттан йуьххьехь. Кремлехьа болчу зорбанан гIирсаша йаздира цуьнан кхалхарх лаьцна, цо гайтинарг "турпалалла" долуш санна.

Ша колонихь волчу хенахь Ямадаевс хьалхо видео дIайазйира, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире хьажийна, набахтехь лелочу "харцонан" тергойар доьхуш. Цигахь, цо бахарехь, тутмакхаш "сийсазбо, бакъонаш эшайо церан". Видео тIехь цо дагадаийтира, шен да – Оьрсийчоьнан Турпалхо хилар а, думин экс-депутат латтар а. 2016-чу шарахь хаамийн гIирсашкахь йаздора, Ямадаевс СИЗО чохь телехьожийла а хIоттош, интернете вала таро а йолуш камера тойина шена аьлла.

2008-чу шарахь Москвахь вийра Сайд-Хьусейнан да- Ямадаев Руслан, оцу гIуллакхца доьзна таIзар дира Нохчийчуьра кхаа вахархочунна. Цуьнан вер дузура мехкан урхалхочуьнца Кадыров Рамзанца – нохчийн Iадатехь Сайд-Хьусейн вара чIир йекха везарг.

Ямадаев Русланан вежарий, иза ша а санна, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш оьрсийн эскаршна дуьхьал бара къобалйазчу Ичкерин агIор. Амма шолгIа тIом баьлча федералан Iедалхошкахьа бирзира уьш, ваIда дира Кадыров Ахьмадна тешаме хила.

Билгалдаккхар: Верриг а ЯмадаевгIеран доьзалехь йалх ваша вара – Сулим, Руслан, Iийса, Джабраил, Бадруди, Аслан. ТIаьххьарниг вийра Нохчийчохь тIом болуш. 2002-чу шеран зазадокху-баттахь ЯмадаевгIеран цIийнах болчара махкара тIеман комендатурин леррина рота вовшахтуьйхира, цуьнан куьйгалле хIоттийра Джабраил. ТIаьхьо и вовшахйаьккхина, "Восток" батальон йира цунах. Цуьнан могIарехь бара, федералан эскаршкахьа дехьабевлла Ичкерин Къоман гвардин ШолгIачу батальонан тIемалой. Шо даьлча, 2003-чу шарахь, Ямадаев Джабраил вийра Веданахь йинчу терактехь. Оьрсийчоьнан президентан омраца веллачул тIаьхьа Турпалхочун седа белира цунна.

ДоттагI, ваша, коьрта мостагI а

КадыровгIар а, ЯмадаевгIар а вовшийн гергарло долуш бу, цу тIе цхьана нохчийн бенойн тайпанех схьабевлла а бу уьш. Царна йукъахь йиллина конфликт йолайелира 2008-чу шарахь: хIетахь Гуьмсана уллорчу федералан "Кавказ" трасси тIехь некъ ца битинера ЯмадаевгIеран жимахволчу вашас Бадрудис, куьйгалла дечу "Восток" батальонера эскархойн тобано Кадыровн кортежна.

Оцу девнехь Ямадаев Бадрудис сийсазвинера республикин президент (2017-чу шеран оханан-баттахь оцу дарже веара Кадыров.- Редакцин билгалдаккхар.).

Йаржийначу видео тIехь гуш ду, Кадыровс а, Ямадаевс а дера къамел деш, шайн нахана омра до цара, дIасадоха олий.

И дерриг а хилира, хIара дов далале де хьалха - кадыровхоша ЯмадаевгIеран доьзалера шина стагана тIе машен тоьхна, и ший а стаг вийра. Ямадаев Бадрудин кортеж хиллера шайн гергарчийн тезетара йогIуш, йуьстах йахийтинера цаьрга машенаш, Кадыров тIехвалийта аьлла.

Нохчийчоьнан урхалхочуьнга Бадруди вистхуьлуш, боккхачу некъа тIехь дов нисделлачу шолгIачу дийнахь ницкъахоша го бира Гуьмсехь куп тоьхна хиллачу, Оьрсийчоьнан тIеман министраллина чуйогIучу, Ямадаевн Сулимин контролехь йолчу "Восток" ГРУ батальонан базина. Кадыровхошна иза вацара оьшург, цуьнан ваша Бадрудди вара, делахь а, кхин а цхьа де даьлча, Сулим волчу талламаш бан баьхкира уьш. Герз а, патармаш а карийра иза волчахь, шен хилла бIанакъост бехкевира Кадыровс нах лечкъорна а, талораш лелорна а.

"ЯмадаевгIеран вежарий бехке бу дуккха а къиза зуламаш лелорна, иштта нах байарна а, лечкъорна а, Бороздиновскехь хиллачунна а (2005-чу шарахь цигахь меттигера бахархой байира, цхьаберш лечкъийра.- Редакцин билгалдаккхар), - дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Биъ бутт баьлча Ямадаев Сулим дIаваьккхира тIеман гIуллакх дечуьра.

Дов даьллачул тIаьхьа вер

Некъа тIехь Нохчийчоьнан урхалхочуьнца Бадрудин конфликт хилла биъ бутт баьллачу заманчохь вийра Ямадаев Руслан. 2008-чу шеран гезгамашин-беттан 24-чохь Москвара Iедалхойн хIусамна гена доццучехь герз тоьхнера цунна – итт сов патарма ара а хоьцуш. Ямадаевн Mercedes S500 Iаьржачу машенна тIелеттера киллерш, светофорехь хIара сецначу хенахь.

Ямадаев Руслан а, Кадыров Рамзан а
Ямадаев Руслан а, Кадыров Рамзан а

Ичкерин "Къоман сий" орденан кавалер вара Ямадаев Руслан. Федералан эскаршка дехьаваьлча, Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира цунна "шен сина кхерам лаьтташехь, белхан декхар кхочушдечу хенахь доьналла а, майралла а гайтарна" аьлла. Цул совнах, Нохчийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца хьаьжира иза, амма тIаьххьара а шен кандидатура йукъара йаьккхира.

"Эхо Москвы" радион эфирехь вийначун вашас Iийсас дийцинера, шайгахь информаци йара, ЯмадаевгIеран цIийнах мел верг хIаллакван Кадыров дагахь хиларх.

Дубайхь лар ца вира

Руслан вийна ахшо даьллачу хенахь, 2009-чу шеран зазадоккху-бутт бовш, Дубайхь вийра церан кхин а цхьа ваша – 36 шо долу Ямадаев Сулим. Меттигерчу полицин хаамашца, "Восток" батальонан хилла командир вийнера, тIаьххьара беа баттахь иза вехаш хиллачу цIенна хьалхара машенаш хIитточехь.

Сиха кхиира Ямадаев Сулимин тIеман биографи. Ичкерин армихь бригадин инарла вара иза, цундела деллера цунна къобалйазчу республикин лакхара совгIат.

Ямадаев Сулим
Ямадаев Сулим

Федералхойн агIор ваьлча, 2002-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчуьра тIеман комендантан гIовс хIоттийра иза. Шо даьлча кхийсархойн спецназан ротин урхалле хIоттийра, "Восток" батальонан буха тIехь кхоьллина йара и спецназ. 2005-чу шарахь Оьрсийчоьнан Турпалхочун цIе йелира цунна.

2005-чу шарахь оцу батальонан эскархоша рейдаш йира Бороздиновскехь – хIетахь диъ цIа дагийра цара, вийра 77 шо долу къано, лачкъийра 11 стаг, цул тIаьхьа тIепаза байра уьш. 18 шарера 50 шаре бевлла лечкъийна хилла божарий суьлий бара, йа цаьрца боьзна хиллера церан гергарнаш. Меттигерчу бахархоша дуьйцура, нохчийн лулахошца гIоьртина йукъаметтигаш йара церан бохуш. 2021-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело оцу рейдехь зенаш хиллачарна 1,84 миллион евро компенсаци кхачийра.

Дубайн полицино – цунна тIаьххье Ямадаев Iийсас а дIакхайкхийра – Сулимина тIелеттарг Кадыров Рамзанан бIанакъост думин депутат Делимханов Адам вара аьлла. Цуьна цIе йаьккхира иштта прессехь воккхаха волу ваша Ямадаев Руслан вийча а.

2010-чу шарахь Дубайра кхело бехке лерира Ямадаев Сулим верна Таджикистарнера а, ГIажарийчуьра а бахархой- Исматов Максуджон а, Лорния Маьхьди а. Белла дIабовллалц чохь такха хенаш йиттира царна, амма цул тIаьхьа шайн даймахка депортаци йира.

Цкъа мостагI, тIаккха ваша?

ЯмадаевгIеран вежарех кхин цхьаммо – Iийсас- дIатесира 2008-чу шарахь Нохчийчуьра Халкъан гуламан депутатан гIант, Москвахь бизнес йолийра цо. Цуьнан вашас Сулимас дIахьедора, парламентера цуьнга дIавала бохуш, иза ца вуьтург ша вара аьлла. 2009-чу шарахь товбеца-баттахь Iийсанна а йира кIело, зорбанаша йаздора, оцу зуламна тIехьа Кадыровн нах хила тарло бохуш.

Аьтто боцуш динчу тIелатаро цхьана ханна берта бахийтира КадыровгIар а, ЯмадаевгIар а – 2010-чу шарахь маслаIат хилира царна йукъахь. ХIетахь республике веанера Iийса, къанойн дехарца цхьаьнакхийтира иза Кадыровца. ДIахьедира хIетахь, цу шиннан барт хилла, царна йукъахь "тIейогIучу хенахь проблемаш хир йац" аьлла.

"МаслаIат" хилла масех бутт баьлча Оьрсийчуьра дIавахара Iийса. 2017-чу шарахь иза лаца кхайкхош сацамбира Ставрополан кIоштан кхело. Iийса бехкевира Кадыров Рамзанна кIелойар вовшахтохарна, дуьненайукъарчу лехамашка а велира.

"Кхечу тIеман эпизод"

И дерриг а хиллачул тIаьахьа ЯмадаевгIарна шайн бIаьрга ван ца веза Кадыров, тешна ву йукъараллин-политикан "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат.

Нохчийн къомана Кадыров а санна, ца беза ЯмадаевгIар а

"Амма рожна тамаш бу уьш кхераме белахь. Ткъа нохчийн къомана Кадыров а санна, ца беза ЯмадаевгIар а, цхьацца хIумана тIехь Кадыровл а чIогIа ца безаш хила тарло. Оцу Кадыровл а боьха хIумнаш ма йара уьш а, шайн карахь Iедал долчу хенахь", - дагалоьцу къамелдечо.

Сулим а, Руслан а вийначул тIаьхьа ЯмадаевгIеран цIийнах болчийн дош лелар дайра, чIагIдина "Кавказский узел" сайтана йеллачу комментарихь нохчийн политолого Кутаев Руслана: "Вуьйш бисинарш йа дан хIума ца хилла къарбелла, йа дIасабевдда. ХIинца Нохчийчохь хьалха санна дош ца лела церан, махкана коьрта йолчу цхьана а процессашкахь бац уьш. Кадыровна уьш муьтIахь бу а олийла дац, амма церан карахь хIинца хIуммаъ а дац".

Ямадаев Сайд-Хьусейнан кхалхар доьзна хуьлийла йац Кадыровн а, оцу тайпанан а дуьхь-дуьхьал латтарца аьлла хета адамийн бакъонаш Iалашйечу Центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна.

"Бахмутехь вагнерхойн могIаршкахь Ямадаев Русланан кIант кхалхар – кхечу тIеман эпизод йу, цхьана а кепара Нохчийчоьнца йоьзна а йоцуш. Оцу хаамах Кадыровн самукъадер ду - кхин а цхьа чIирхо йукъара ваьлла", - бохура Черкасовс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун ЯмадаевгIеран тукхуме йолу дог-ойла дикачу агIор хийцайала тарло

Цул совнах, Ямадаев Сайд-Хьусейнан валар дикачу агIор Iаткъам хуьлуш дерза тарло шина цIенна йукъахь хиллачу йукъаметтигехь, аьлла хета "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина.

"Цо [Кадыровс] чIогIа пусар до Оьрсийчоьнехьа (Украинана дуьхьал тIамехь. – Редакцин билгалдаккхар.) болчийн. Цундела Нохчийчоьнан куьйгалхочун ЯмадаевгIеран цIийне хилла дог-ойла хийцалур йу дикачу агIор аьла хета суна", - дерзийра цо шен къамел.

ЯмадаевгIеран йалх вешех шиъ ву дийна – Iийса а, Бадруди а.

  • ЯмадаевгIеран вежарий байале хьалха, Кадыров Рамзанан политикан конкуренташ лорура. "Новая газетин" хаамашца, ЯмадаевгIеран Сулим а, Руслан а бехке хила тарлора 2006-чу шарахь журналист Политковская Анна йерна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG