Нохчийчоьнан Шела-кIоштара доьзалера кхо стаг вуьйш динчу зуламна тIехула мостагIаллехь лаьттинчу доьзалшна йукъахь маслаIат дина. Оцу кепара цхьана баттахь чIир лаьттина шолгIа доьзалш бертабахийтарх дIахьедина мехкан Iедалхоша.
Кхо стаг вуьйш хиллачу зуламна бехкеверг Гуьмсера вахархо лерира Iедалхоша, цуьнан гергарчара а, тайпанара векалша а байъинчийн цIа баьхкина, гечдар дийхира церан гергарчьрга, чIагIдо Нохчийчуьра Динан урхаллехь
Буьйцург хIун бохам бу а, маса шарахь царна йукъахь чIир лаьттина а, хууш дац. Муфтиятехь билгалдаьккхира, комиссино хIинцале а бIеннашкахь девнаш дерзийна аьлла, оцу гIуллакхна коьртахь Кадыров Рамзан ву. 2011-чу шарахь цо кхоьллира маслаIатан комисси – оцу гIуллакхашца нисбеллачу Нохчийчуьра бахархоща дийцира Кавказ.Реалии сайтана, куьйгебахийтар бертаза деш ду аьлла.
- Нохчийчуьра Куьрчала кIоштан Майртуп эвлара ши доьзал куьйгебахийтира зазадокху-беттан 17-чохь Нохчийчохь, диъ шо хьалха дахаран хьелашца доьзначу бахьанаца стаг верна дов лаьттара царна йукъахь.
- ЧIир лелор – пачхьалкх кхоллайалале хьалха йукъараллин структурашкахь нах Iалашбан дагахь даржийна ширачех ламаст ду. Тахана Оьрсийчохь Къилбаседа Кавказан халкъашлахь диссина и, дийцира Санкт-Петербургера "Кунсткамера" музейн историн Iилманийн а, Iилманан лакхарчу белхахочо Албогачиева Маккас. Йуьханца дуьйна цуьнан маьIна мостагI хIаллаквар дацара адаман дахаран а, даха а бакъо хилар ларийта аьлла йукъадаьккхина хIума дара, бохура цо.
- Кавказан доллу къаьмнаша аьлча санна лелош дара чIир кхайкхор. ЧIир лелаш йу Гергарчу Малхбалехь а, Италин къаьстинчу регионашкахь а, Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу иттаннашкахь шерашкахь и толлучу Iилманчийн интерес алсамйаьлла. Пачхьалкхан а, бакъонан а Инститетехь РАН-хь, этнологин а, антропологин а РАН-хь, Москвара юридикан институтехь цхьа могIа диссертацеш йу оцу проблемах лаьцна йазйина.