ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана дуьхьал бертаза тIаме нохчий хьийсорах дийцина бакъоларйархоша


Соьлжа-ГIала, 2023 шо, стигалкъекъа-бутт
Соьлжа-ГIала, 2023 шо, стигалкъекъа-бутт

Нохчийчуьра хьаькамашна а, имамашна а, командирашна а тIехь жоьпалла ду Украинана дуьхьал тIаме нах ийзорна – и "норматив" кхочушйархьама меттигера бахархой нуьцкъаша латтабо къайлахчу набахтешкахь, царна кхерамаш туьйсу гергарчарна тIехь доькхур ду, нагахь санна, реза ца хилахь бохуш. Цунах лаьцна дийцина "СК SOS" кризисан тобанан материалехь.

Шайга орца дехначу адамийн тоьшаллашна тIехь дийцина бакъонашларйархоша, къаьсттина кхерамна бухахь бу ницкъахоша хьалхо лецна хилла мехкан бахархой аьлла. Къаьстинчу базехь латтош бу уьш- хьалха лецча ахча делча маьршабаьхнехь а, хIинца уьш дIахоьцу тIамтIе баха реза белахь.

Маса стаг ву оцу кепара вербовка йинчу нохчашлахь кризисан тобано ца дуьйцу, хIунда аьлча, статистика хIоттайойла доцу дела. Делахь а, бакъонашларйархошна хууш ду, лаьцна латтийначу 70 стагах, 50 тIаме ваха реза хиллийла. Дуьхьало йахь, шайггара айдинчу гIуллакхашца набахте хьийсор бу, йа церан гергара нах бохуьйтур бу Украине бохуш, кхерамаш туьйсу царна. Цунах лаьцна тIом болабеллачу йуьххьехь а дуьйцура бакъоларйархоша а, Украинан векалша а.

Цул совнах, "СК SOS" тобано дийцина, лецначарех цхьаболчаьрга шайна вевзачу кхаа стагана дуьхьал тоьшаллаш дойту, уьш а лаца бахьана хилийта а, цул тIаьхьа тIаме хьийсон а. Иштта бакъоларйархоша дагадаийтира, арахьарчу махкахь лела паспорт даккха кехаташ чуделлачу нохчашна тIаьхьа бовларх а. ТIаме бахийта хьийза тIаьххьарчу рейдашкахь болх боцуш бисина таксхой а.

  • Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкарчу вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчохь даге лазар а деана велла Мурадов Адам – юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча Соьлжа-ГIалахь хиллачу митинган декъашхочун хIусамда вара иза. Адамийн бакъонаш ларъяран "Мемориал" Центро яздарехь, шен зудчунна йеттийтина цуьнга, тIаккха церан 18 шо долу кIант Валид (цхьаболчу хаамашца Абу ву иза) Украинерчу тIаме хьажийна.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана Кадыровс денна бохург санна дIахьедора, "даймохк Iалашбан" кийча бу дуккха а нохчий бохуш, ткъа хIинца кхин дуьйцу цо, иза а нохчийн маттахь. Лаамехь тIаме баха ца луучу бахархошна дуьхьал дера медиакампани йолийна мехкан Iедалхоша. Таро йоцу а, балхахь боцчу а нахана Iедало кхачош долу гIо дIахададе аьлла, тIедиллира Кадыровс, нагахь санна, ницкъийн структурашкахь эскаран гIуллакх дан уьш реза бацахь. Балхахь боцчу божаршка анкеташ йазйойтура, тIеман министраллина гIуллакх дан реза стенна вац охьадилла бохуш.
  • Товбеца-баттахь къаьстира, Нохчийчохь ницкъаллийн структурашкахь къоьлла латтарх, махкахь йукъара даьккхира, официалехь а доцуш, балха хIуттург мах баккхар а.
  • Нохчийчохь тIаме баха луучарех резерв кхуллур йу аьллера, кечамех чекхбохуш, вакансеш хилахь, тIеман структурашка балха хIиттор бу а бохуш. Цу йукъа кхета бохуш, агитаци йира божаршна а, зударшна а, резахиллачарна 20 эзар сом лур ду бохура. ГIадужу-баттахь Кадыровс хьийхира Украинаца болчу тIаме махкара 300-400 стаг хьажор ву аьлла- бахархойх доьалгIа дакъа хуьлу и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG