ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Турнирехь тоьллачу UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата "Палестинехьа тIом бан" вахийта ша аьлла Кадыровга


Кадыров Рамзан а, Чимаев Хьамзат а
Кадыров Рамзан а, Чимаев Хьамзат а

Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташка дIавахначу ийначу кепехь латарийн спортхочо Чимаев Хьамзата толам баьккхина Абу-Дабихь дIайаьхьначу UFC 294 турнирехь Iусман Камару эшийна. Турнир йирзича вистхилла иза Кадыровга, цо дIахьедина "хьалхарчу могIаршкахь Палестине ваха кийча ву" ша, "бусулбачу вежаршкахьа гIо даьккхина вала" аьлла.

Цуьнан къамел доглазамае дара аьлла, Чимаев дешнийн тергойинчу Кадыров Рамзана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедина, "тахана гIело хьоьгучу массо а халкъийн гIо лаьцна" Хьамзата, цо "йемалдина ГIаззехь бехачу бахархошна тIехь ницкъбар а" аьлла. Оцу йукъанна цунан "Палестинехьа тIом бан ваха лаам" комментарий йоцуш битина цо.

Дукхахболчу суьдхойн сацамца толам баьккхира Чимаев Хьамзата, оцу йукъанна латаран жамIаша къийсамаш гIовттийра. Гоьваьллачу ирландхойн латархочо Макгрегор Конора дIахьедира, Чимаевна йуккъерчу йозаллехь титульник ца кхочура, хIунда аьлча, оцу дийнахь рингехь иза лата везаш вара бразилхочух Косто Паулох. Чов хилла йукъара ваьккхинера Косто: цхьахйолчу турнирехь цунна тIекхеттера поп-ММА- латархо Чурчаев Шовхан.

Нохчийчоьнан маршонах лаьцна иллеш йаздеш хиллачу нохчийн бардан Муцураев Тимуран иллица Iусманца лата йукъавелира Чимаев, билгалдоккху sports.ru гIирсо. Оцу йукъанна Муцураевн иллешка ладегIарна Оьрсийчохь а, ишта Нохчийчохь а кест-кеста таIзарш до соцаилан машанашка йазбеллачарна. Экстремистийн материалаш лерина бардан 30 илли.

  • Чимаев Нохчийчохь вина, шен 18 шо долуш Швеци дIавахара иза. Цунна масийттазза критика йира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца лело йукъаметтиаг бахьана долуш. Iай лата Iамош бара Чимаевс Нохчийчоьнан урхалхочун кIентий, 16 долу Кадыров Элица цхьаьна гинера и шиъ Таиландехь. Шен Кадыровца йолчу йукъаметтигех Чимаевс иштта дIахьедира: "Нагахь санна, паччахьо шеца делкъе йан вола соьга алахь, со гIур ву" аьлла.
  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь UFC -н нохчех схьаваьлла шведахойн латархо Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Хьабибан ваша Абубакар а летира Абу-Дабихь. Цул а хьалха Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Абубакар а масийттаза вовшашна Iийттарш йеш социалан машанашкахь вистхиллера, Чимаевс ша "Хьабиб вовшахвоккхур ву", нагахь санна вукхунна шеца лата "лаахь" аьлла дош деллачул тIаьхьа. Делахь а цул тIаьхьа масех де даьлча Нурмагомедов Абубакара Чимаев "бусалба ваша" ву шен элира."
  • Адамийн бакъонаш махкахь хьешарна а, Украинера тIом бакъбарна а нохчийн спортан клубаш а, ша мехкан урхалхо Кадыров Рамзан а Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн бухахь боллушехь, америкахойн ММА-н латархой Соьлжа-ГIала леста хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG