Нохчийчуьра Украине хьажийначу кIоштийн полицин белхахойх вовшахтоьхначу "Ахмат" тобане нах эцар. "Кавказский узел" гIирсо хеттарш динчу эксперташна а, бакъоларйархошна а хетарехь, бертаза хила тарло.
Вовшахтоьхна тоба Запорожьен кIоштара тIемаш бечу меттиге шинарин дийнахь кхачарх хаамбира "Грозный" ЧГТРК телехьожийло. Цуьнан декъах дIакхетта Гуьмсан а, Серноводскан а кIошташкара полицин дакъойн хьаькамаш Чалаев Исхьакъ а, Закриев Iийса а. Кхеташ дац, "Ахмат" цIарца вовшахтоьхна кхин а цхьа дакъа ду-те дуьйцург, йа полисхойн дакъа хьалхо кхоьллина хиллачу батальонах дIатухур долуш ду.
Нохчийн политолого, Кавказан халкъийн Ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана элира полисхой "ца лаахь а, лууш санна" тIаме хьийсор "дуьхьалбовла йиш йоцу хIума ду".
"Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочунна Ганнушкина Светланина хетарехь, уьш реза хила беза, кхерам латтарна: "Царна хаьа, шайна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна ца Iаш, шайн гергарнаш а хьийзор буй, балхара дIадохур дуй а, кхерамаш туьйсур буй а – тIом бан дуьхьало йахь церан доьзална а, бисинчу гергарчарна а бале доьрзур дуй".
ТIеман юристо Мугунянц Артема билгалдоккху, полисхой тIамтIе хьовсар низамца дац. Формалехь низам лардина, нагахь санна, полисхой чоьхьарчу гIуллакхийн органашкара балхара дIа а бевлла, цул тIаьхьа "лаамхой" санна тIаме дахийта аьлла, дехар цара динехь.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин полковник лаьттинчу Колов Амира тидам тIеузу, "тIеман долара компанеш" санна, Украинана тIелатарехь дакъалоцуш дуккха а дакъош хиларна. Цара "Оьрсийчохь кхуллу шайн ловзаршца йолу вовшахтохаралла, финансийн, транспортан, индустрин, кхечу корпорацийн коьртехь, ур-атталла политикан партеш а цхьаьна. Цара къуьйсу нуьцкъале эскархошкахьа, оцу йукъанна Нохчийчуьра схьабевллачарна республикехь вовшахтоьхначу декъехь бисар гIолехьа ду, хIунда аьлча, шен динера а, махкара а болчаьрца биса таро ло цо.
- Кавказ.Реалии сайто дагардарца 14 дакъа ду Кадыров Ахьмадан цIарах вовшахтоьхна. Царех ах бохург дакъош санна гучудевлира Украине чугIоьртинчул тIаьхьа, дисинарш терроризмаца къийсам латтон аьлла, вовшахтоьхнера масех шо хьалха.
- Украинехь тIом бола а бале дикка хьалха кхоьллина ду "Ахматан" дакъош, йуьхьанца нохчий бара цу йукъа оьцуш, Ичкерин агIончашна дуьхьал къийсам латттон вовшахтоьхна а дара уьш. Керланаш – "Ахмат-Россия", "Ахмат-Чечня" а – ийна вовшахтоьхна йоллу Оьрсийчоьнан регионашкара лехьийначу нахах. Муьлха нохчийн дакъош ду тахана Украинана дуьхьл болчу тIамехь дакъалоцуш, царна йукъахь хIун башхалла йу а дийцира Кавказ.Реалии сайто.
- Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада чIагIдарехь, дечкен-беттан 22-чу дийнахь, Украинерчу тIаме вахийтина Нохчийчуьра 35 631 эскархо, царех 15 707 – лаамхой бара, Гуьмсера спецназан университет олучу базехь кечбина. Карарчу хенахь тIемаш боьлхучу меттигашкахь Нохчийчуьра ворхI эзар гергга эскархо ву. И хаамаш тIечIагIбан а, харцбан а аьтто бац, делахь а 2022-чу шарахь эксперташа а, аналитикаша а билгалдоккхура, Нохчийчуьра Украине хьийсийначийн терахьаш совсийна дийцарх. ТIамтIе ваха лууш цхьа а вац регионера аьлла, тIетуьйхира цара.
- Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.
- Кризисан "СК SOS" тобанан бакъоларйархоша билгалдоккхура, Кадыровн Нохчийчохь могIарера хIума хиларх бертаза Украинерчу тIаме хьийсор. Цунна лерина лоьцу нах тайп-тайпанчу бахьанашца, кхерамаш туьйсу бехкзуламан гIуллакхаш дуьхьал дохур ду, йа ницкъбийр бу бохуш. Нохчийчохь салтий хуьлу, доккхачу декъанна, нохчийн оппозиционерийн гергарчех. Масала, стохка товбеца-баттахь дуьйна дийца даьккхира, политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант бертаза тIамтIе вахийтина аьлла. Ткъа марсхьокху-баттахь Кадыровн критикийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн гергара виъ стаг а хьажийра.