ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бацой болчохь - децIахь санна


Нохчо Эрзанукаев Азамат Тушетера бацо Резо Орбетишвили волчохь хьошалгIахь. 2013 шо.
Нохчо Эрзанукаев Азамат Тушетера бацо Резо Орбетишвили волчохь хьошалгIахь. 2013 шо.

200 шо сов зама ю Гуьржийчуьрчу бацойнний, нохчийнний, гIалгIайнний меттанийн юкъарлонех дийца долийна. Делахь а, ца го уьш цхьа наггахь таллам арахоьцучу Iилманчашна бен.

Нохчашлахь бацой хьахабелча уггаре хьалха а, тIаьхьа а дагавогIу веккъа цхьа Iилманча – Советан заманара академик-лингвист Дешериев Юнус. Бакъду, цуьнан а, цул тIаьхьа и тема хьехийначийн а тидам беккъа маттаца лелла. Ца бина шайна кхочучу декъанна болх я историкаша а, я этнографаша а.

ТIаьххьарчу заманахь, мелла а цIена бийца бисинарш къаной бен боцуш, бацойн мотт, ган а гуш, леш бу. Хала ду иза бийцийта, лерг деладайта нах ша Тушетехь карон а.

Эрзанукаев Азамат, дишни-веданхо, Нохчийчуьра могIархо, ненан мотт леррина Iамош а, безаш а ша хиларе терра, бацой болчу кхача, мел бакъду церан нохчашца зIе ю бохург, Iилманчаша дуьззина ца теллинехь а, ша зен хьаьгна вара дукха хенахь дуьйна.

Иза эххар а кхечира Тушете, карийра бацой, тесна цаьрца гергарло.

Азамата иштта дагалоьцу ша цIова-тушинийн матте ладогIа, оцу къоман гIиллакхаш зен муха вахара, ша а, шеца хиллачу накъосташна а хIун хьал карийра Тушетехь.

Эрзанукаев: «Со ГIалгIайчуьрчу сайн хьешашца цхьана вахара Тушете дуьххьара. Вуно дика накъостий бу суна уьш хIинца а. ДIадоьлхуш, тхо Казбегехь севцича, оха некъ хаьттина воккха стаг ша а нисвеллера бацо. Иза шен цIа вуьгуш, къхечира Тушете.

Цигахь доггах тIеийцира бухарчу бахархоша. Оха дийнахь-буса бира тхайн дуьххьара таллам. ДIадахча, со хьагна вехара цига юхакхача..."

Иштта хеза бацойн мотт эшаршкахь.

Шена Тушетехь лелийна хьошалла, цигахь карийна хьеший, бацойн мотт муха бека – дерриг а дийцира Эрзнукаевс интернетехула. Цунна гира бацойн мотт нохчийн маттах тера хиларал совнаха, цуьнца нохчашлахь ширачу дешнийн дуккха а хорханаш юйла.

Эрзанукаев: «...ШозлагIа вахча, ас цигахь 17 де-буьйса даьккхира, бевзира вуно дукха дика нах. Цаьрца хан йоккхуш, суна сайна а Iама герга бара бацойн мотт.

И мотт вайн дайша бIешераш хьалха бицинарг бу. Бовш лаьтта. Бераша ца буьйцу. Баккхийчара а гуьржийн маттаца иэбина буьйцу. Талла безаш бара бацойн мотт. Цо дуккха а шира дешнаш меттахIиттадойтур дара вайга а, гIалгIашка а."

Интернето лучу таронех пайда а оьцуш, бацошца шаьш-шайна гергарлонаш леладо дуккха а нохчаша, гIалгIаша. Амма бан безаш буьсу церан меттаца талламаш, таллаза юьсу къоман историн къайленаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG