ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь мохкбегийначул тIаьхьа 150 чергазо валар къаьстина


Хатайхь мохкбегоро йитина лар. Туркойчоь
Хатайхь мохкбегоро йитина лар. Туркойчоь

Туркойчохь мохкбегийча 150 гергга чергазо велла, цунах лаьцна Кавказ.Реалиин корреспонденте хаамбина чергазойн юкъаралхочо, Туркойчохь вехачу Кхарачой-Чергазийчоьнан "Чергазийн конгрессан" куьйгалхочо Кик Касес. Цо дийцарехь, буьйцурш бу, цIераш а, фамилеш а билгалйаьхнарш.

Туркойчохь зенаш хиллачу чергазашна гIо дечу Кризисан комитетан векало Мамхег Мутлус редакцига хаамбарехь, къаьсттина чIогIа йоккха тIаьхьало йитина мохкбегоро Гексун, Мараш гIалийн кIошташкахь, цигахь бехаш бара дукхахболу чергазой. Мохкбегийча зенаш хилла гергазойн 40 гергга эвлана. Чергазаша кеп-кепарчу мехкашкара гулдина гIо дIакхачадой, доькъу зенаш хиллачу эвлашкахь а, гIаланашкахь а.

Туркойчохь ю чергазийн уггар а йоккхаха йолу диаспора, уьш цигахь нисбелла оьрсийн-чергазойн 19-чу бIешерашкахь хилла тIом бахьанехь. Тайп-тайпанчу лараршца, цуьнан декъехь ву 3 миллионна тIера 5 миллионе гергга стаг.

  • Чиллан-беттан 12-чохь хиллачу зерашца, Туркойчохь чиллан-беттан 6-чохь мохбегор бахьана долуш беллачийн терахь 29,5 эзаре даьлла. Шемахь мохкбегийча, Al Jazeera ресурсан информацица, велла виъ эзар ах эзар стаг. Шина а пачхьалкхашкахь лазийнарш бу 80 эзар сов. БIеннашкахь эзарнаш нах бисина тховкIело йоцуш.
  • ГIишлош охьахерца доьзана таллам бу дIахьош Туркойчохь. Цунна шеконашка эцна 100 стаг лаца кхайкхийна. 50 гергга лаьцна къоланаш деш гучуваьлла.
  • Оьрсийчуьра Туркойчу баьхкинчу орцанхойн куьйгалла деш ву Оьрсийчоьнан МЧС-н куьйгалхочун хьехамча Мартынов Даниил, хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хьехамчан даржехь вара иза ницкъаллин блокехула, иштта Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин куьйгалхочун гIовс а вара. Оьрсийчоьнан эскарша Киевн кIоштахь оккупаци йинчу заманчохь динчу тIеман зуламашца воьзна лору Мартынов Украинан къайлахчу сервисаша, цунна бехкаш дехкина оцу хьокъехь.
  • Нохчийчоьнна а, Къилбаседа Кавказана а лерина йозйечу масех пабликаша а, телеграм-каналаша а чиллан-беттан 6-чохь Iуьйранна хааме даьккхира, Туркойчохь мохкбегийча 40 нохчо велла бохуш. Стенгахь хилла бу бохам, дуьйцуш дацара баржочу хаамашкахь. Оцу юкъанна официалехь и хаам тIе ца чIагIбира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG