ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тюменехь лаьцна "Рамзан Ахматович Кадыров къу, чалтач, Оьрсийчоьнан эхь ду" аьлла плакатца пикете ваьлларг


"Кадыров Рамзан Ахматович - къу, чалтач, Оьрсийчоьнан эхь ду" плакатца араваьлла Тюменера вахархо
"Кадыров Рамзан Ахматович - къу, чалтач, Оьрсийчоьнан эхь ду" плакатца араваьлла Тюменера вахархо

"Рамзан Ахматович Кадыров къу, чалтач, Оьрсийчоьнан эхь ду" аьлла тIейаздинчу плакатца пикете ваьлла Тюменера вахархо лаьцна.

ГIалин коьртачу майдана воьдура иза, амма дIа ца кхечира, йаздо "Осторожно, новости" телеграм-канало, тергамчашна тIетевжина.

Бакъоларйаран органийн белхахоша къастош бу, мича бахьанашца дина хIума ду и, билгалдоккху 72.ru хьасто. Комментарий йала духьал хилира меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин декъехь.

  • Санкт-Петербургехь гIадужу-баттахь лецира 18 шо долу Кузьмин Дмитрий, цхьааллин пикете ваьллера иза "Маьршаваккха Журавель Никита. Кадыров -чалтач ву" аьллачу плакатца.
  • Волгоградхо Журавель Никита лецира КъорIан дагорна бехкевина. Шен кIанта Адама цунна йетташ йаьккхина видео йаржийра Кадыров Рамзана. Шен кIанта динчух дозалла до ша элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG