ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь кхеле дIаделла нохчийн оппозиционерашна тIелатар кечдеш хиллачийн гIуллакх


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Туркойчоьнан терроризмаца къийсам латтон Урхалло а, Стамбулан Коьртачу прокуратурано а чекхбаьккхина махкахь беха нохчийн оппозиционерашна тIехь шпионаж ярна а, тIелатар дарна а хьокъехь болийна таллам. 25 агIо йолу бехкеваран акт хьажийна Стамбулан шогачу бехктакхамийн гIуллакхашкахула йолчу кхеле.

2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Стамбулехь ялх стаг дIалецира – Оьрсийчуьра бахархой, Нохчийчуьра Абдулаев Iабдул, Ахметов Равшан, Расаев Беслан, Абдулмуслимов Асланбек, Украинан вахархо Ефрим Игорь, Узбекаистанан вахархо Юсупов Амир а. Туркойн Sabah газето бинчу хаамца, талламо билгалдаьккхина оцу тобанан куьйгаллехь Расаев Беслан хилар а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думан депутатера Делимханов Адамера а, криминалан хьалханчера Дукузов Казбекера а тIедиллар кхаьчна хиллар а нохчийн диаспорера критикаш хIаллакбан.

Бехкебечарна Стамбулан прокуратурано дехна 22 тIера 33 шаре кхачалц хенаш кхайкхор политикан шпионажан, герз лелоран низам дохоран, харц официалан кехаташ дахарна хьокъехь йолчу артиклашна тIе а тевжаш.

  • 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Туркойчохь лаьцнера кхечу махкашкара бахархой, уьш бехкебира Кадыров Рамзанна критика ечу нохчийн диаспорера наханна зулам кечдарна. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакийн Министраллин (МИД) векало Захарова Марияс дIахьедира, арахьара политикан урхалла "тидам беш ю Оьрсийчоьнан паспорташца Туркойчохь лаьцначийн гIуллакхна тIехь".
  • Уьш дIалаьцначул тIаьхьа туркойн Iедалхоша нохчийн диаспоран хьалханчашна тIе пачхьалкхан хадархой хIиттийра. Иштта Туркойчохь беха нохчаша шайн кхерамазалла ларъяр алсамдаьккхира.
  • Масийтта интернет-гIирсаша шайн хьостанашна тIе а тевжаш хаамбира, Домбаев Ахьмад Стамбулехь лаьцна, аьлла (криминалан гонашкахь Ахмед Шалинский цIарца гIараваьлла волу), 2021 шеран гуьйре тIе кхачалц "къу" статусехь хилла иза. Телеграмерчу каналийн хаамашца а догIуш, Домбаев а, цуьнан гIоьнчаш а Туркойчохь бехачу Кадыров Рамзанан критикашна тIелатар дан кечлуш хилла. Туркойн къайлахчу сервисаша а, меттигерчу зорбанаша а цкъачунна Оьрсийчоьнан бахархой лацарх лаьцна комментариш ца йо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG