ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана дуьхьал тIом бахьанехь ша лацарна кхоьруш, ЮАР-е саммите гIур вац Путин


Йоханнесбургехь хилла саммит, 2018 шеран товбеца-беттан 26-гIа
Йоханнесбургехь хилла саммит, 2018 шеран товбеца-беттан 26-гIа

Марсхьокху-баттахь Йоханнесбургехь хинйолчу БРИКС саммите гIур вац Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Цуьнан меттана оьрсийн делегацина хьалхаваьлла хир ву арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей. Цунах лаьцна дIахьедина ЮАР-н президенто Рамапоса Сирила, йаздо Свобода Радионо.

Къилба Африкан лидеро сайтехь бинчу хаамехь билгалдаккхарца, саммитехь дакъалоцуш хир вац Путин, шина а агIор бартбина. Йиссина БРИКС-н декъахой-пачхьалкхаш – Китай, Бразили, ХIиндойчоь, ЮАР – пачхаьлкхийн куьйгалхоша йовзуьйтур йу.

Путинан хьокъехь Дуьненайукъара зуламан гIуллакхаш толлучу кхелан (МУС) ордер йу кхайкхийна. Оьрсийчоьнан президент бехкево контролехь йоцчу Киевера бакъо йоцуш украинхойн бераш дIадигарна. Риман статусна куьйгашйаздинчу пачхьалкхашлахь йу ЮАР а, цо тIедожадо цунна МУС-н сацамаш кхочушбар а, цига схьа ма кхоччура Путин лацар а.

Де хьалха ЮАР-н президенто хаамбира, МУС-ра пурба дехнера ша Оьрсийчоьнан президент ма лацахьара аьлла. Лацар тIом кхайкхор санна ду аьлла Рамапос Сирила.

  • Къилбан Африкан вице-президент Машатиле Пола кху деношкахь прессица динчу къамелехь дийцира иштта, ЮАР-н Iедалша дехарш дира Путине, Йоханнесбургера саммите ма вагIахьара аьлла. Машатилес бахарехь, Москва реза йацара, Оьрсийчоьнан делегацин куьйгалле Лавров Сергей вита.
  • Барам вовшахтоьхнарш дагахь хилира саммит Китайхь дIайахьа, амма цунна дуьхьал йелира ХIиндойчоь а, Бразили а. Кремло дIахьедира, Оьрсийчоьнан президенто Йоханнесбургера саммитехь мича форматехь дакъалоцур ду, къастийна дац аьлла.
  • Financial Times газето йаздира, товбеца-бутт бовш Санкт-Петербургехь хиндолчу цхьанакхетарх пайдаэцна, Путин Йоханнесбурге ца ваийта гIуртур ву Рамапоса аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG