Дуьхьалонан акциш юьйлаелира Уьстмалахь керла йохка-эцаран центр ян дагахь Iедалша цу гIаларчу цхьана паркера дитташ дIахьакха сацам бича. Амма проблема дуккха а къорга хилла. Иза гойтуш ду цигахь къепедацарш даьржаш хилар.
Цхьаболчу аналисташ билгалдоккху премьер-министр ЭрдохIан Реджеп 2002-чу шарахь Iедале веачхьана цу тайпа тасадаларш цу махкахь хилла ца хилар. Цара дийцарехь, цу акциш гойтуш ду Туркойчоь динца йоьзна йоцу пачхьалкх хила еза аьлла хеташ болу нах ЭрдохIанах а, цо юхьаралаьцна лелочух а догдаьлла хилар.
Дуьйцург ду ЭрдохIана кхузамахьлера ялахь а, консервативан бусулба пачхаьлкхехь авторитаран кепехь ша юьхьарлаьцнарг чекхдоккхуш оппозицина хетарг тидаме оьцуш ца хилар.
Йинанч Барчин ингалс-маттахь Уьстмалахь арадолучу "Hurriyet Daily News" цIе йолчу газетан редактор ю. Дуьхьалонан акцийн декъашхой ЭрдохIане ала гIертарг иштта кхетадо цо.
Йинанч Барчин: «Ахьа махкана урхалла дан ца деза, хьайгахьа кхаьжнаш тесначу 50 процентана хетарг юьхьара а лаьцна, кхин 50 процент нах бу кху дуьнене кхечу агIор хьажар долуш. Царна хетарг а лара деза ахьа, боху цара».
Йинанч Барчина дийцарехь, дуьхьалонан акцийн декъашхой гуш бу ЭрдохIан а, цо куьйгалла до АК-парти а, шайн исламан бух болу хьажар долуш хилар, официалан кепара дуьненан Iедал долчу Туркойчохь.
Йинанч Барчин: «Премьеро деш долу дIахьедарш де дийне мел дели а консервативан кепехь хуьлуш ду. Масала, тIаьххьара тIеэцна долу маларх лаьцна низам, схьаоьцур вай. Цо элира Iедало и низам тIеэцна дино бохучунна тIе а тевжина аьлла. Тахана дуьненан Iедал долчу пачхьалкхашкахь низамаш тIе ца оьцу дино хьоьхург юьхьар а лоций. Цу кепара цу гIуллакхо синтем байинера Туркойчохь».
ДIабаханчу баттахь Туркойчоьнан парламенто низам тIеийцира (нагахь иза президенто тIечIагIдахь кестта болх бан долалур ду) суьйранна 10 сахьт даьлча Iуьйранна 6 сахьт даллалц малар дохкар доьхкуш долу. Цу низамца а догIуш, малар духку керла туьканаш а, бараш а схьаелла мегаш дац 100 метр школашна а, маьждигашна а уллехь.
Дукхах
Цу низамна реза бац цхьаболу нах, къаьсттина бизнесхой, цо Туркойчоьнан туризман индустрина вочу агIор Iаткъам бийр бу бохуш. Цул сов, ЭрдохIана ша дуьхьал хиларх лаьцна дIахьедар дина зударша шаьш доьзалхочух хилар юкъах даккхарна а.
ТIехула тIе ЭрдохIанан Iедал критика ловш дара цо журналисташна а, эскархошна а, курдашна а тIеIаткъам бар алсам даьлла хиларна.
ЭрдохIан Реджепа куьйгалла деш йолу Нийсонан а, Кхиаран а парти юха а, кхоалгIа а, харжамашкахь толам а баьккхина, Iедалехь йиса дагахь ю. Амма Туркойчоь дуьненан Iедал долу пачхьалкх хиларан агIончаш хийца лууш бу хIоьттина хьал. Иштта хIоьттинчу хьолехь къепедацарш ду дIадоьлхуш Уьстмалахь а, Хокарахь а, Измирехь а. Хьал вочу долуш ду.
ЭрдохIана дуьхьалонан акцешкахь дакъалоцуш «масийтта марадоьр" бен кхин стаг вац аьлла. Нагахь шена дуьхьал болчу наха 100 эзар стаг араваккхахь, ша шен партин цIарах миллион стаг аравоккхур ву бах цо.
Бакъонашларъярхойн органицазеша, шайна юкъахь Amnesty International а йолуш, емал дина кху беттан хьалхарчу дийнахь Уьстамалахь митинг дIасалоллуш полицино демонстранташна дуьхьал оьшучул а алсам ницкъах пайда эцар.
1990-чу шераш юккъедевлчхьана баккхийн кхиамаш баьхна Туркойчоьно. ХIинца иза кхуьуш а, дуьнентIехь дош лелаш а пачхьалкх ю, хаьлха хиллачуьнца юьстача. Амма тахана цигахь хуьлуш долчо зе до Туркойчоьнан имиджана.
Лондонерчу экономикан школера Кер-Линдсей Джемс Туркойчоьнехула эксперт ву. Доьнал а долуш, эконокан хийцамаш беш ЭрдохIана юхьарлаьцна хиллачу урахаллан кепо хIинца цунна новкъарло йо аьлла хета Кер-Линдсейна.
Кер-Линдсей Джемс: «30 шаре бевллачу кегийрахошна (ткъа уьш 32-33 миллион бу), гарехь, дагадогIу хир дац Туркойчохь 1990-чу шерашкахь лаьтташ хилларг. Доьхнарг ду махкахь токхо хIоттош ЭрдохIана юьхьара лаьцна хилла кеп хIинца цунна бале йолуш хилар».
Кер-Линдсей Джемса дийцарехь, исламисташца кIийсам дIахьош болу нах шаьш бисина хIинццалц хилла болу кхин цхьа ницкъ юьстах балар бахьана долуш. Буьйцурш бу Туркойчохь тIаьххьалц дош лелаш хилла болу эскаран куьйгалхой. Хьалха церан шуьйра бакъонаш яра. Iедалшна цхьаъ дан дагадеача, инарлаша «аша иза дийр дац» аьлча тоьаш дара. ХIинца иза доцуш ду бохуш, дуьйцу Кер-Линдсей Джемса.
Цундела дуьхьулонан акцин декъашхой тийсало полицех, кхин ницкъ юкъагIоьртар а боцуш.
Карарчу хенахь цу махкахь къепе хIуттур ю аьлла сатийсам бу. Шина а агIор лидерш шайн агIончаш урамашка арабаха лууш бац.
Оршотан дийнахь Туркойчоьнан президенто Гюл IабдуллахIа кхайкхам бина махкахошка, сатухуш хилахьара аьлла. Цо дIахьедар дина, дуьхьалонан акцийн декъашхой ала гIиртинарг тидаме эцна шаьш аьлла.