ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьана шарахь шозза алсамдевлла къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а тIемалойн хьокъехь бехктакхаман гIуллакхаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2023-чу шарахь Къилбан тIеман гонашкара гарнизонан кхелаша 2306 бехкзуламан гIуллакх листина 2413 стагана дуьхьал айдина хилла. Шо хьалха листинчу гIуллакхел а шозза сов ду терахь, хаамбина бехктакхаман гIуллакхашкахула йолчу кхелан коллегино.

2117 гIуллакхца доьзна таIзар кхайкхийна – теллинчу гIуллакхийн 91% хуьлу и. Оцу йукъанна бехказа ваьккхина кхеле хIоттийна кхоъ, 11 гIуллакх прокуратуре йухахьажийна, цхьаъ – талламхошка. 125 гIуллакх йукъахдаьккхина, иштта бехкебечарна суьдхойн гIуда тоьхна а. Кхаа гIуллакхан хьокъехь сацам тIеэцна бертаза медицинан барамаш дуьхьалбохуш – психиатрин дарбан цIийне хьажош.

Дустуш аьлча – 2022-чу шарахь Къилбан тIеман гонашкара кхелаша листина 1127 бехкзуламан гIуллакх 1196 стеган хьокъехь, ткъа кхо шо хьалха 1266 гIуллакх 1336 стагана дуьхьал айдина хилла. Стохка а, цул хьалха а – стаг бехказа воккхуш шина гIуллакхца бен таIзар кхайкхийна дац.

Iаламат чIогIа алсамдаьлла къизалица а, къаьсттина къизаллица а динчу зуламийн терахь, иштта йух-йуха а дина зуламаш а.

2023-чу шеран жамIашца Къилбан тIеман гонашкара кхело хьалхарчу инстанцихь теллина 279 стагана дуьхьал даьккхина хилла 213 бехкзуламан гIуллакх. Хууш ма-хиллара, дуьйцурш ду террорхойн, шпионажан, йа пачхьалкхана йамартвалар артиклашкахула даккхий зуламаш. ТаIзаре хIиттийначарлахь – оккупаци йинчу дозанаш тIера лецна бигина Украинан бахархой а бу.

2023-чу шеран гезгамашин-батте кхаччалц Новочеркасскан гарнизонан кхело теллира Оьрсийчоьно оккупаци йинчу Украинан Луганскан кIоштахь лелийначу зуламашкахула дуьхьал даьхна хилла бехкзуламан гIуллакхаш. Ростовера гарнизонан кхело – Донецкан а, Запорожьен дIалаьцначу цхьана декъа тIехь лелийна зуламаш листира, ткъа аннекси йинчу Севастополера гарнизонан кхело – йукъ-кара дIалаьцначу Херсонан кIоштара зуламаш.

  • Къилбан гонашкара тIеман кхело тIечIагIдира Ростовн гарнизонан кхело контрактхочунна Бадмаев Борисан хьокъехь дина таIзар, иза бехке лерина стохка дечкен-баттахь оккупаци йинчу Донецкан кIоштан дозана тIера хьуьнан асанехь лечу хьоле валлалц йеттарна шеца эскаран гIуллакх деш хиллачу накъостана.
  • Новочеркасскера тIеман гарнизонан кхело Ростовн кIоштахь эскарехь гIуллакх дечу контрактхочунна Артемьев Артемана ворхI шой, ахшой хан туьйхира шогачу хьелашкара колонихь даккха, уьрсаца шен командирна тIелетта - чевнаш йарна. Ткъа вукхунна йиъ чов йинера.
  • 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира мобилизаци кхайкхийра, ткъа Пачхьалкхан думо чIагIдира шен лаамехь дакъа дIатесначунна таIзар дар. Оцу хеначохь гарнизонан кхелаш листина кхо эзар сов эскарера бевддачу салтийн хьокъехь ийдина гIуллакхаш. Оцу йукъанна бехкечийн могIарехь нисло дукха хьолахь мобилизаци йина хилларш, профессионале контрактхой а боцуш. Дозанца йолчу Ростовн кIоштара хIунда уьду дукха хьолахь эскархой къастийра Кавказ.Реалии сайто эксперташца цхьаьна.
  • Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалацийта Iедалхоша пайдаоьцучу нехан хьал Оьрсийчохь телхина догIу: арме кхайкхарх долчу низамехь а шога хийцамаш бина, мобилизаци йинчийн гергарчара тIедожийна массарна а гуш-хезаш шайн бераш цIа даладе аьлла, ткъа лазийначара кест-кеста дIахьедо, президенто лур ду аьлла ахчанаш шайна схьакхачош цахиларх. Кавказ.Реалии сайто йаздира оцу кепара Къилбаседа Кавказехь а, къилбехь а къаьсттина гIарадийлинчу гIуллакхех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG