Оьрсийчоьнан къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу Федералан агенталло (ФАДН) дӀахьедина, Дагестанера социалан хьал карзахе ду аьлла, иштта билгалдаьккхина "исламизаци кхуьуш" хилар, махкара муфтиято бечу Iаткъамца и дузуш. Оцу йукъанна, регионерчу бусулба нехан синан урхалло дуккха а шерашкахь йеккъа цхьана Ӏедалехьа йолу позици дӀалоцуш йу, билгалдоккху тхан редакцино къамел динчу эксперташа.
И муфтиятан билгалонаш йовзуьйту ХIинжа-ГIалахь а, Дербентехь а килсашна а, синагогана а, некъан полицин постана а мангал-баттахь тӀелатарш динчул тӀаьхьа ФАДН-о Ӏедале хьажийначу аналитикан рапортехь. И документ немцойн Der Spiegel газете кхаьчна хилла, билгалдаьккхина The Insider хьасто.
Дагестанера хьал чолхе ду аьлла мах хадабо агенталло, иза дузу коммуналан проблемашца: дуккха а шерашкахь регионехь кест-кеста хи а, ток а дӀайоккхуш хиларна. Цу проблемашна бехке лору меттигерчу Ӏедалан органашкахь коррупци хилар. ФАДН-ан рапорто иштта коьртачу кхерамех цхьаъ санна лору республикехь кхуьуш "исламизаци" хилар, Ӏедалехь дуккха а коьрта даржаш дӀалоцуш волчу муфтийн Абдуллаев Ахьмада тӀеӀаткъам бар кхуьучу йукъанна.
Рапортан авторша дийцарехь, 2017-чу шарахь дуьйна динан гӀуллакххо "исламизаци чIагIйаран центр" хилла дӀахӀоьттина, "йукъараллин а, политикан а дахарехь олалла дан" гӀерташ ву иза, ткъа оцу йуккъехула "шариӀат низаман система санна йукъадаккха а, республика йеккъа бусалба йан а" хьийза.
Ша урхалло йа тӀечӀагӀдина а, йа харцдина а дац и тайпа чулацам болуш аналитикан кехат хилар. Оццу хенахь Дагестанан къаьмнийн министралло цу зорбанан гӀирсах "дезинформацин фейк" йу аьлла, иштта бохура Der Spiegel "доттагӀалла доцчу арахьара пачхьалкхан журнал" ду аьлла. ХӀара пост а зорбане йаьккхина муфтиято, кхин маьIне комментарий ца йина цу гӀуллакхах лаьцна цара.
"Ӏаламан бакъонан хьостан" куьйгалхо
Абдуллаев Ахьмад 1998-чу шарахь дуьйна Дагестанерчу бусулба динан урхаллин куьйгалхочун даржехь ву. Оцу доллу шерашкахь муфтиято хаддаза шордеш йу регионехь шен Ӏаткъаман дакъа. Масала, шен Ӏуналлехь долчу маьждигашкахь кӀоштан имамаш хӀитто а, дӀабаха а бакъо цуьнан бен йац.
Цу кепара, 2021-чу шарахь Цумадинан кӀоштара Агвали юьртахь имам хӀоттор дирзира меттигерчу бахархошца дов долуш, йуьрта чу балийра ницкъахой. ХӀетахь дерриг а компромисс карийна дирзира, амма редакцино хеттарш динчу тергамчаша бохура, хIинццалц ша Ӏуналла деш йоцчу регионехь а цхьана шен Ӏаткъам шорбан гӀортар ду и муфтиятан аьлла. Оццу шарахь цхьайолчу меттигерчу йукъараллашна ца лиира муфтиятаца йиллина конфликте йийла, регионан муфтиятан куьйгакIелара йевлира уьш, Оьрсийчоьнан бусалба Динан урхаллех дIа а кхеташ.
Муфтиято бакъболу политикан ницкъ гойту Дагестанан чоьхьарчу хьолана а, цуьнан дозанал арахьа а, комментари йо талламхочо, Къилбаседа Кавказехула эксперт волчу Соколов Дениса.
Муфтиятан аьтто бу - Ӏедалца а, ницкъаллин структурашца а цхьаьнаболхба
"Дагестанехь, Къилбаседа-Малхбалерчу Кавказерчу кхечу республикашкахь а санна, бусалба дин - дукхахболчу нехан шатайпаналлин дакъа ду. Иза низаман хьоста ду, юрисдикцин хьоста ду, дуккхаъчу агӀор Ӏаламан бакъонан хьоста ду, хӀунда аьлча, Оьрсийчохь баккъалла а болх беш цхьа а кхин низам дац", - бохуш, кхетадо цо.
Къилбаседа-Малхбалерчу Кавказехь а, къаьсттина Дагестанехь а бусулба дин дендаран историга вай хьаьжча, иза даима а хилла муфтияташа жигара дакъа а лоцуш, бохуш кхидӀа а дуьйцу къамелхочо. ГIезалойчуьра исламан дешаран система телхачу йукъанна, Дагестанехь муфтиятан Ӏуналлехь йолчу исламан университеташа арахоьцуш бара динан говзанчаш, цул тIаьхьа цара йоллу Оьрсийчохь болх бина, аьлла хета Соколовна.
"Хила тарло тӀаьхьо цхьаъ коллаборационизмах а, (муфтиятан) коррупцех а дог а даьлла, суфистийн исламера салафитийн исламе вирзина. Иза дерриг а нийса ду, муфтиято альтернативе хьехамчашца къийсам латторо шен дешаран а, вовшахтохараллин а тӀегӀа лакхайаккха иза декхаре вина хилар. Кхузахь муфтиятан аьтто бара: Ӏедалца а, ницкъаллин структурашца а цхьаьна болх бан, - чӀагӀдо талламхочо.
Дагестанехь муфтият йара исламан диссиденташ – коьртачу декъана салафиташ – ницкъаллин структурийн белхахоша хьийзор юьхьарлаьцнарг. Муфтиято луьра реакци йо шен могӀаршкахь резадацарш хаалахь а – гайтаме дийцар хилира Дагестанан имамца БатIлахIан Ахьмадца хилларг: хьалха цо болх бира муфтиятан йоллу бакъонаш йолу векал санна Дагестанан къилбаседа гонехь, амма Динан урхалло а, Абдуллаев Ахьмада а критика йинчул тIаьхьа Iеламчан хIусамах цIе теснера, цуьнан нана арайаьккхира, амма тIаьхьо иза ша а декхаре хилира Оьрсийчуьра дIаваха.
ТӀаьхьарчу иттаннаш шерашкахь Дагестанехь муфтият гӀиртина хӀора йуьртара маьждиг шен караэца а, цига шен имам а вахийтина, агӀончийн тоба вовшахтоха а, административан ресурсех пайда а оьцуш, массо а ницкъ пачхьалкхаца а, ницкъаллин структурашца а цхьаьнаболхбарна тӀеберзо а, бохуш, жамӀ до Соколовс.
"Динан йелахь а, политикан организаци"
ФАДН-ан рапортехь цхьа могӀа цхьаьна ца догӀу хӀуманаш ду, боху шен цӀе йаккха ца луучу Дагестанерчу юкъаралхочо (тхо тешна ду экспертан компетенцех, амма репрессиван Оьрсийчоьнан низамаш бахьана долуш цуьнан цӀе йаккха йиш йац тхан – Редакцин билгалдаккхар). Цо дагалоьцу дукха хан йоццуш динан урхалло къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу Федералан агенталлица дика йукъаметтигаш а, бизнесан зӀенаш а хилар билгалдаккхар хилар – Динан урхаллин телеграм-каналехь каро йиш йу Абдуллаев Ахьмадан агенталлин куьйгалхочуьнца Баринов Игорьца хиллачу цхьаьнакхетарех посташ.
"Цхьа хабарш ду лелаш, ФАДН-на а, муфтиятна а йукъахь хиллачу девнах лаьцна, и дов чIогIа хиллачух тера ду, Баринов Игорьна бусалба нах мархин беза бутт карабеача декъалбан "дицделла". Амма оцу йукъанна буддисташ декъалбина цо КIайчу беттан денца. Конфликт йузу, республикера динашна йукъарчу къийсамашкахь муфтийс жигара дакъалоцуш хиларца, цо вуно чӀогӀа талхайо цуьнан авторитет. ФАДН-на ца тов и хӀума", - бохуш, дийцира къамелхочо.
Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу агенталлин куьйгалхо Баринов Игорь –цхьана хенахь десантхо хилла ву, дагалоьцу Соколов Дениса: "Иза дIоггара чолхечу къийсаман кепийн агӀонча вац. Хала ду Дагестанан муфтиятца политикан агӀор къийсам латто - уьш вуно зеделларг долу кӀентий бу. Амма муфтият а, йохкайелла администраци а йуьстича, муфтиятан хIуъа а делахь а, деза цхьаъ ду. Динан йелахь а, хIара политикан организаци хилар кхеташ делахь а".
Иштта цу документехь ФАДН-о хьоьху "луьра кадрийн политика" кхочушъйар, цу йукъахь хир ду муфтиятан агӀончаш Ӏедалан органашкахь хилар дехкар а, хьалха эскарехь гIуллакх дина хилларш куьйгаллин даржашка хӀиттор а дехкар.
Муфтият муьтӀахь йу карарчу хенахь долчу Ӏедална, амма оццу заманчохь иза дуккха а процессашна тӀехь Ӏуналла дан гӀерташ йу
Бусалба дин ФАДН-на а, цуьнан лидерна а коьрта кхерам хилар къайле йац, чӀагӀдо политолога Айсин Руслана: "Царна Кавказ, шеко йоцуш, мостагӀаллин территори йу. Ткъа цигахь хӀуъа а хилча а: вахIабисташ бехке бе ахьа - тӀаккха хьо бакъ хир ву. Аьлча а, хьо а вац бехке, Москва а йац, цо дIахIиттинарш а, Меликов а [Дагестанан куьйгалхо Сергей], уьш баха ца буьту бусалбанаш бу бехке".
Муфтиятан Ӏаткъамах лаьцна дуьйцуш, республикерчу йукъараллин гIуллакххочо бохура, пачхьалкхехь а пачхьалкх йу Динан урхалла: "Иза чIогIа тешаме йу хӀинцалерчу Ӏедална, амма оццу хенахь муфтият шена тӀехь йита гӀерта республикехь дӀахьош йолу дуккха а процессаш, царна йукъагIерта кхоьру республикера Iедал. Муятиято шен контролехь латтош ву 250-300 эзар гергга борша стаг, ца хьулчу далахь церан ницкъ бу дуккха а нах шайна тIеоза. Масала, 2022-чу шарахь ламазаш деш суьйре дӀайаьхьира цара, масех сахьтехь аьтто хилира церан ХӀинжа-ГӀаларчу майданахь 10 эзар гергга стаг вовшахтоха".
Цуьнан хьесапашца, муфтий баккъалла а регионан йукъараллин а, политикан а дахарехь олалла дан гӀерташ йу, амма цкъа а ца хьаьжна - шарӀан кеп йолу Ӏедал дӀакхайкхо.
"Иза кийча ву республикан Ӏедалца, къаьсттина бахаман министраллица, йукъаметтигаш лело, хӀунда аьлча кест-кеста латтанийн дакъошца а, ара-чу ца баккхалун бахамца совгӀаташ до цара цунна. Амма муфтиято цкъа а дӀахьедина дац, Дагестанехь шарӀан Ӏедалан кеп оьшуш хиларх.
Мелхо а, и тема йийцаре йеш а, йа хьалхатоьттуш а йац цара, хаддаза дӀакхайкхадо, "вай пачхьалкхан гурашкахь ду", "вай Ӏедалца цхьаьна ду", ткъа царна карадо, оцу доллу хьелех лаьцна дIадийца динан бахьанаш", - билгалдоккху къамелхочо.
Iедало дIатеттинчу хьехамчас БатIлухIан Ахьмада а латкъамаш бира, "муфтиятан политика шарӀан политикаца йогӀуш йац" бохуш. ТӀаьххьарчунна дискредитаци йархьама муфтиято пайдаийцира динан нахана йукъахь, "БатIлухI эвлара кегийрхой" тIе а озийна, цигахь хьалха имам лаьттинера БатIлухIан Ахьмад. Цара видео-хаам дӀайазбинера, цу тӀехь бохура иза "сийдоцу стаг" ву, дIахьедира "вайн махкахошна йукъахь цунна меттиг бац" аьлла.
Муфтийн хIусамнана
Муфтиятан Ӏаткъаман барам гойтуш кхин цхьа масал ду - 2018-чу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашка муфтиятан хӀусамнана Гамзатова Ӏайнаъ хьалхатеттар. Гамзатова - муфтийн хьехамча а, цуьнца цхьаьна Дагестанерчу бусулба нехан синан урхаллин медиа-менеджер а йу. Махкарчу динан урхалхочун хӀусамнанас федералан харжамашкахь дакъалацар цкъа а ца хилла хӀума дара, ткъа регионан эксперташа билгалдаьккхира, нагахь санна Гамзатовас шен кандидатура йуха ца йаьккхинехьара, Дагестанехь президентан харжамашкахь "дуьззина кхечу кепара жамӀаш" гойтур дара аьлла. Оцу дийцаро а муфтиятан Ӏедалца диалогехь дош лелар чIагIдира.
2022-чу шарахь бӀеннаш зударий арабевлира Украинехь тӀаме мобилизаци йарна дуьхьал ХӀинжа-ГӀалахь – уьш гӀоьртира Ӏедалшна божарий тӀаме хьийсор дехка. ХӀетахь муфтиято йиллина гӀортор ца йира протестхошна, амма Гамзатова Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дехар динарг йара, дагестанхой эхашарна мобилизаци йукъа ма бахийтахьара аьлла. Диллинчу кехат тӀехь цо мукӀарло динера, ледара кечбина бахархой тIамтIе дӀахьежош хиларх, цо дехар дира, уьш кечбан хан ло аьлла. Цул тӀаьхьа, Кремльца девне а ца йолуш, муфтиятан аьтто белира оьгIазло гIаттийначу меттигерчу бахархошна гӀортор йан.
Кечам бан хан йехар, ма-дарра аьлча, муфтиято шен эскар кхуллуш санна гира, дуьйцу республикерчу юкъараллин гIуллакххочо: "Нах Ӏаморан ницкъ хиларо гойту полигон хилар, герз кхачо а, Ӏаморан процессаш хилар а. Оцу йукъанна Украинерчу тIамехь дакъалоцуш муфтиятан векалех кIезиг бу, адамаш маса вовшахтоха церан аьтто боллушехь. Кхетам бу, ур-атталла мурдашна йукъахь а и ойла гIарайаьлла цахиларх, цо юкъараллин цхьа дакъа царах хердан дан тарло".
МуьтIахь белахь а, йустах лаьтта?
Дагестанехь "исламизаци" кхуьуш хиларх лаьцна дуьйцуш, къаьмнийн гӀуллакхашкахула йолчу федералан агенталло хьахош ду республикехь никъабаш лелоран практика шоръйалар. Царна гонаха дийцарш долийра йуха а, мангал-баттахь республикехь тӀелатарш динчул тӀаьхьа.
И хиламаш хиллачул тӀаьхьа Оьрсийчоьнан Ӏедалан векалша дӀакхайкхийра, республикехь радикализм йаьржина аьлла. Ткъа Оьрсийчоьнан Федерацин Талламан комитетан куьйгалхочо Бастрыкин Александра массарна а хьалха тӀедожийра никъабаш лелор сихонца дехкар, динан атрибут экстремизман билгалонех дIа а тухуш. ТӀелатар динарш божарий бара, хIетахь хаамаш баьржира, царех цхьаъ никъаб тиллина, къайлавала дагахь хиллера бохуш, амма и хаамаш тӀечӀагӀбина бацара.
Федералан Iедалша хьеннан бина а бехк бийр бу
Муфтиято баккъал а гӀортор йира Бастрыкинна, ткъа Абдуллаев Ахьмада дӀакхайкхийра гергарчу хенахь регионехь и хIума коьртахь лелор доьхкуш долу фатва арахоьцур ду аьлла. Амма муфтиятан фатван декъехь куьйгаллин позицица къийсам хилира, цара дӀахьедира, шайна цхьа а бух ца го дехкарна аьлла. Амма мухха делахь а, муфтиято хӀетте а цхьана ханна дехкар арахийцира, цул тӀаьхьа дӀахьедира, никъаб "цхьайолчу пачхьалкхашкахь динан радикализман а, фанатизман а билгало хилла дӀахӀоьттина" аьлла, дӀахьедар дина. И дехкар динан нехан бакъонаш талхор ду элира эксперташа.
Цхьа билггала процент зударий никъабаш лело буьйлабелира, амма уьш дукха бIаьрла хуьлура, хӀунда аьлча Дагестанехь никъабаш наггахь бен лелош цахиларна. Процент кхин башха йоккха а йацара, исламизаци йаьржаш йу бохуш, мохь беттал, бохура республикера йукъаралхочо: "Ма-дарра аьлча, республикехь исламизаци даим а хилла йу, кхин дIоггара зуламе барам болуш а дац и хIума".
Шен документехь ФАДН агенталло а дузу радикализаци алсамъйалар денна нислуш йолчу проблемашна дуьхьал социалан протест йарца. Амма, йукъарчу хьесапехь, нагахь санна вай регионера хьал схьаэцча – ток дӀайалар, хи сацор, газ дӀайаккхар – иза деккъа цхьа дог этIон юкъара хIума ду, бохуш дуьйцу къамелхочо кхидӀа а.
"Нах кӀадло, балхара цӀа богӀу уьш, кран схьайоьллу – хи дац, шелиган неI йоьллу – ток ца хиларна йуург цу чуьра телхина, хIусамехь шийла йу, бераш шелло, дай-наной цомгаш хуьлу. ХӀара йукъара невроз йу, хӀара хуьлуш долу кхо шо ду хӀинца. Амма олийла дац, адамаш терроран тохарш дан арадовла бахьанаш уьш ду", - дерзийра цо.
Тахана Дагестанехь дан тарлуш долчух а, дан йиш йоцчух а, доллучух а дIацIандинчул тIаьхьа, йуьсург муфтият йу, цо а, схьагарехь, новкъарло йо, комментари йира Айсин Руслана. Цунна хетарехь, федералан Ӏедалшна оьшур ду милла вина а, цхьаъ бехкеван хи ца хиларна а, канализацин система эккхийтарна а, бензин дутту станцеш лелхийтарна а – оцу доллучунна а тарло динан урхалла бехкейан, бохуш, дерзадо цо шен къамел.
• Дагестанан муфтиято хьехна зударшна никъаб йита, оьшуш хилахь веерца йа коьртара йовлакхан цхьа дакъаца йаххьаш дӀакъовлур йу аша, аьлла ду шариӀатан сацамехь. ХӀинццалц республикехь никъаб лелор дехка цхьа а бух ца карийначу динан урхалло зорбане даьккхина цу хьокъехь шордина кхетор.
• Тхан сайто къамел динчу говзанчийн шеконаш йу тахана бусулба нехан Динан урхаллин буьззинчу барамехь бусулба нехан бакъонаш йовзийта а, царна тӀеӀаткъам бан а йиш йолуш хиларх.