Америкахойн Мэриленд штатерчу бехккъасторхойн жюрино керла бехк кховдийна Нохчийчуьра 22 шо долчу Стигал Аминна дуьхьал – хIинца бозбуунчаллаш лелорна. Хьалхо Америкехь хакер лоруш волу Стигал бехкевира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн пхеа белхахочуьнца барт а бина, Украинан Ӏедалан сайташна тӀелетарш дарна. Цунах лаьцна хаамбира, Американ Цхьанатоьхначу Штатийн юстицин министраллана тӀе а тевжаш, Маршо Радион оьрсийн сервисо.
Стигал воцчунна, ишта бехкаш дехкина полковникна Денисов Юрийна а, лейтенанташна Боровков Владиславна а, Денисенко Денисна а, Корчагин Николайна а, Голошубов Дмирийна а.
Кхелан сацамца а догIуш, 2022-чу шеран дечкен-баттахь хакерш тIелетта хиллера украинхойн хьукматийн сайташна. Цу тIера хаамаш лечкъийна, йоза дитинера цара "Украинхой! Шух лаьцна йоллу информаци нахала йаьлла, ларлолаш тIе хиндолчух а кхоьруш хилалаш. И доьзна ду шун хиллачух, хIинца долчух, хиндолчух" аьлла. Лечкъийна хаамаш, шайлахь медицинан картанаш а, бехкебечара интернетехь дохка хIиттийра. Цул тIаьхьа бутт сов баьллачу хенахь Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца тIелетира Украинана.
Хакерийн тобано 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь дуьйна теллина НАТО-н 26 пачхьалкхан, шайна йукъахь Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ а йолуш, компьютерийн системаш. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Украинана гӀо деш йолчу Йуккъерчу Европера цхьана пачхьалкхан транспортан инфраструктура талхийра цара.
Хакерша, америкахойн цхьана компанин сервисех пайда а оьцуш, дӀасайаржийра WhisperGate зуламе программаш.
- Хьалхо Стигал волу меттиг, йа цо зуламан Iалашонашца бинчу белхах лаьцна дицйинчунна итт милион гергга долларшкахь кхаъ кхайкхийра.
- ФБР-н хаамехь йаздина ду, хакер оьрсийн а, ингалсан а, Ӏаьрбийн а меттанаш буьйцуш ву, цуьнан "Дагестанехь зӀенаш йу" аьлла. Доккхачу декъана, Кавказ.Реалии сайтана карийнера "Сан дуьне" сайтехь Стигалан агӀо (изза цӀе а, вина де а цхьана догIуш). Ша веха гIала Хасавйурт аьлла, билгалйаьккхина йу цо.
- Стигал бехкевен украинхойн IT-системашна тIелатар хиллера 2022-чу шеран дечкен-беттан 14-чохь. ТIелеттера уьш Украинан Iедалан а, арахьарчу гIуллакхийн министраллин а, спортан, энергетикан, агрополитикан, ветеранийн гIуллакхашкахула йолчу министраллин а сайташна а, ишта пачхьалкхан казначействона а, пачхьалкхан хьлаш хIитточу сайтана.