ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украина тӀелетта йа къайленехь беш тIом бу? Дуьххьара дронашца тIелатар дина Нохчийчохь


Гуьмсера спезназ унивеситет (РУС), дронаша тIелатар динчул тIаьхьа, 2024
Гуьмсера спезназ унивеситет (РУС), дронаша тIелатар динчул тIаьхьа, 2024

ГIадужу-беттан 29-чохь Ӏуьйранна Нохчийчуьра Гуьмсехь йолахой кечбечу "Оьрсийчоьнан спецназан университетан" цхьана гӀишлонан тховх цӀе йаьллера. Республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ма-аллара, регионна дронашца дуьххьара дина тӀелатар дара иза. Амма, Оьрсийчоьнан тӀеман министралло цу дийнахь бинчу официалан хаамехь хилларг хьахийна дац. Политико дийцарехь, гӀишло йаьсса йара, цундела цхьанна а зен ца хилла, амма суьйранна цо хийцира шен верси: Украинера йийсархой белла тӀелатар бахьана долуш, элира цо. Кавказ.Реалиин редакцино теллира Кадыровн дешнаш мел тешаме ду а, цигахь хиллачун муьлха версеш йу а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналехь бинчу официалан хаамца, дронаша дина тӀелатар хилла Ӏуьйранна 6 сахьт 30 минот йаьлча. Тховх йаьлла цӀе дӀаяйъина дукха хан йалале, "спецназан университетан" болх шен рожехь дIахьош бара, кхин зенаш ца хилла. Маса дрон хилла, хууш дац.

"Талламан урхалло гIуллакх айдина хилларг талла а, зуламехь дакъалаьцнарш муьлш бу къасто а", - аьлла политико. Нохчийчуьрчу Талламан комитетан а, Федералан Талламан комитетан а урхаллехь а бац цунах лаьцна тӀечӀагӀдеш хаамаш.

Оццу Ӏуьйранна Оьрсийчоьнан тӀеман министралло дӀахьедар дира, буьйсанна Белгородан а, Курскан а, Брянскан а кӀошташкахь, иштта Ӏаьржачу хӀорда тӀехь а Украинин 7 дрон чудаийтина аьлла. Цу урхалло денна арахоьцучу рапортехь хьахийна йацара Нохчийчоь.

Кадыровс тӀечӀагӀдале, нохчийн оппозицин НИЙСО телеграм-канало хаам бира "университетана" тӀелатар динчул тӀаьхьа цӀе йаларх лаьцна – цуьнан хаамашца, цӀе йалале шиъ эккхийтар хиллира. Маршо Радионо спутникехула даьхначу суьрташ тӀехь гуш ду Ӏаморан база йолчу кӀоштахь кӀур баьлла хилар.

ТӀаьхьо Кадыров Рамзана а хаам бира инспекцих лаьцна – видеохь гуш ду, гӀишлонан куьзганаш кегдина. Оппозицин жигархоша даьхначу суьрташ тIехь гуш ду гӀишлонан тховна хилла зен а. Цуьнца цхьаьна йохийна хиллачу гӀишлонна чохь йийбар йац, – гIишло боккъалла а йаьсса хета.

ГIадужу-беттан 29-чу сарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо йуха а комментари йира тIелатарехь зен хилларш бу аьлла – "Украинан йийсархошна йукъахь", цо дийцарехь хӀора "республикерчу стратегин объектехь" латтош бу уьш, маса стаг лазийна йа вийна, билгал ца даьккхира, лаххара а иттех стаг хьахор бен.

РУС спецназан университетан г1ишло, дронаш т1елатар динчул т1аьхьа. Видеон скриншот, Кадыров Рамзанан телеграм агIонера
РУС спецназан университетан г1ишло, дронаш т1елатар динчул т1аьхьа. Видеон скриншот, Кадыров Рамзанан телеграм агIонера

Политико цхьа а тӀечӀагӀдар ца дира цу дешнашна, хьалха оццул дукха Украинин эскархой Нохчийчоьнан йийсарехь хиларх лаьцна хаам бина бацара. Иштта бакъонашларъйархошка хьалха кхаьчна бацара Нохчийчохь тӀеман йийсархой латторах лаьцна цхьа а хаамаш – уьш Нохчийчохь цкъа бен гайтина а бац. 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Кадыровн кхо доьзалхо Украинин оккупаци йинчу территорешка бахана, цӀа бирзича, шаьш йийсархой лаьцна аьлла, схьабалийна гайтира меттигерчу телехьожийлехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденцехь хиллачул тӀаьхьа уьш стенга бигина, ца хаийтира.

ХӀинца Кадыровс Оьрсийчоьнан агӀор тӀом бечу нохчийн массо а дакъойн буьйранчашна тӀедиллина украинхой йийсаре ма лаца аьлла, иза дуьненайукъара бакъонаш йохор ду.

Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь латтош бу йийсархой, Кадыровхой наггахь цига кинош йаха боьлху 

Украинин агӀор тӀом бечу Шейх Мансуран цӀарахчу нохчийн батальонан пресс-секретарь хиллачу Белокиев Ислама Кавказ.Реалиин журналистана комментари луш дӀахьедира, Кадыровс Гуьмсехь латтош украинхойн йийсархой бара бохург - харц ду аьлла.

"Украинин йийсархой бац Нохчийчохь. Уьш кхечу регионашкахь латтош бу, кадыровхой цига наггахь бен ца боьлху кинош йаха. Наггахь, уьш массийта стаг вало мега Нохчийчу инсценировка йан, амма цул тӀаьхьа сихонца йуха а дӀабуьгу", - элира Белокиевс.

Цунна хетарехь, йийсархой Нохчийчохь латторах лаьцна динчу дӀахьедарца Кадыров Рамзан лууш ву, шена мехала йолу объекташ Украинин дронашна тӀелетарх ларъйан. Амма кхузахь, Белокиевс дийцарехь, хаттар кхоллало: "университетана" тӀелатар дина дронаш боккъалла а Украинин дара, йа цу тӀелатарна тӀехьа лаьтташ хила тарло Оьрсийчоьнан республикан куьйгаллина дуьхьал болу нах?

Къилбаседа Кавказера хьажийна дрон?

"Оьрсийчоьнан спецназан университетана" дронашна дуьхьало йан гIирс хIунда ца белла хилла аьлла, шега хаьттича, дуьненаюкъарчу талламан юкъараллин InformNapalm декъашхочо хьахийра, Оьрсийчохь тоъал ПВО-н системаш тоьаш йац ур-атталла тIамна гера йолчу Ростовн а, Краснодаран а мехкашкахь герзан а йагорган складаш а Iалашйан.

Де хьалха Украинерчу "Суспiльне" телеканало, пачхьалкхан къайлахчу сервисийн хьосташна тIетевжина, хаам бира, дронаш ГӀалгӀайчоьнан йа Дагестанан махкара хеца мегаш хилла аьлла. ЦӀе йаккха ца луучу InformNapalm телеканалан талламхочо дийцарехь, цу тайпа хIума хила тарлуш ду бохура, Кавказехь Вайлдберис маркетплейс бахьана долуш лаьтта ира хьал тидаме эцча. Цхьана агIор Кадыров, вукху агIор Дагестанан а, ГӀалгӀайчоьнан Ӏедалехь йолу коанаш йу уьш.

"Амма тӀаьхьарчу беттанашкахь Украино а гайтина, дикка генарчу объекташка кхачалуш йолчу дронех таронаш шайн алсамъйалар. Шен рогӀехь, тӀеман министраллан рапортехь и тӀелатар ца хьахош хиларо гойту, федералан центран а, Нохчийчоьнан куьйгаллин а хьал тидар цхьана догӀуш ца хилар. Мухха делахь а, Путина дӀакхайкхийна "СВО", ма-дарра аьлча, буьззина тӀом, бумеранг хуьлуш дIакхочаш бу регионашка", - аьлла. билгалдоккху InformNapalm компанин векало.

Нохчийчоьнан бакъонашларъйархочо Янгульбаев Абубакара, Кавказ.Реалии сайтаца динчу къамелехь шеконе дуьллу Украинин тIеман ницкъаш Нохчийчоьнна тӀелатар дарехь дакъалаьцна хиларх.

"Дуккха хьолахь, хӀора кхиаме акци йича, Украинин эскарша лечкъа ца до шаьш динарг, къаьстина хIара санна медийн объект иза хилча. Оха хIара къамел дечу хенахь, и тайпа цхьа а хаам бина бац. ТӀеман министралло БПЛА-но тӀелатар дарх хаам ца бар, амма Кадыров цу хаамийн инициатор хиларо гойтуш хила мега, цу тIелатарехь меттигерчу бахархойх цхьаъ дакъалоцуш хилар", - боху Янгульбаевс.

Шеконе  ду Кадыровн "инсценировк" ФСБ-х лачкъийна йан аьтто бу бохург

Цуьнца цхьаьна бакъонашларъярхочо билгалдоккху: Нохчийчоьнан Ӏедалшна кхерам бу аьлла ца хета арахьарчу тӀелатарех, ткъа Кадыровн ницкъаллин структураш чоьхьара протест сацон тӀехьажийна йу. Кхин цхьа верси а йу: и тӀелатар дан мегаш дара нохчийн Ӏедалшна, Москвахь республикан кхерам бу аьлла гайтархьама а, ПВО-н система кхолла кхин а ахча даккхархьама а.

"Цкъачунна тоъал информаци йац, мила вара "университетана" динчу тӀелатарна тӀехьа. Амма, шеконе ду Кадыровн инсценировка ФСБ-х лечкъош йан аьтто бу бохург. Оха йукъара йоккху и верси", - аьлла оппозицин нохчийн NIYSO-телеграм-каналан векало. Оха цуьнан цӀе къайлайаьккхина Оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьана долуш а, нохчийн ницкъхоша иза хьийзо тарлуш хиларна а.

Жигархочо дагадоуьйту, хьалхо дронаш Москварчу Кремльна тӀелатарх, тIамана дуккха а генахь йу иза. Гуьмсел а чIогIа ларъйан йезаш йу иза. Цундела "спецназан университетехь" дронашна дуьхьал туху гIирс ца хиларх цецвала ца оьшу. Вукху агӀор, къамел деш волчунна хетарехь, Кадыров Рамзанна пайдехьа ду хилларг Украинин герзахойн ницкъаша дина тӀелатар ду аьлла, кеп хIоттор, республикехь гIаттамхойн къийсам денбелла олучул а.

"Тхуна хетарехь, Нохчийчоьнан бахархошна йукъахь Оьрсийчоьнна дуьхьал синхаамаш алсам бовлуш бу. Дронаш дукха хенахь дуьйна шуьйра лелош долу герз ду, ткъа тхо тешна ду, дуьхьалонан агӀончашна оьшу говзалла а, ресурсаш а хила тарло цу тайпа тӀелатарш дан", - аьлла, дерзийра NIYSO-н векало шен къамел.

Имиджан эшамаш

Кху шеран мангал-баттахь дуьххьара Украинин дронаша тӀелатар дира Къилбаседа ХӀирийчоьнна а, тӀечӀагӀйина йоцчу информацица, Дагестанна а. Нохчийчоьнан хьокъехь, тӀеман аналитикна Матвеев Янна хетарехь, вай дуьйцург Украинина тӀелатар ду – имиджана эшам баран дуьхьа, баккъалла а зенаш даран дуьхьа а доцуш.

"ХӀара шайн алсам йолу таронаш гайтар ду. Хетарехь, мелла а лахара ницкъ болу дрон хила мегаш дара иза "Луьра"(Лютый-ред.) олу дрон, гӀишлонна йа кхин йолу хIумана даккхий зенаш ца до цо. Украинин герзахойн ницкъаша йуха а гайтира Оьрсийчоь кхерамзалла йоцуш хилар", - аьлла хета экспертна.

Кхерамзалла цахилар, цунна хетарехь, доьзна ду Оьрсийчоьнан йаккхийчу территоришца а, дронашна дуьхьало йен герз ледара хиларца а. Цундела Украинин дронаш даима а цхьацца барамехь тӀеман могӀанашкахула чекх а йолуш, махкана кӀоргене чугӀертар йу.

"Дукха хьолехь, кӀорггера маьIна долуш дац тӀеман министралло комментари ца йарна (Гуьмсехь дронан тIелатарх лаьцна). Хетарехь, и тохар къайладаккха гӀоьртина уьш, амма "университан" богучу тхевнан сурт зорбанан гӀирсашка кхечира, цундела Кадыровн вистхила дийзира, шалха пост хIоттийра цо цхьацца формулировкаш йалош. Цуьннан амал йу хIума дарстийна дуьйцуш", - аьлла, жамӀ дира Матвеев Яна.

Хьакъволчу тӀеман кеманхочо, инарла-майора Попов Владимира Оьрсийчоьнан "Московский комсомолец" зорбанан гӀирсана лучу комментарехь дӀахьедира, БПЛА Украинин герзахойн ницкъаша Донецкан агӀорхьара йаийтина хила тарло, Ростовн а, Краснодаран а кIошташкахь иза тидамза дисира, чIогIа лахахула лелар бахьана долуш, вуьшта аьлча, масех иттаннаш метраш бен лакхехь доцуш.

ТӀеман эксперт Федоров Юрий а ву, иза украинхойн тӀелатар дара аьлла хеташ. Кавказ.Реалиин редакцица хиллачу къамелехь цо хьехар дира цхьана а агӀонан къайлахчу сервисашкара хаамех ма теша аьлла. Ткъа Украинин тӀеман дронашна дукха гена некъ бац Нохчийчу кхача.

Йолахой кечбо коьрта меттиг

Президентан Путин Владимиран цӀе лелош йолу "Оьрсийчоьнан спецназан университет" официалехь йазйина дешаран автономин коммерцица йоьзна йоцу организаци, герз тоха Iаморан спортан клуб йу. Шен территори тӀехь хаддаза эскархой Ӏамош белахь а, офицалехь РУС цхьана а ницкъаллин структурийн Iуналлехь йац, Нохчийчоьнан дешаран министраллан лицензи бен йоцуш.

2022-чу шеран гӀадужу-баттахь Украинина дуьхьал тӀом болабелча, йерриг а пачхьалкхера йолахой кечбеш уггаре а йоккха центр хилла дӀахӀоьттира "университет". Юьхьанца хаам бора, цигахь хӀора кӀиранах 200 гергга "волонтераш" Ӏамош хилар. Кху марсхьокуху-баттахь Путин "университете" веъча, Кадыров Рамзана хаам бира, Украинера тӀомехь болабелчхьана, университетехь 47 эзар эскархо Ӏамийна бохуш, царех 19 эзар "лаамхой" а болуш. И терахьаш тӀечӀагӀдан аьтто бац.

Оцу даккхийчу терахьашна йукъахь Нохчийчуьра цхьа миллион ах миллион бахархой хилла ца Ӏаш, уггаре а хьалха кхечу регионашкара йолахой а бу цу терахьшна йукъехь. Уьш нохчий бу бохуш маса кхоьллинчу "Ахмат" дакъошка дӀайазбо, элира хьалхо Европерчу нохчийн политикан "Цхьаьнакхетта ницкъ" цӀе йолчу вовшахтохараллан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата. Ма-дарра аьлча, муьлхха а Оьрсийчоьнан вахархочун аьтто бу "университетехь" тIаме хьажавале хьалха шина кӀиранах Ӏаморашкахула чекхвала, цара Нохчийчу схьабогIуш некъана йина харж а йуха дӀалур йу.

Организацин финансийн аьтто бу и болх дӀабахьа. "Оьрсийчоьнан спецназан университетна" (РУС) 2022-чу шарахь "иштнехьа" делла 349 млн сом - цхьа шо хьалхачул пхоьазза дукха ду иза. 2023-чу шарахь РУС-на кхаьчна 451 миллион сом, цу йукъахь 164 миллион “унивеситетан” цIена са йаьлла ахча ду, 286 миллион сагӀина делла.

Ахча стенгара даьлла хиира журналисташа бинчу талламехь. 2022-чу шарахь а, 2023-чу шеран йуьххьехь а Гуьмсера РУС "университето" дайина 980 миллион гергга сом. Цу ахчанах ах гергга делла ду нохчийн бизнесхочо Альвиев Мовсадис, Кадыров Рамзанан уллера накъост а, юьртахо а ву иза, йаздира "Мехале дийцарш".

Нохчийчохь хаам бира, республико хӀинцале а 36 миллиард гергга ахча дайина, цу тӀелатарехь дакъалаьцначарна рицкъ латторна аьлла. И дерриг а ахча фондера схьадогӀуш ду, бохуш дуьйцу. Цуьнца цхьаьна 2023-чу шарахь фондан дисина ахча дара 5,3 миллиард сом, ткъа 2022-чу шарахь – 6,3 миллиард. Кадыровс билгалдаьхна харжийн терахьаш талла аьтто бац.

  • Украинерчу бакъонашларъйаран "Бахархойн маршонийн центр" организацино аналитикан рапорт кечдина "Путинна трибунал" йолчу коалицица, Оьрсийчоьнан регионашкахь йийсаре лаьцна украинхой латтош болу меттигех лаьцна хаамаш гулбина. Цу документана йукъайогӀуш йара ФСИН системин 26 меттиг, царна йукъахь 6 Ростовн а, Волгоградан а, Ставрополан мехкашкара а.
  • ГIадужу-беттан 10-чу буса Украинин герзахойн ницкъаша тӀелатар дира Майкопан йистехь йолчу тӀеман аэродромна. Масех сахьт хьалха Ейскехь цхьана складана тохар динера: Украинин Коьрта штабо хаам бира ГӀажарийчоьнан дронаш хӀаллакдарх лаьцна. Нагахь санна, и тайпа тӀелатарш кеста-кеста хилахь, Оьрсийчоьнан эскарна "Шахедаш" а, хIоьънаш а латтор чолхе дер ду, боху Кавказ.Реалии сайто къамел динчу эксперташа.
  • Адыгейн оперативан штабо дихкина хаамийн гӀирсашкахь а, интернетехь а, социалан машанашкахь а, мессенджерашкахь а тӀеман инфраструктура лаьттачу меттигах а, ткъа иштта БПЛА-н а, дронийн а тӀелатарех лаьцна муьлхха а информаци йаржор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG