ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьаллин де". Iедалхошца цхьацца сингаттам Iоттабела Нохчийчуьра дIабахначу зударийн дийцарш


Нохчийн зударий бу танкана хьалха лаьтташ, Соьлжа-ГIала, 2003 шо
Нохчийн зударий бу танкана хьалха лаьтташ, Соьлжа-ГIала, 2003 шо

Лахьан-беттан тIаьххьарчу кIирандийнахь Оьрсийчохь билгалдоккху Ненан де. Нохчийчуьра баккхийчу хьаькамаша уггар а хьалха декъалйо цу дийнахь мехкан куьйгалхочун нана Кадырова Аймани. "Дикаллин, къинхетаман, нийсонан символ" а, "Нохчийчоьнан урхалхо кхиийна сийлахь нана" а йу олу, иза хьахочу хенахь. Оцу йукъанна Орсийчохь доьзалера бераш лечкъош хиларца республикера хьал чIогIа даьржина ду. Доьзалехь бала хьоьгучу зударша бакъонашларйархошка аьрзнаш дар а тIаьххьарчу шина шарчохь алсамдаьлла. Ткъа Украинехь тIом болийчхьана меттигерчу Iеддалхоша массарна а хьалха бехкебо наной, шайн лаамехь тIамтIе баха арабевр болу "бакъболу къонахий" ца кхиийна бохуш.

Цхьацца хеначохь Iедалхоша Iаткъам барна махкара дIабаха безначу Нохчийчуьра зударша дуьйцу тхан редакцига, наношца муха йу пачхьалкх.

Сацита, Германи

Нохчийчуьра цхьана эвлайистехь Iаш дара тхо. 2000-гIа шерийн йуьхь йара и, хьуьнчохь йиссина йара цхьацца гIаттамхойн тобанаш. Суьйранна тхан урамехула буьйлабелла лелаш хаалора суна уьш цкъацкъа. Кхоъ бер ду сан – кIант, ши йоI. КIентан 16 шо дара, оцу тIемалошца цуьнан маша буозабеллачу хенахь. ТIаьхьа суна гучуделира, церан цхьацца тIедахкарш кхочушдеш, цара "хьадал-вадал" вина, иза лелош хиллийла. Туькана бепиг эца вохуьйтуш, йа базара жижиг эца хьажош хиллера иза. Цуьнан 17 шо кхьачча, ницкъахой баьхкира тхан керта, кIант дIавигира. Цигахь гIело латтийра цуьнгахь, гIаттамхошна гIо латтийна ву аьлла, бехкевеш.

Со да мел йолу хIума дохка дийзира сан, адвокат а лаьцна, кIант кIелхьараваккхархьама, цунах сан аьтто а белира, хIунда аьлча, шен 18 шо дузаза вара иза. Амма хIетте а, маьрша ваьккхинехь а, шайн тергамера дIа ца воккхура иза цара. Тхан чохь мел верг дIавуьгура сих-сиха милцойн декъе, хеттарш дан. Сан кIантана хьалхха боьха бага лейеш, сийсаз йора со, хьо нана ца хилла, хьайн кIант кхион доьналла ца хилла хьоьгахь бохуш. Цкъа сан кIант суна тIехIоттар бахьана долуш, цунна берш а тIелетта, охьаэтира цара иза. Ирча сурт дара и…Цигахь кхин дIа а са деттийла йацара. Сайна бевзачу нахехула паспорташ а даьхна, тхо хьаьрччина дIадахара.

ХIокху берийн да кхелхинчу хенахь, сан 35 шо дара. Хьанала межарг боккхуш, охьататаьIIина хене йуьйлура со, сайн къоналла а, сайн дахар а берашна тIе а хьажош. КIантера ледарло йаьллера аьлла. оцу кепара сийсазъйан хьакъ йацара со… Тахана маьршачу пачхьалкхехь дехаш ду тхо, кхузахь зудчун, ненан бакъонаш чIогIа лоруш йу. Сан бераш дика дIанисделла, деша а дешна, меттанаш кара а дерзийна. Нанас чу са кхуллу доьзална, ткъа дас – дахаре некъ гойту олуш ду-кх Суна хетарехь, ненан а, ден а декхарш кхочушдан нийкъ тоьъна сан.

Сан кIанта олу кест-кеста: "Нана, Дела реза хуьлийла хьуна, со дIа ца тасарна, сох кхетарна, суна гечдарна". Цуьнан дешнаш- суна чIогIа деза ду, цара кхин дIа а йаха ницкъ а ло суна.

Румиса, Нохчийчоь

Сан шиъ кIант ву, и шиъ деца ву, сан хиллачу хIусамдеца. Пхеа шарахь соьца ваьхначу цо, Соьлжа-ГIалахь петар а лаьцна, тоьхна суна тIе зуда йалийра. Мукъаденошкахь йуьрта вогIура иза, шен дена-нанна тIехIотта а, бераш ган а, амма суна цуьнгара хуьлуш гIо дацара, йа ахчанца а, йа кертахь стага дан дезачу гIуллакхашца а. Доллу цIийнан дукъ суна тIехь дара, цуьнан хене даьлла да-нана а цхьана. Со а йара балхаца-некъаца, амма ас цхьаммо доккхуш дерг тхуна ца тоьара хене довла. Аса шега ахча дехча, даим а цхьа жоп лора цо:"Хьо реза йацахь- йахийта, аса айса хьалакхиор ву сайн ши кIант". Иштта хан дIайоьдура. Цхьана дийнахь деа доцчу бахьанаца сан коча а веана, йиттина охьайиллира цо со. Кагбина мара а болуш, сайн шина кIантах ка а тоьхна, сайн цIа дIайахара со. Ур-атталла сан мардас, марнанас а гIо ца даьккхира соьгахьа, шайн кIентан вон амал шайна йевззашехь.

Бутт баьлча, со йитира сан хIусамдас, соьгара оззийна бераш схьа а дохуш. Меттигерчу къедина тIе йахара со, сайн цIийнда хилларг дIавалхош арз дира ас полици - йа низамо а, йа сан наха а гIо ца дира суна. Мелхо а сан гергарчара ницкъ бора суна, шайьш йуьхьIаьржа а ца хIиттош, чуделла арз йухаэца бохуш.

Цул совнах, сан хиллачу хIусамдас цхьана а кепара юридикан бух а боцуш, со ненан бакъонех а йоккхуш, ши кIант Туркойчу дIавигира, шен керлачу хIусамненаца. Ас неI тохаза цхьа меттиг ца бисира, хIетта а бакъоларйаран органаша а, йа динан дайша а, йа сан сайн наха а сан агIо ца лецира, пIелг пIелгах ца туьйхира цара, сан, ненан бакъонаш ларъйеш.

Ненан дийнахь даккхий къамелаш хеза суна телехьожийлехула, "ялсамане ненан когаш кIел йу", Нохчийчохь зударийн а, божарийн бакъонаш цхьатерра йу бохуш. Ишта и делахь, со санна болчу наношна эшам стенна бо?

Бакъоларйархо Газиева Фатима, Бельги

Зудчун-ненан доллу дахар – турпалалла йу. Ши тIом Нохчийчохь боьдучу хенахь бомбанаш йетташ, герзаш деттачу хенахь наноша шайн бераш лардина шайн тIома бухахь, царна хи латтош, йуург латтош, царна синтем лоьхуш хьийзина уьш. Бохам тIехIоьттича, борша стаг тIаме араволу, ткъа и наной бу шайн белшаш тIехь доьзал Iалашбархьама йоллу халонаш дIатекхош берш. Иштта дара Нохчийчохь а.

Газиева Фатима
Газиева Фатима

Оьрсийчоьнан агрессина дуьхьал йалар суна сайн декхар хийтира. Цигахь йевзира суна бакъоларйархо Гашаева Зайнап, тхойшиъ цхьаний арайелира тIеман новкъа. ЧIогIа хала, ирча некъ бара иза. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша 2004-чу шеран гезгамашин-беттан 3-чохь со лачкъийча, со кхийтира, Оьрсийчохь йиса сайна кхераме хиларх, амма хIетте а болх бита йиш йацара сан.

Амма 2009-чу шеран лахьан-баттахь сайн берийн дуьхьа дIа ца йахча ца йелира со. Даим а кхоьруш хан йоккхура ас сайн берех, къаьсттина жимахйолчунна са гатдора ас. Нохчийчохь лелош харцонаш йара, къайлахчу сервисаша сан бераш лачкъон а тарлора. Тахана, эмиграцихь йу со, суо маьрша а, паргIат а хета суна. Оьрсийчоьнан доза айса хадийначул тIаьхьа са паргIат делира сан. Со кхийтира, дуккхаъ а шерашкахь айса мел лайнарг а дитина, дерриг а йухадолон сайн таро хиларх.

Оьрсийчоьно дIалаьцна бу тахана сан мохк, цигахь хIинца а ирча хьал ду. Iедална реза мел боцурш, боллу диссиденташ хIаллакбина, божаршна тIехь ницкъ бо, Украинера тIаме хьийсабо уьш. Таханалерачу Нохчийчохь зударий вакуумехь латтош бу – бистхила-м муххале а ца баьхьара уьш, ур-атталла ойла йан а ца хIуьтту. Ас царна бехкаш ца дохку, цара мел делхийна бIаьргаш, шайн кIенташна са гатдеш. Тхана а саццаза дуьйцу ас йахначу хенахь лелийначу харцонех, къийсам латтош схьайогIу со, нийсо толийта.

Лариса, Швеци

Кхин берш а санна, могIарера нана йу со а. Пхиъ бер ду сан. Кавказехь дуккха а зудабераш а санна, дукха хьалхе маре йахара со. Сайн хIусамдеца цхьа мерза йукъаметтиг лаьттара сан, амма цкъа а ца лиънера суна, дукха бераш хилийта. Шиъ-кхоъ тоаме хетара суна. Царна мел оьшург латтор ду айса бохуш, сатийсина а йара со, амма дахаро дерриг а хийцира. Цхьа бер долчахь, шолгIа а совнах дац, шиъ хилча- кхозлагIа дуьненчу даьккхича а дац кIад бохуш, пхиъ доьзалхо вовшахккхийтира тхан. Дахар суна ма-моьттура, атта а ца хиллера: со бераш кхиош йара къоьллехь, цкъацкъа-м хьалакхалла хIума доцуш а дуьсура тхо.

Дуккхаъчара хатта тарло: ткъа стенна деш дара оццул дукха уьш, хьайн кхаба аьтто ца хилча? Со маре йоьдучу хенахь дерриг а кхечу тайпа хир ду аьлла хетара суна. Майрчо дош деллера суна, со деша а йохуьйтур йу ша, болх а бойтур бу, карьере а гIортуьйтур йу аьлла. Амма со хьалхарчу берах таса ма йелли, йоллу сан Iалашонаш хийца дийзира. Дерриг а берашна дIалуш, цIен нана а хилла йаха йолайелира со. Уьш нийса кхион гIиртина йу со: деша, йаздан, ойла йан Iамош. Тхоьга хьаша-да веача, соьга кест-кеста олура: "Ма дика бераш ду шуна!" Оцу дешнаша ницкъ лора суна.

Хенан йохалла, сайн цхьа некъ карийра суна. Даим цхьаъ йоьшуш хазахетара суна, тIаьхьо йазйан а йолайелира со. Цу хенахь "Живой журнал" олу блог-платформа йара чIогIа гIарайаьлла, цу тIехь сайн блог йолийра ас. Цхьана дийнахь со балха кхайкхира цхьана министраллин пресс-секретарь хила. Йеккъа пресс-релизаш йазъйар суна сиха кIордийра, тIаккха журналистике йирзира со. Фрилансер а хилла, йаздан йолайелира со: сайн махках, мискачу нехан дарх. Амма Нохчийчоьнах лаьцна ма-дарра йаздар –кхераме дара. Бакъоларйаран органашкара суна бевзачара схьа хаийтира соьга, со кхерамехь хиларх а, аса лелочух Iедалан бIарг кхетарх а. Катоьхна дIайаха йийзира со - цкъа хьалха махкара, цул тIаьхьа Оьрсийчуьра а.

Цхьана минотехь сан дахар хийцаделира – сайн жимахдолу бер дIадига бен ницкъ ца кхечира сан. Баккхийнаш хIинца шайн доьзалш болуш бу, амма сан цкъачунна йиш йац Оьрсийчу йухайаха, ткъа церан аьтто бац со йолчу бахка. ВидеозIенехула до оха къамелаш, амма цунах тоам ца хуьлу суна. Сайн кIантах да хуьлуш ца гина суна. Сайн йоI маре йоьдуш, цунна тIаьхьа хьажар а ца хилла сан. Иза маре йоьдучу дийнахь, сайн лазам цунна ца гайта гIертара со, къежаш, амма суна суо бехке хетара массо а хIуманна. Сан балхо, дуьненна сайгара цхьа пайда хила лааро, суо уггар а сайна хьомечух йаьккхича санна.

ЦIийндеца а къаьстина со. Иза Нохчийчохь висина, шена кхин зуда йалийна цо. Ненан дийнахь бераша телефон туху соьга –къежаш, бегаш беш хьийза со, сайн сингаттам царна ца хаийта гIерташ. Амма суна цу дийнах цхьаллин де хилла. ХIетте а со теша, цхьана дийнахь уьш марабохка сайн йиш хирг хиларх, амма цкъачунна – со кхузахь, ткъа уьш цигахь. И дерриг кийрахь къуьйлуш, йаха йеза-кх сан.

Бакъоларйархо Гашаева Зайнап, Швеци

Сайн 20 шо кхаьчча нана хилира сох. ХIинца сан 70 шо ду, сан диъ бер ду. Тхо дерриг а цхьана Iаш ду, амма даймахкана генахь.

Айса беш хилла бакъоларйаран болх бахьана долуш дIайаха дийзира сан, суна чIогIа лазаме сацам а бара сан и. Нохчийчуьра гоьбевллачу нахаца дагайелира со, суо новкъа йалале хьалха. Айса бечу балхаца низамехь доцу цхьа а хIума ца гора суна, суна хаа лиира, ас хьанна новкъарло йеш хилла. Муфтиятера цхьана стага элира соьна: "Зайнап, хьуна тIе мухIар ду таIийна шо хьалха дуьйна а, амма и кхочуш дан цкъачунна аьтто ца хуьлу, хьо цхьана меттахь Iаш ца хиларна". ТIаккха кхийтира со.

Гашаева Зайнап
Гашаева Зайнап

Швецехь йу со хIинца, кхузахь ду сан бераш а, церан бераш а. Суо дIайахарх йоккхайуьй со? Дера йуьй! Кху пачхьалкхо дерриг а латтош ду суна, сан могушаллин Iуналла до, сан берийн бераш ду доьшуш, беа маттахь къамел до цара. Дуккха а диканиг охьадагардан йиш йу сан, амма сан са хьийза цIа, цIерачарна, сан дагна йезначу меттигашна.

Сайн ненан декхар кхочушдиний-те ас? Цунах лаьцна сан берашка хаьттича гIоле ду. Суна мел чIогIа лиънехь а, со мел чIогIа дIагIиртинехь а, мел оьшург дала гIора ца хилла сан. Сан дагахь мел хилларг хIаллакдира шина тIамо, дукха хьолахь бераш церан деца дуьтура ас: доьзал Москвахь, ткъа сан болх Нохчийчохь. Цкъацкъа эхашарна цIера йала йезаш меттиг нислора. Цхьана дийнахь, сайн берашка дийцира ас, мухIажарийн каппашкахь дехачу берийн гIийлачу дахарх лаьцна. Соьга ла а доьгIна, сан йоIа элира, со цигахь Iен а реза йу, хьоьца хилчхьана.

Берийн дена баркалла ала луур дара суна, нохчийн хила ма-йезза зуда йоцу со къелларна, са деттарна, тхан доьзал Iалашбарна. Ненан меттигах, цуьнан дахарх дуккха а дуьйцийла йу, амма хIора доьзал – и хIусам йу, кхерч бу, доьзалан кхерамзалла йу. Нохчийчуьра наношка ала лаьара суна, дуккха а баланаш ловш, цигахь бехаш болчу…Дала ницкъ лойла шуна, вай чу са кхуллуш долу, амма тIамо дIаоьцу хIора дог Iалашдан

  • Мусаева Зарема – нохчийн оппозиционерийн-вежарийн ЯнгулбаевгIеран нана йу. 2022-чу шеран дечкен-баттахь шен Лаха Новгородера хIусамера лачкъийна, кадыровхоша Нохчийчу дIайигира иза. Стохка аьхка Нохчийчуьра кхело пхи шой ахшой хан туьйхира цунна, диабет а, кхин а цхьа могIа цамгарш шена дегIаца долчу цунна. Лахьан-баттахь йуха а хеттарш дира цуьнга, цунна дуьхьал айдинчу керлачу бекхзуламан гIуллакхца доьзна.
  • 2024-чу шеран официалан статистикаца, Нохчийчоь дуьненчу доху бераш дукха хиларца хьалхара йу аьлла, билгалйаьккхина. Регионехь 144 эзар дукха бераш кхион доьзалш бу, делахь а, Оьрсийчохь уггар а хьалха "Нана-турпалхо мидал йелла зуда йу – Нохчийчоьнан куьйгалхочун хIусамнана Кадырова Медни. Мехкан урхалхочо дIахьедира, шайн доьзалехь 14 бер ду аьлла. Изза мидал йелла шолгIа зуда-нана йу Нохчийчоьнан премьер-министран Даудов Мохьмадан хIусамнана – Даудова Асет. Нохчийн парламентан сайтера хаамца, ДаудовгIеран доьзалехь 12 бер ду: 6 кIант а, 6 йоI а.
  • И совгIаташ делла царна, омрана тIехь билгалдаккхарца, "доьзалан институт чIагIъйарна а, бераш кхиорна а". "Нана-турпалхо" мидал йукъайаьккхина стохка мангал-баттахь, цуьнца совгIат до 10 сов бер хьалакхиийначу зударшна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG