ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Говрах кхеравелларг... вилспета хиина


Туркменистан -- туркменийн президент Бердымухамедов Гурбангулы ву вилспета хиина вогlуш, Марсхьокху-бутт 3, 2013.
Туркменистан -- туркменийн президент Бердымухамедов Гурбангулы ву вилспета хиина вогlуш, Марсхьокху-бутт 3, 2013.

Вилспетан дика агIонаш гойту керла кампани йолийна Туркменистанехь. Телевизионехь гайтина и мехала гIуллакх деш ша Туркменистанан президент Бердымухамедов Гурбангулы.


Баьццара шлем, Iаьржа а, баьццара каранаш, баьццара куьзган бIаьргаш, кIайн хеча а – Туркменистанан президентан Бердымухамедов Гурбангулы вазвеш лелон басаршца духар а доьхна, машен чуьра охьа а воьссина, Марсхьокху-беттан Iуьйренан сахьташкахь баьццара лаьмнашкахь лелочу вилспета хиина вогIуш гайтира меттигера телевизионо туркменийн президент. Сийна духар доьхна, цунна тIаьхьахIиттина боьлхуш бара вилспеташкахь, цуьнан муьтIахь болу иттаннаш Iедалера стоьлан дай.

http://www.rferl.org/media/video/25068666.html

Пачхьалкхан телевизионехь гайта а гойтуш, сатоссуш, къоман лидеро арабаьккхина некъ, «Новкъахь дIасалелачу транспортан кхермазалла а, вайн дахаран токхо а» цIе йолчу кампанин юьхь яра. (Теша мегар ду шуна, иза туркменийн маттахь чIогIа дагах кхеташ хезаш хиларх. Официала деза денош а, пачхьалкхан даздарш а мукъамечу маттахь дийцар, туркменийн бюрократин коьрта агIо ю.)

Велавелла, векхавелла модераторо туркменийн пачхьалкхан телевизионехь дIакхайкхадо Бердымухамедован керлачу юкъадаккхарх.

«Бахархойн денна долчу дахаран дакъа хила езаш ю вилспетан спорт. Коьртачу гIалин а, провинцин а спортан школаша а кечъян еза, вилспеташ лелор тодеш йолу план

Бердымухамедовн омарца а догIуш, Гезгмашин-беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна дола а дина, ерриг Туркменистанехь долалур ду вилспеташ хахкар. Иза бутт чекхбаллалц хир долуш ду. И хан тIекхачале наха кечамаш бан а, вилспеташ хахка а Iамон деза шайна.

http://www.azathabar.com/content/article/25066803.html

Телевизионан модераторо бахарехь, оцу омарца йоьзна план ю, Туркменистанан бахархоша массо тайпа спортехь дакъа лацар алсамдаккхарна тIехьажийна. Къаьсттина, вилспеташ хахкарна. ДегI меттахдаккхарх, шен урхаллин коьрта билгало йина Бердымухамедовс.

Кхеташ ду, Марсхьокху-беттан 3-чу дийнахь Бердыхамухамедовс вилспет хаьхкинчул тIаьхьа, Ашхабатан йистошкахь дуккха а нах вилспеташкахь арабовлар ларамаза ца хиларх. Iедалша ахча а луш, цуьнца доьзна мел долчу гIуллакхашкахь санна, цигахь а дакъа лоцучарех дукха берш стоьлан дай а, студенташ а бара.

Iедалан даржехь волчу 52 шо долчу Атамурата дийцира Маршо радион туркменийн сервисе, цу дийнахь хахка вилспет эца мукъа а ца дезарна воккхавевуш ву ша, бохуш.

«И де мукъа де хиллашехь, Iедалан белхашкахь берш а, студенташ а цу хиламехь дакъа лаца кхайкхинера. Баьхкинчарна вилспеташ елира хахка,» элира Атамурата.

Вуьшта, Iедалан даздаршкахь дакъа лоцучеран шайн чотах эца безаш хуьлу хьашт болу гIирс. Амма со чIогIа хазахеташ ву, цара вилспеташ эцар тхуна тIе ца дилларна» бохуш дийцира Атамурата.

Шен цIе ца йийцинчу, Маршо радиоца къамел динчу кхечу стоьлан дас дийцира, арахьа эцна яра вилспеташ. ХIораннех а 200$ ахча даьллера. Туркменистанехь лучу юкъарчу алапан барам бу иза.

http://www.eurasianet.org/node/65742

Маршо радион туркменийн сервисан корреспонденто дийцарехь, сарахь пхиъ даллалц вилспеташ хихкира оцу дийнахь. Цхьаболчеран дегнаш малделла меттигаш а яра. Туркменистанехь чIогIа йовха хуьлу аьхкенна тIехь. Ашхабадехь 39 градус йовхо яра вилспеташ хоьхкучу дийнахь.

Схьагарехь, вилспеташ хахкарца доьзна керла юкъадаккхар, туркменийн лидер мелла а кхерамазе хан дIаяхьа ойла йолуш хиларх доьзна ду. ХIокху шеран юьххьехь, Оханан-баттахь, говраш хохкучу хенахь говранна тIера чувоьжнера иза, кхетам чуьра а волуш.

http://www.rferl.org/content/turkmenistan-berdymukhammedov-horse-fall/24972976.html
XS
SM
MD
LG