Истамулехь вийначу Эдельгириев Iабдул-ВахIидан дас дуьйцу шен воI вийнарш ГIирмерчу гIезалойн мажлисан лидерех хийцарх лаьцна шена хетачух
Туркойчоьно Эдельгириев вер талла долийра, кхел а яра йоьдуш, амма чекхдаккхаза дисина– кьугбехкалла зуьйш лаьцна кхобу Анисимов Юрий а, Смирнов Александр а Оьрсийчоьнца хийцина ГIримерчу гIезалойн мажлисан шина лидерх.
73 шо долчу Шуьйтан кIоштарчу Эдельгириев Iалун Оьрсийчоьнна дуьхьал леташ беллачу кIентех воьалгIаниг вара Iабдул-ВахIид. Нохчийчуьрчу тIамех жигара дакъалаьцна волу иза вийра 2015-чу шеран Лахьан-баттахь.
Iалус дуьйцу «Кавказ.Реалиига» шена шен воI вийнарш мукъабахарх хетарг.
- Мел хан ю шу Туркойчохь деха?
-2009-чу шарахь дуьйна. Iабдул-ВахIид шо тIаьхьа веара – дарбадайта, чов йинера цунна.
- Iабдул-ВахIид вер толлуш мила лерира зен ловшверг?
- Кхо стаг – со а, цуьнан жимахволу ваша Зеламха а, зуда а.
- Кхел йоьдуш шун доьзалан бакъонаш тергалйийриг мила вара?
- Тхан адвокат вара, турко. Кхел йолалуш иза вацара, цунна юьстахарчу нахера бен ца хиинера дов листа долийнийла. Дов талла хьан долийна а ца хаьа тхуна, цхьа информаци яц луш. Хьалхара ладегIарш Стигалкъекъа-беттан 23-чохь долийра кхело, цул тIаьхьа бен адамаш терра таллам а ца болийра. КхоалгIа кхеташо кху беттан 25-чу денна къастийна.
- Масса стаг ву бехкевеш?
- Ши оьрси ву – Смирнов а, Анисимов а. Ткъа уьш сан воI вейтинарш бу, хьан вийна тхуна ца хаьа.
- Шеко-м яц хьан Смирнов, Анисимов зуламан декъахь ву я вац бохучуьнца?
– Цхьа а шеко яц.
- Кхелехь муха хьийзара и шиъ?
– Бехказа вуьйлура. Шаьш Ялова дарбадайта даьхкина туристаш бен а дац, бохуш. Уьш дуьххьара баьхкина а бацара Туркойчу. Уьш кхуза моссаза богIу а нохчий бара бойъуш. Уьш дIахецнийла а тхуна прессехула бен ца хиина. Смирновн бархI адвокат вара, Анисимовн – виъ.
- Туркойчоьно уьш Чийгоза Ахьматах а, Умеров Ильмих а стенна хийцина хьуна хаьий?
– Кхета-м гIерта тхо… Амма иза харцо ма ю – стаг вейтиначарна таIзар ма догIу.
– Шаьш Туркойчохь кхерамзаллехь ду аьлла хетий шуна?
– Кхерамзалла юьйцучохь а дац. ХIара дуьххьара дац, я тIаьххьара стаг вер ду ала а дац. Кхел ца йина цхьанна а. ХIара шиъ дуьххьара вара лецначех, хIорш а дIахийци.