ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC чемпионо Нурмагомедовс доьху...


Reebok vs месала куй

Ийначу кепехь летачу дуьненаюкъарчу UFC-н къовсадаларшкахь Iамеркахо Яквинта Эл эшорца чемпион ваьлла Нурмагомедов Хьабиб наггахь а ца хIутту хьовсархошна хьалха коьртахь Кавказерчу ламанхойн месала куй боцуш.

Оцу "брендах" цо охьа а буьллу дикка мах. Аьлча а, UFC латархошна рекламе яккха тIейожийна "лаба" ца юхуш, месала куй туьллий, юкъаволучу цунна ца ло кхечарна луш долу 3-5 эзар доллар.

Кавказхо, дагестанхо, ша хилар массарна а дIагойту 29 шо долчу Хьабиба.

Да

ЦIумадан кIоштарчу суьйлийн Силди юьртара бу НурмагомедовгIар. Оьрсийчохь "хьакъдолу самбо латархо-тренер" цIе лелайо Хьабибан дас Iабдулманапа. Цо ша Iамийна шен воI лата – 5 шо долуш волийна парггIатчу кепехь охатохархо ван.

Нурмагомедов Iабдулманап (чемпионан да) ГIиргIазойчохь хьошалгIахь.
Нурмагомедов Iабдулманап (чемпионан да) ГIиргIазойчохь хьошалгIахь.

13 шо долуш дIабахана доьзал баха ХIинжа-ГIала. Цул тIаьхьа дзюдо Iамо волийна Хьабиб ден доттагIчо, Оьрсийчоьхь тоьллачех лоручу тренеро Джафаров Джафара. Амма ден Iуналлехь ву тахана а – дегI латторна тIера, оьшшучул наб яйтарна тIекхаччалц.

Эшна вац Хьабиб цкъа а

Самбохь дуьненан чемпион ваьлла Нурмагомедов Хьабиб шозза.

Iамеркарчу UFC декъавахана иза 2012-чу шарахь. Цигахь баьхна дуьнено а базбеш болу шен толамаш – 25-зза летта, цкъа а ца эшна.

Нью-Йоркерчу "Барклайз-центрехь" Яквинта а эшош, дерзийна Хьабиба шен 26-гIа латар. 70 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь яьккхина дуьненан чемпионан титул.

Ахча

Летаршкахь даккхий ахчанаш доху Нурмагомедов Хьабиба. Яквинта Эл эшорца дахначу шоьтадийнахь даьккхина 530 эзар доллар.

Юьхьанца, ша массех эзар доллар доккхий, цIавогIуш, шеца лата Iемачу Дагестанерчу накъосташна ца тоьа спортан духар дохьура Хьабиба.

Ткъа алссам даьхначу ахчанах дас а, цо а бизнес йо ХIинжа-ГIалахь. Делахь а даьккхинчух ахчанах ах дIадоьду хIусамаш, лоьраш, диетологаш латтош, кеманашца дехьа-сехьа лелаш.

Путине дехар

Нью-Йоркехь толам баьккхича вистхуьлуш, Нурмагомедовс шен къамелехь дIахьедар дира Оьрсийчохь юхахаьржинчу президенте Путине.

Лурчах Москох латархойн-профессионалийн тоба кхуллуш («Eagles MMA» - "ММА-н аьрзуш") Хьабибна ахчанца гIодинчу, кху деношкахь Москох лаьцна, талламна бухавигинчу бизнесхочух Магомедов Зиявудинах лаьцна дара къамел.

Магомедов Зиявудин – суьйли, Оьрсийчуьра миллиардер (Forbes журнало бахарехь, 1,4 миллиард долларе кхочу цуьнан хьал. Iедалан ахчанаш харцонца доладахарца доьзна бехкталлам айбина Iедало.

"Тахана халчу хьолехь ву сан воккхахволу ваша, тхоьца цхьаьна «Eagles ММА" тоба долахь кхобу Магомедов Зиявудин. Цо суна дина ца Iаш, Оьрсийчохь дукха спортхошна дина гIо. Цуьнан хIинца гIеххьа проблемаш ю. Суна лаьа цуьнга дIахаийта, оха, спортхоша, доIанаш ду цунна тIера.

Ас догдоху, вайн халкъан лидеро Путин Владимирович Владимировича цунна гIодаре. Иштта, ас декъалво Путин харжамашкахь толам баккхарца а. Со теша, хилларг деношкахь диканца доьрзур хиларх. …Зиявудин Гаджиевич, тхо даима а ду хьуна хьоьца" – элира леташ къадвеллачу Хьабиба журналистан микрофон чу.

ХIун хир ду кхидIа?

Ирландера Макгрегор Конор, "тамаше" леларца, низамца бертахь вацарца вевзаш волу – Хьабиб чохь хиллачу автобусан кораш дохийра цо деношкахь, полице вигира оцу бахьанийца – хила тарло Нурмагомедовгара чемпионан титул схьаяккха гIоьртар верг.

Хьабибера цIе шен долаяккха хьагна вуьсучех шолгIаниг ву Iамеркахо Фергюсен Тони. Шозза цуьнан, шозза Нурмагомедовн могашалла бахьанехь висина иза шиъ вовшашца латаза.

Хила тарлуш волу кхоалгIа къовсамхо ву шен заманахь дуьненан чемпион лелла Iамеркахо Альварес Эдди.

Хиндолучух хууш цкъачунна цхьаъ бен дац – децIа вогIуш ву Нурмагомедов Хьабиб. Шайн хьомечу Силди юьртан маьждиге ваха дагахь ву иза шен деца. Юьртахой ган, Далла хастам бан.

XS
SM
MD
LG