ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н латархочунна Чимаев Хьамзатана кхоалгIа "Мерседес" йелла Кадыров Рамзана


Чимаев Хьамзат а, цунна Кадыров Рамзана йелла машен а. Чимаевн инстаграмера сторизера сурт
Чимаев Хьамзат а, цунна Кадыров Рамзана йелла машен а. Чимаевн инстаграмера сторизера сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ийначу кепехь латарийн спортхочунна Чимаев Хьамзатана "Мерседес" машен йелла совгIатна. Оцу маркица йолчу цIеначу машенан мах бу 2023-чу шарахь 16 миллион соьма тIера хьала. Кадыровс Чимаевна совгIатна йелла хIара кхоалгIа машен йу.

Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкахь вехачу нохчийн латархочунна рогIера совгIат дина Абу-Дабихь хIоттийначу UFC 294 турнирехь цо Iусман Камару эшош толам баккхарна. Инстаграмера шен агIонехь машенан сурт хIоттийна сторизехь Чимаевс – цигахь цо билгалйаьхна Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхаа кIентан аккаунташ: Ахьмадан Элин, Адаман а. Чимаевс баркалла аьлла царна шена динчу совгIатна, "Дела реза хуьлийла шуна" аьлла, йаздеш.

2021-чу шарахь йелира Чимаев Хьамзатна ши "Мерседес". Оханан-баттахь йохийра цо шена дечкен-баттахь йелла хилла машен. ШолгIа керла машен йелира Кадыровс цунна гIуран-баттахь, "Ахмат" клубан латархошна хIоттийначу барамехь. Оцу кепара совгIаташ спорте болчу безамна луш йу элира латархочо РБК гIирсаца хиллачу къамелехь.

Оцу йоллу машенех делла ахча стенгара даьллера, хууш дац.

  • Оьрсийчоьнан 85 регионашлахь, (шайлахь аннекси йина ГIирма а, Севастополь йолуш) 80-гIа меттиг дIалецира Нохчийчоьно 2022-чу шарахь бахархошкара токхенан хьал телинчул тIаьхьа. Ткъа регионалан Iедалхойн хаамашца, республикера хIора кхоалгIа доьзал хене бовла магийначу барамел лахара рицкъ тIедогIуш бу. Аьлча а, баттахь 13 эзар соьмел а лахара. 2023-чу шарахь алапийн динамикехь уггар а гIад дайна регион лерира Нохчийчоь.
  • 2021-чу шарахь официалехь Кадыров Рамзана даьккхина 25,5 миллион сом. Делахь а, Нохчийчуьра масех резиденци, экзотикан дийнаташ, хохку говраш йоцург, цо лачкъа ца до 500 миллион сом мах болу деза сахьташ, бархI миллион мах болу гольфкар, шен чуьра хьоле бахам а. Кадыровна дукхайеза йеза брендаш – масала, стохка гIадужу-баттахь цуьнан кабинет чохь тидам бира оцу заманчохь 10,3 миллион сом мах болу Louis Vuitton-н боксерийн кхор. Ткъа Украинана дуьхьал тIом болийначу йуьххьехь республикера эскарш дIахIиттийна парад гойтучу веанера иза (оцу хенахь) 125 эзар сом доьху Prada-н мачаш йоьхна. ХIетахь политико дIахьедира, церан оццул мах буй ца хаьара шена – йишин кIанта совгIатна йеанера шена и мачаш аьлла.
  • ТIаьххьара ша леттачул тIаьхьа Чимаев Хьамзат вистхилира Кадыровга дIахьедарца, ша "хьалхарчу могIаршкахь болчаьрца Палестине ваха кийча ву", "бусалба-вежаршна хьалхара вала" аьлла.
  • Чимаев Нохчийчохь вина, шен 18 шо долуш Швеци дIавахара иза. Цунна масийттазза критика йира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца лело йукъаметтиаг бахьана долуш. Iай лата Iамош бара Чимаевс Нохчийчоьнан урхалхочун кIентий, 16 долу Кадыров Элица цхьаьна гинера и шиъ Таиландехь. Шен Кадыровца йолчу йукъаметтигех Чимаевс иштта дIахьедира: "Нагахь санна, паччахьо шеца делкъе йан вола соьга алахь, со гIур ву" аьлла.
  • Карарчу хенахь Чимаевс лата Iамош ву Кадыров Рамзанан йуккъера кIант, 16 шо долу Эли. Чиллин-баттахь кхиазхочо куьгйаздира нохчийн ийначу кепехь латархойн лигехь дакъалаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG