ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь кадыровхошца къийсам латтош бу махкахбевлла лела нохчий


Истанбул
Истанбул

Нохчийчохь вина масех стаг Туркойчохь вовшахкхетта, шаьш а, шайн махкахой а шайна кхераме болчу кадыровхойх а, Оьрсийчуьрчу лерринчу сервисийн белхахойх а ларбала. Диаспоран декъашхошка хаамаш дIасабаржо цара кхоьллинчу Security Turkey телеграм-канало. Цигахь цара дуьйцу Нохчийчуьра Туркойчу богIучу ницкъаллин структурийн белхахойх, билггал аьлча, шаьш лоьхучу нахах лаьцна.

Канал болх бан доладелла Марсхьокху-беттан 5-хь дуьйна, амма иза кхоьллинчара дийцарехь, цунна тIе хIинцале а тидам бахийтина Нохчийчуьрчу Iедалийн векалша. Кхеташ долчу бахьанашца, оцу телеграм-каналан модераторша шаьш муьлуш ду ца хоуьйту.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь каналан авторех цхьамма дийцира шаьш муха дан дагахь ду Туркойчуьра нохчийн дахар маьрша.

ХААМ
ДIадаханчу шерашкахь Туркойчохь бехачу нохчашна, шайна юкъахь республика йозуш йоцуш хиларехьа тIом бинарш а болуш, тIелатарш дина, хетарехь, Оьрсийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахоша. 2008-чу шарахь Гезгмашин-беттан 16-хь Истанбулехь вийра тIеман тобан хьалханча хилла волу Джанибеков Ислам. Туркойн полицино хьалхатеттинчу цхьана версица, иза динарш яра Оьрсийчуьра леррина сервисаш – цунна тIелатар динера Оьрсийчохь динчу герзаца. 2009-чу шарахь Истанбулехь вийра кхин а цхьа нохчийн тIемало Асаев Муса. Хууш ду иза "Кавказан Имарат" тобан хьалханчин Умаров Доккин накъост хилла хилар. Туркойчохь Асаев ахча лахьош хиллера тIемалошна накъосталла дан. Истанбулерчу полицино бинчу талламца, иза а вийна Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн белхахоша. 2011-чу шарахь Гезгмашин-беттан 16-хь Туркойчохь вийра Альтемиров Рустам а, Амриев Заурбек а, Мусаев Берг-Хаьжа а. Уьш лоьхуш бара Оьрсийчоьно 2011-чу шарахь Дечкен-баттахь Домодедово аэропортехь эккхаийтар деш дакъалаьцна хила мега аьлла шеко йолуш. Кхуьа вара Умаровн тобанан декъашхо. 2011-чу шарахь ГIадужу-беттан 8-хь тIелатар дира Ичкерин шарIан суьдхо хиллачу Батукаев Шамсуддина. Цуьнан цIуьхьарийн аьтто белира киллер схьалаца. Иза хиллера Нохчийчуьра вахархо. 2015-чу шарахь Туркойчохь вийра кхин цхьа нохчо, Садаев Турко. ДIаьвшен кхача чохь болу тоьрмиг баийтина хиллера цунна цIера. Вон а хилла, дарбанан хIусаме виггинчохь велира Садаев. 2015-чу шарахь Лахьан-баттахь вийра Эдильгиреев АбдулвахIид. Иза вара Оьрсийчохь экстремистийн ю аьлла йихкинчу "Кавказцентр" интернет-ресурсан администратор.

– Шун каналехь болчу хаамашца, шун аудитори коьртачу декъана нохчий бу, амма хила мегий кхечу регионашкара схьабевлла нах?

– Оха юьхьарлаьцнарг Туркойчуьра кавказхойн диаспора ю, нохчий хилла ца Iаш. Ткъа каналан аудиторех лаьцна аьлча, цкъачунна хьалхе ду жамIаш дан. Тхо болх бан дуьйладелла дукха хан яц, амма кадыровхой лахар доцург, оьрсийн лерринчу сервисийн белхахой а лоьхур бу оха. Кхечу къаьмнийн диаспорш а оха дечуьнан декъа озо хьовсур ду тхо.

– Шайн аудиторега доьху аш Туркойчуьрчу лерринчу сервисийн бехахойх а, кадыровхойх а лаций шайга хаам бар? Ткъа муха толлу аш шайга кхочу хаамаш?

– Оцу хьокъехь болх бан сацам а бина, болх бар цIеххьана долийна дац оха. Шуьйра уьйраш ю тхан Нохчийчохь. Цундела тхан хаа аьтто бу шина пачхьалкха дIасалелачу кадыровхойх лаьцна хаа. Цкъачунна кадыровхой бу оха лоьхурш. Лерринчу сервисийн белхахошца боьзнарг жимма хало болх бу.

– Муьлуш бу шаьш лардахьара аьлла, шуьга Телеграмехь дехар дийраш?

Кхерамазалла хилар оьшуш бу Оьрсийчоьнан Iедалшна а, Нохчийчоьнах лаьцна дийцича, Кадыровна а хетачуьнца ойланаш йоцу нах

– Дукхаха болчу нахана тхо машанехь хьулделла болх беш долу, тхайн лаамехь вовшахкхетта нах ду. Амма Туркойчохь баккъалла а болх беш ду тхо, тхан телеграмера канал ша-ломан (айсберган) бохь бу. Оха некъ кховдийна махкахошка интернетехь болх бина ца Iаш, баккъалла а цхьаьнакхета деза вай аьлла. Канал тхуна оьшуш ду информацица йоьзначу Iалашонашна, коьрта болх оха бо оффлайнехь. Болх оха болийра тоьъал ницкъ IаIийначул тIаьхьа. Цкъачунна тхоьга дехар дийраш бу тхуна бевза нах. Оцу белхан жамIаш гуш хиллачул тIаьхьа тхуна тIекхетар бу кхиберш а. Ткъа кхерамазалла хилар оьшуш бу Оьрсийчоьнан Iедалшна а, Нохчийчоьнах лаьцна аьлча, Кадыровна а хетачуьнца йогIуш ойланаш йоцу нах. Оцу нахана гIо дан лууш ду тхо, церан маршо ларъеш. Оьрсийчоьнан оппозиционерашна Туркойчоь кхераме йоцуш ялахь а, цуьнан Iедалхой нейтралитет латтош бу Путинан а, Кадыровн а векалшца, хала хеташ делахь а.

– Дукха нах буй шоьгара гIо оьшуш?

– Цкъачунна дукха бац, амма берш бу билггал бахьана долуш. Дукха хан йоццуш тхоьга хаам кхаьчна Кадыровна дуьхьал къамел дина Халитов Хьасан вен кечбелла нах бу аьлла. Нагахь ахчанах стаг вен кийча нах белахь, Кадыровс рицкъ кхоор доций хаьа суна. Цхьа дика ду, махкал арахьа и болх бан аьтто болуш дукха нах бац церан.

– Шуна тIе хIунда богIу нах, туркойн низамашлардон органашна тIе ца боьлхуш?

– Туркойн леррина сервисаш дика болх беш ю, шайга далург дерриг а дан гIерташ а ю. Амма церан аьтто бац хIора мигрантана ха дан гIаролхо хIотто а, иза дийнахь-бусий ларван а. Ткъа кадыровхой а, оьрсийн лерринчу сервсийн белхахой а жигара хилар тидаме эцча, тхан кхин аьтто бац тхаьшна а, тIелатар дан мегачу тхан махкахошна а гIо дар бен.

– Кадыровхой гучубевлла меггиг юй шун йийца аьтто болуш? Оьрсийчуьрчу схьабевллачу нахана а, оьрсийн мотт буьйцучу Туркойчуьрчу нахана а хIун кхерам бу цаьргара схьаболуш?

– Масийтта гIуллакх ду оха тIехь болх беш, жамIаш дуьйцур ду оха тхайн телеграм-каналехь, массо а хIуманан шен-шен хан ю. Дуьйцург ду цхьаьнан дехарца стаг вер. Туркойчохь маша бу кхоьллина кадыровхойх а, Оьрсийчоьнан лерринчу сервисийн агентех а лаьтташ болу. Цуьнан Iалашо ю оьшучу хенахь "дIаваккха" хIара я важа стаг. Билггал и зуламаш ца дайта болх беш ду тхо.

– Гучубевллачу зулам кечдечу нахах лаьцна полице хаам бина меттигаш яьхкиний шу, я шун цу кепара Iалашо яц?

– Тхо, шеко а йоцуш, кийча ду тхайгара хаамаш бовзийта, амма цкъа хьалха тхо тешна хила деза дерриг а тоьшаллаш гулдина хиларх. Иза иштта хилахь, и тоьшаллаш низамаш лардечу органашка дIалур ду оха.

Шаьш гIо дан кийча ду, бохуш яздо аша, цхьанна тIаьхьаваьлла лелаш стаг хаалахь. Муха хуьлу иза?

– Оха хIинцца болийна и болх. Амма тIейогIучу хенахь цу тайпачу нахана гIо дан а, гIортор ян а дагахь ду тхо, тхайн накъосташкара хуьлучу гIоьнца а, туркойн ницкъаллин структурийн белхахоша дечу накъосталлица а. Тхайн белхан кепех лаьцна дийца аьтто бац тхан, хIунда аьлча иза дича оцу белхан эвсаралла лаккхара а, оха дагалаьцна ма хиллара а, хир яц.

– Шуна хетарехь, цхьаьна болх бар дуй дIахьош Туркойчоьно а, Оьрсийчоьно а, Оьрсийчоьнан Iедалшна дуьхьал болу нах гучубахарца доьзначу хаттарехула?

Дика доцург ду кхузахь цхьа а новкъарло йоцуш лелаш Оьрсийчоьнан агенташ а, кадыровхой а хилар

– Туркоьйчоьно аьтто а бина, хIинца а беш а бу оьшучунна шен территори тIехь тховкIело каро. Нохчийн дуьхьалонан боламан декъашхой а бу Туркойчохь бехаш. Дика доцург ду кхузахь цхьа а еш новкъарло а йоцуш лелаш Оьрсийчоьнан агенташ а, кадыровхой а хилар. Цхьаьнакъахьегарх лаьцна аьлча, Туркойчоь, тхуна хетарехь, яц Оьрсийчоьнан аьтто беш вайн махкахошна дуьхьал цхьаъ лелош. Европера дIахьежош бу нах Оьрсийчу, цигахь оцу нахана кхерам белахь а. Тхо баркалла бохуш ду Туркойчоьнна, цуьнан кхерамазаллин ницкъаш беш болу болх дика хета тхуна, амма проблема ю - Оьрсийчоь жигара хьийзаш хилар.

– Кадыровхой шу муьлш ду къасто гIоьртаний, шу совцор Iалашонца, я шуна харц хаамаш бала гIоьртаний уьш?

– Оха хIинцца бен ца болийна болх, амма тхо тидаме цара эцна хилар хааделла тхуна. Муьр-муьрехь кхерамаш туьйсуш яздо тхоьга цара, чIагIонаш йо, шайна хIинцале а тхо муьлш ду хаьа бохуш. Кадыровхойн колхозхойн лелар ду иза. Тхуна хаара оха долош дерг хIун ду. 1ADAT халкъан боламан, масала, доккха зеделларг ду оцу агIор. Цара дуьйцу тхуна цуьнах лаьцна. Цундела тхо оцу агIор хаарш долуш хета тхуна.

Шайх лаьцна хIун дуьйцур дара ахь? Мичара ду шу? Кадыровхошкара эшам хилла дуй шу?

– Цкъачунна тхан ерриг а тоба нохчех лаьтташ ю. Кхиберш санна могIарера нах ду тхо. Лаккхара дешар дешна нах а бу, доьзалш а бу, бераш а ду. Путинан-Кадыровн режиман Iазап лайна ду тхо. ХIора чекхваьлла къизаллех, цхьаболчарна дуьхьал лелийна харц бехктакхаман гIуллакхаш. Махкахдавла дезна тхан путинан-кадыровн режим бахьана долуш, лай хила ца лууш а, маьршачу пачхьалкхехь ваха лууш хиларна махкара араваьлла тхох хIора а.

– Къайлаха хIунда лела шу?

– Тхайх лаьцна дийца дуккха а хIума дара тхан. Амма оха ойла йийриг ду гергарчу нехан кхерамазалла ларъяр. ТIейогIучу хенахь дуьйцур до оха тхайх лаьцна, йовзуьйтур ю цIераш, гойтур ю яххьаш. Амма цул хьалха тхо муьлш ду хаахь а, оха тхайн болх сацор бац, нагахь тхайн гергарнашна тIе масатоьпаш хIиттаяхь а. Делахь а, 1ADAT боламан масало гойту, гIоле дерг ду дерриг а, шен-шен рагI а ларйеш, тӀаьхь-тӀаьхьа дан дезаш хилар.

***

Карарчу хенахь канале язвелла ву 1300 сов стаг. ТIаьххьара бинчу хаамашкахь, модераторша кхайкхам бина сема хила аьлла билггал цIераш яьхначу ярташкарчу нохчашка, цигахь кадыровхой гина аьлла а, дехар дина шеко йолчу хиламех лаьцна шайга хаийта аьлла.

Кхушара бIаьста нохчийн оппозицин 1ADAT телеграм-канала юкъаяьккхира "Никх" (Улей) цIе йолу проект – Нохчийчуьра хаамаш бечу нехан маша. Ша дIалоцуш меттиг нислахь, лерринчу парольца хаам бо хIораммо а шен накъосташка. Телеграм-канал дагахь ду масех эзар стага дакъалоцуш информаци гулъяран маша кхолла Нохчийчохь а, ткъа иштта дуккха а кхечу пачхьалкхашкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG