ТIекхочийла долу линкаш

 
Украинан кхерамзаллин сервисо бехкевина Дагестанера вахархо Изюмера лор верна
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан кхерамзаллин сервисо бехкевина Дагестанера вахархо Изюмера лор верна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Украинан кхерамзаллин сервисо чIагIдо, украинхойн бакъоларйаран органийн зерашца, 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Изюм гIалахь кхелан медэксперт Здебский Федор вийнарг мила ву хиъна шайна аьлла. Свобода Радионо йаздо цунах лаьцна.

Вуьйцург ву Дагестанан 26 шо долу вахархо Дудуев Ахьмад, Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн 27-чу къаьстинчу гвардин танкан эскаран номер 1 йолчу бригадехь гIуллакх деш хилла ву иза.

Гергарчу хенахь украинхойн Iедалхоша шеконе эцнарг дуьненаюкъарчу лехамашка лур волуш ву.

Хьалхо "Украинская правда" гIирсо шайн журналистийн талламехь хаам бира, стохка стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан Ахьмад цIе йолу эскархо Изюм гIаларчу цхьахйолчу морг чу иккхинера аьлла. Оцу йукъанна, ша "Кадыров Рамзанан гергара" ву аьллера цо. Морган белхахочо Здебский Федора дIахьединера, оьрсийн салташка "кхузахь сатуьйсуш цхьа а вацара" аьлла. Цул тIаьхьа Ахьмада цкъа йиттинера Здебскийна, цул тIаьхьа тапча тоьхнера.

Стохка стигалкъекъа-баттахь Изюм гIала Оьрсийчоьнан армин карахь йара, тIаьхьо ВСУ-н ницкъаша маьршайаьккхира иза.

  • Украинан прокуратуро тIом лаьттачу шарахь 71 эзар зулам дар билгалдаьккхина, царна бехкебо Оьрсийчоьнан эскархой. Ду оцу зуламашлахь нах байар, хьийзор, бераш лечкъор, талораш, къоланаш дар а. Оьрсийчоьнан Iедалхоша дохку доллу бехкаш бакъ ца до.
  • Адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н Лаккхарчу комиссаран Урхалло чиллан-баттахь хаамбира, Украинехь Оьрсийчоьнан шуьйрачу барамашкахь тIеман агресси йолийчхьана байинчу маьршачу бахархойн терахь 8 эзарел сов ду аьлла, царех 2,5 эзар – зударий а, бераш а ду. ООН-о билгалдаьккхина, кхузахь буьйцурш документаш тIехь охьайазбинарш а, тоьшаллашца тIечIагIбинарш а бу. Билггал маьршачу нахалахь байинарш масийттазза совбовла тарло – уггар жигара тIемаш бинчу меттигашкара (доккхачу декъанна, Мариуполь, Северодонецк, Лисичанск, Соледар, Бахмут) юьззина информаца кхачон хало ду. Шен агIор Украинан коьртачу прокуроран тIеман Департаментан Офисан куьйгалхочо Белоусов Юрийс дIахьедина, тIом лаьттачу цхьана шарахь 100 эзар маьрша вахархо вийна хила тарло аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG