ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а новкъадерг – нах хьох кхардар: ГIалгIайчуьра ВИЧ-ун долчу кхаанан дийцар


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2022-чу шеран жамIашца, Къилбаседа Кавказан цхьа могIа республикашкахь ВИЧ-ун даьллачу нехан терахь алсамдаьлла. 2021-чу шарахь ГIалгIайчохь 170 эзар теллинчу нахалахь 44 хаавелла ВИЧца, ткъа стохкалерачу зерашца 60 – кхоазза сов хьаладаьлла терахь. Регионан Iедалхоша терго йира цуьнан, керла доьзал кхуллучу хенахь анализаш йайтар тIежожорца. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира ВИЧ-ун долчу меттигерчу бахархошца, царех Iитталучу халонех а, нехан цаьрга болчу хьежамех а.

"ВИЧ сайца йуйла сайна хиъначул тIаьхьа со Iадийнера. ХIара дерриг а гIан ду аьлла, хетара суна, - дуьйцу ГIалгIайчуьра вахархочо Аслана. – Со чIогIа кхеравеллера, айса хIун дан деза а, стенга ваха веза а, кхин дIа муха ваха веза а ца хууш. Iадийнера со: цхьа а эмоцеш йацара, бIаьрхиш а дацара. Оцу лазарна дарба дац олуш хезнера суна. Цо гуттар а акъваьккхинера со. Интернетехь информаци лоьхура аса, оцу вирусах лаьцна доьшура аса, и буьйса сан дахарехь уггар йехачех йара".

Хьан наха догэцар – и уггар а деза, уггар а хьуна оьшург ду оцу муьрехь

Асланна (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) хиънера шен диагнозах студент волчу хенахь ГIалгIайчу веача, цигахь шелвеллера иза. ГIоле ца хуьлуш дикка Iийра иза, тIаккха дарбанан цIийне охьавиллира иза пехашка лазар а даьлла. Иштта кхечира иза тубдиспансере, цигахь ВИЧ йу элира цуьнга.

"Ехха ойланаш йира аса – цIахь олур-те йа ца оьшу бохуш, - дагалоьцу Аслана. - Эххар а сайн цхьахволчу вешига телефон туьйхира аса – цуьнца доттагIаллин уьйрашкахь вара со. Цо хаийтинера биссинчаьрга а. Совнах хеттарш а ца деш, боллу тхан доьзал беара суна тIаьхьа".

Сайн къайле гергарчарна хаийта эхь хетара суна, боху цо, амма ша воккхавоь, хаийтарна: " Хьан наха догэцар – и уггар а деза, уггар а хьуна оьшург ду оцу муьрехь".

Ши кхерам бу хIинца Асланан: хьалхара – цамгарх лаьцна ненан лерех кхетарна. КIанта ларйо иза, цуьнга са ца гатдайта. ШолгIа – шен иммуностатусах массарна а хаарх.

"ЧIогIа негативе хьуьйсу гIалгIайн йукъаралла ВИЧ-ун долчаьрга,- боху цо. – Цхьа кхерам и болуш санна тIеоьцу наха. Сайх-м ца кхоьрура со: оцу лазамах воьлла со, амма аса чIогIа сайн нахана сагатдо, хабарш даржахь, уьш лан дезаш болу. Ишта-м кхетарш а бу, амма уьш кIезиг бу. Цунах лаьцна къамелех а уьду со".

Масийттаза меттиг нисбелира, цо бахарехь, Асланан "гучувала" дезаш. ГIалгIайчохь цхьана нахе апитерапи йан ваханера аиза (накхаршца дарба лелор. –Редакцин билгалдаккхар.). "Цхьа дика тIеийцира со дарбанхочо, сан цамгарх шена хиъча – мах ца боккхуш дарба дира, - боху къамелдечо. – Кест-кеста телефон тухура хьал-де хоттуш".

Амма тIакхахула гергачеран дехарца моллина тIе ваханера иза, цо доIанашца кеп-кепарчу лазаршна дарбанаш леладо аьлла. "Сайен цамгарх аса дIахаийтича, йуьхьа тIехь хийцавелира иза, кхин совнах хеттарш а ца деш, со катоьхна дIавахийта гIоьртира иза", - дагалоьцу Аслана.

Негатив лар - чIогIа хала ду, къаьсттина лоьрашкара иза йелахь, кхин дIа дуьйцу цо. Цхьана ГIалгIайчохь и лайна ца Iа иза: "Цкъа мара кагбинера аса, кIиранах анализаш дIалуш лийлира со, амма тIаьххьара а операци йан реза ца хилира".

Цо билгалдоккху, республикера СПИДца къийсам латточу центрехь леррина терапи йайта башха аьтто болуш дац аьлла: "Хьайна бевза-безачех даим а къехка дезаш хуьлу хьо. Анализаш дIалучу оцу рогIехь луш йу молханаш а. Атта хир дара молханаш аптекехь схьаоьцуш хилча, Москвахь а санна".

Аслан зуда йалийна вац. Цунах лаьцна дийцар цунна "лазаме" ду, боху цо. Вирус бахьана долуш зудаберашца гергарло ца тосу цо, амма кхетамца тIеоьцу цо Iедалхоша ВИЧ-тестах чекхбаха деза бохург.

"Суна хетарехь, цомгаш волчу стаге сайн йоI маре йала луур дацара суна. Нагахь санна, иза а ВИЧ-ун долуш велахь, ша ду, - аьлла хета Асланна. – Соьга дийцира, дуккха а доьзалш бу боху ВИЧ лазарца боллушехь, могуш бераш дуьненчу а даьхна бехаш. Суна а лаьара доьзал кхолла, иштта суо санна терапии тIехь йерг лоьхуш ву со, амма и хIуммаъ атта а дац".

Лечу хенахь а къинтIера ца ваьккхира

"Сан цIийндех кхеттера и ВИЧ-ун, цуьнан 33 шо долчу хенахь, - дуьйцу ГIалгIайчуьра йахархочо Мадинас (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.). Тхуна шок хиллера цунах. ХIетахь оцу цамгарх лаьцна информаци йацара сан, сайн ма-хуьллу бераш цунах лардан гIертара со – цуьнан цергаш йуьлург а, маж йошург а йуьстах латтайора аса. ТIаьхьо лоьро кхетийра со, и вирус муха тIейолу, чохь и лазар даьржийла йоций кхетийра со. Жим-жима оцу хьолах дIадуьйлира тхо".

Тхан гергарчара тхоьгахь ур-атталла чай а ца молура, сан цIийнден цамгарх хиъча. ЧIогIа вон хетара иза а

Мадинина лазар тIе ца делира. Амма цуьнан хIусамда кхелхира, цамгар кхетта йалх шо даьлча. Цо дийцарехь, уггар а халаниг дара, гергарчара пебеттар

"ВИЧца болу нах тIе ца эцна ца Iаш, дегаза хьоьжу цаьрга вайн йукъараллехь. Тхан гергарчара тхоьгахь ур-атталла чай а ца молура, сан цIийнден цамгарх хиъча, - дагалоьцу къамел дечо. - ЧIогIа вон хетара иза а. Цуьнан ненера бен гIо ца хилира цунна, вежарий цхьа дегаза хьоьжура цуьнга. Оцу тIехула чIогIа холчахь хуьлура иза, делахь а, кхетара, аса айса сайна дина хIума ду олура цо".

Мадинина хетарехь, наркотикаш йетташ вара иза, мехах цунна цамгар йаьллера аьлла тешна йу иза. Шегарчу цамгарх хиъначул тIаьхьа, сецира иза наркотикаш лелочуьра, терапих чекхвелира. "Амма цуьнан гергарчара шайна къинтIера а ца ваьккхира иза, шаьш къинхетамза цуьнца хиларна, - билгалдоккху цо. – Оцу мохьца дIа а вахара иза".

"Марера цIа йеанарг цхьанна а ца оьшу, цомгаш йерг муххале а"

"ЦIеххьана хиира суна сайн ВИЧ-статусах, - дуьйцу 30 шо долчу ГIалгIайчуьра йахархочо Лианас (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.). Цхьа бохам хиллера республикехь, ватсапехь кхайкхам бинера сан группа йолу цIий оьшу бохуш. Со тIейахара, сан цIий ца магийра – вирус хилар гучуделира. Со ца тешара. Цхьа гIалат хир ду хуьна, бохуш, тешна йара со. Амма билггал хиллера".

ВИЧ-уьнах лаьцна кхиазхо йолуш дуьйна тоъал хууш йара Лиана. Цо дуьйцу, Казахстанехь школехь дешна ша, цигахь факультативан урокашкахь дуьйцура адаман иммунодефицитах лаьцна а.

"Суна хаьара, хIетахь со йехачу ГIалгIайчохь иштта нах йукъараллехь кхардарца тIеоьций, - дуьйцу къамел дечо. – Йукъаралла-м стенна йуьйцура – доьзало а! Сайн сингаттамах лаьцна дагара дийца стаг а вацара сан. Йеххачу ханчохь сайн бала сайгахь къийлира аса".

ВИЧ-инфекцих лаьцна дийца деза телехьожийлашкахь а, маьждигашкахь а

Цунна хетарехь, шен хиллачу цIийндех даьллера цунна лазар. Башха дукха а ца Iийра и шиъ цхьаьна – ах шо даьлча дIасакъаьстира. "Иштта сюрприз йитина цо суна. Суена хаьа, хIунда аьлча, со кхин цхьаьнцца а хилла йац. Амма сан хилла хIусамда гучу ца велира. "Цхьанхьа йолайелла лелла" даьлла хир ду бохура суна и лазар", - кхин дIа дийцира цо.

Лиана шен ненаца цхьаьна йехаш йу, йа да а вац цуьнан, йа вежарий а – цо бахарехь, хиллачу хIусамдена хьалха кхьунгахьа хьан "гIо доккхур дара?" Цундела шен вирусах лаьцна кхинболу гергарчаьрга цо ца хаийтира: "Нене сагатдайта ца лиира суна, къена йу иза, ткъа деваша а, кхинболу гергара нехана а тхоьца бала болуш бац. Хаийтича а хIун хир дара цунах? Эрна нахалайийлар хир дара. Диагноз йуха йоккхийла а дац".

Лианина хетарехь, уггар а халаниг цамгар йац, нахана хьох лаьцна хетарг ду. "ВИЧ-статус йолчу нахах Iоттабала а ца лууш, церан чохь хIума а ца кхоллуш нах бу – уьш шайна тIейаларна кхоьру цамгар. Нехан оцу лазарх лаьцна хаарш цахилар ма ду и", - тешна йу иза.

ВИЧ-инфекцих лаьцна дийца деза телехьожийлашкахь а, маьждигашкахь а, тешна йу къамел дийриг. Цо гIо дийир ду цамгарх ларвала а, ВИЧ йолчу нахе куьг далар кхераме доций хаа а.

"Маре йахна, сайн доьзал, бер хила лаьара суна, амма со кхета, хир доцург и дуйла, -боху Лианас. – Кавказехь цхьанна а ца оьшу марера цIайеънарг, ВИЧ цамгарца йерг муххале а. Там бу суна карон терапи тIехь волу стаг. Амма муха карор ву иза? Шаьш цомгаш ду олий, цхьаммо а ма дуьйцу, аса а санна".

"Негативо хьал кхин тIе а талхадо"

Тоххара муфтиято Iедалхошца йукъахь терго йора ВИЧ-уьнан, дуьйцу ГIалгIайчуьра муфтиятан гIовса Нальгиев Аслана. Санкт-Петербургера СПИДана профилакткиа йаран а, цуьнца къийсам латторан а Центрехь лерринчу тобанан могIарехь Iаморашкахь хилла ву иза ша а. Цул тIаьхьа тренингаш дIахьора цо кхечу имамашца а, динах лаьцна хьоьхучаьрца а. Цул тIаьхьа цара къамелаш дора дешархошца а , студенташца а, маьждигашкахь хьехамаш бора, "АнтиСПИД" центраца йукъахь ВИЧ-уьнна профилактика йарх жайнаш арахоьцура.

Цхьаболчу нахана хетара, оцу темин тIех сов терго йо аьлла, тIетуху Нальгиевс, амма регионера статистика хIетте а "пачхьалкхехь тоьллачех" йацара.

"ВИЧ-уьнца болу нах цхьанна а гуш бац, уьш инопланетянаш хета: царех лаьцна дуьйцуш ду, амма и нах цхьа боцуш санна хета, - кхетадо имамо. – Адамашна моьтту, и проблема шайх хьакха а лур йац. Амма вайна дагахь латта деза, вайх хьаннах а хьакхадала йиш йолуш хIума ду и".

ВИЧ-статусехь болчу нахаца негативе хилар а, цаьрца дискриминаци лелор а йоккха проблема лору Нальгиевс.

"Оцу тIехула наха ца дуьйцу шайн статусах, шайна тIе пIелгаш ца хьежадайта, цо хьал кхин а тIе ирчадоккху. ВИЧ-ун долчийн терахь кхуьуш ду, дика хир дара цунна лерина болх эвсара баьккхича", - дерзийра имамо.

  • Керла доьзал кхуллучу хенахь цIийца имунно-дефициатан ун (ВИЧ) а, наркотикашца йоьзна хIума а йац аьлла, анализ йайтина лоьрашкара кехат доцуш там-мах бар дехкар хьехна ГIалгIайчохь. Йахначу хенахь республикехь хьалхатиттира хIара инициатива, амма тIечIагIар ца нисделира. Стенна йукъадаьккхина йуха а Iедалхоша тесташ йр, ВИЧца къийсам латторехь мел пайден хир ду и, низамаша магош а дуй, къастийра Кавказ.Реалиино.
  • СПИДца къийсам латточу Дуьненайукъпрчу дийнахь Кавказ.Реалиин сайто дийцира ВИЧ-ун долу Къилбаседа Кавказера нах муха беха а, царна йечу терапих а лаьцна.
  • 2021-чу шарахь Оьрсийчоьнан 24 регионехь, иштта Къилбаседа Кавказера а – Адыгейхь, ГIалгIайчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь, Нохчийчохь, - ВИЧ-ун даьллачу нахана дарбанна оьшу гIирсаш ца эцнера.
  • 2023-чу шарахь Оьрсийчоьнан 18 регионашкахь ВИЧ-инфекцих молханаш чудар йукъахделира. Цуьнан тергойира пациентийн организацеша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG