ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина Iалашйечу нохчийн батальонан хиллачу векална дуьхьал йалхолгIа бехктакхаман гIуллакх долийна - хьасташ


Белокиев Ислам
Белокиев Ислам

ГIалгIайчуьра блогерна, Украинехьа тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан хиллачу пресс-секретарьна Белокиев Исламана дуьхьал йалхолгIа бехктакхаман гIуллакх диллина Оьрсийчохь – хIинца терроризм бакъйарна бехкево иза. Ша Белокиев дозанал арахьа вехаш ву. Цунах лаьцна хаамбина "Осторожно, новости" телеграм-канало, шайн хьасташна тIетевжина, ша Белокиев дозанал а арахьа вехаш ву.

Официалехь блогерна дуьхьал керла гIуллакх долорах дуьйцуш дацара; ГIалгIайчуьра ницкъаллин структурашна герга йолчу хьасташа Кавказ.Реалиин редакцина информаци харц ца йира, йа и бакъ ду а ца элира. "Талламхойн са гатделча, дагавогIу иза", - элира сайтаца къамел динчо.

"Осторожно, новости" телеграм-каналан хаамашца, Белокиевна дуьхьал айдина керла гIуллакх доьзна ду, шен телеграм –каналехь 2023-чу шеран зазадокху-баттахь ГIалгIайчохь полицица хиллачу тасадаларшкахь дакъалаьцна хилларг тIаьхьо "гранати тIехь иккхина" карийча, Белокиевс иза "шахIид" ву аларца.

Хетарехь, вуьйцург ву 25 шо долу Коттоев Мовсар – оханан-баттахь цуьнан дакъа карийра Аки-Йуьртахь дIатесначу цхьана цIа чохь. Цхьахйолчу версица, цуьнан четахь граната иккхинера, шолгIачу версица – жимстаг лаьцначу ницкъахоша эккхийтинера и граната, амма и хаамаш тIечIагIбина бац. Шен телеграм-каналехь Белокиевс билггал аьлла хиллера, иза "шахIид" ву.

Кавказ.Реалиин сайтана йеллачу комментарихь блогеро дIахьедира рогIера бехкзуламан гIуллакх шена дуьхьал даккхарна цец ца ваьлла ша, шена тIаьхьабовлар доьзна цо ша лелочу гIуллакхца элира цо.

"Царна [Оьрсийчоьнан талламхошна] массанхьа а нацисташ, сирла-цIен цхьа маIа йолу дийнат, террорхой а дуьхьал туьйсу. Иштта массарна а дуьхьал тIаьхьий-хьалхий гIуллакхаш доху цара. ХIаъ, царна массарна а хууш ду со Оьрсийчохь воций. Делахь а шайн куьйгаллина хьалха цхьа чот йан йезаш ма буй уьш. Сан информацин балхо эргIад оьхуьйту уьш уггар а чIогIа, оцу гурашкахь аса дуьйцу церан зуламех, ахчанашца лелочу хьарамлонех, гучуйоккху церан шалхалла, шина кепара йолу стандарташ", - дIахьедира Белокиевс.

  • Зазадокху-беттан 28-гIа буса бевзаш боцчу наха герзаш диттинера ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозанехь йолчу полицин постана, цул тIаьхьа бовда ка йаьллера церан. Шина полисхочунна чевнаш йира. Оханан-беттан 3-чохь Iелин-Йуьртахь полицин белхахошна герзаш диттира муьлш бу цахуучу наха, цхьана белхахочунна чевнаш йира. Цул тIаьхьа оханан-беттан 5-чу буса Малгобекан кIоштара Зязиков-Йуьртахь диттира герзаш – кхо полисхо вийра, кхин а бархIанна чевнаш йира. Йуьхьанца лаца кхайкхийра йалх тIелатархо, царех виъ кхалхарх хууш ду.
  • Кхул а хьалха Белокиев Исламна Оьрсийчохь дуьхьал даьккхина пхоьалгIа бехктакхаман гIуллакх долийра, цо терроризмана ахча латторна а, Украинан агIор тIемаш бечу Шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонна гIо даре кхайхкхамаш барна а бехкеварца. Цул хьалха Белокиев жоьпалле озийра, Оьрсийчоьнан эскархойх лаьцна харц информаци йаржорна тIехула шеконашца. Регионерчу Талламан комитето бахарехь, "фейкан" артиклехула гIуллакх долон бахьана хилира, цо Украинехь йийсаре кхаьчна волчу гIалгIайн эскархочух лаьцна видео арахецар. Уггар а хьалхара цунна 202I-чу шарахь дуьхьал даьккхина гIуллакх ду, тIеман иэс сийсаздарна. Белокиевс дийцира, "бусулбачу наха, йа кавказхоша Толаман Де даздан ца деза", хIунда аьлча церан тIеман истори йоьзна йу "дайшна депортаци йарца, уьш кхалхарца а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG