ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана дуьхьал тIом бан харцонца мобилизаци йарх дIахьедина кхелехь Дагестанан бахархоша


Украинана дуьхьал тIаме Дагестанера мобилизаци. Архиван сурт
Украинана дуьхьал тIаме Дагестанера мобилизаци. Архиван сурт

Украинана дуьхьал тIаме хьийсочу Дагестанан бахархоша кхелашкахула къуьйсу тIеман комендатурин сацамаш. Доьзалехь дуккхаъ а бераш дерш а, лоьрех чекхбаьхна боцурш а тIаьхьатоьттуш хиларх Коьртачу штабо кхеторна тIетуьйжу уьш. Церан искаш къобалйан реза ца хуьлу кхелаш.

Кхелан кехаташ тIехь ма-хиллара, Дербентан вахархочунна Хидиров Сабирна мобилизаций инера 16 шаре даланза цуьнан чохь кхо бер доллушехь. Оцу хьолехь иза тIекхайкхар низамашкахь нийса доцушшехь, ХIинжа-ГIалара гарнизонан тIеман кхело тIе ца лаьцна цуьнан латкъам. Арз толлучу йукъанна Хидиров тIемаш боьлхучу Украинан Херсонан кIошта дIахьажийнера.

Дагестанера Табасаранан кIоштара вахархо Султанов Тимур а вара ша тIаме ваха тIекхайкхар къуьйсуш, шен доьзалехь дукха бераш ду бохуш. ХIетте а, 70-чу полкан гаубицан, ша лелачу артиллерин хьалхарчу тобанан механик хIоттийнера иза. Кхел дуьхьал хилира цуьнан иск кълбалйан, цуьнан бераш шайн ненаца хилар тидаме а эцна, цуьнга шегга доьзал лелалур бу аьлла.

Шен мобилизаци къовса хьаьжира Дербентера Ашурбеков Муса а. "Административан иск чуйеллачо билгалдоккху, ша эскарехь дакъалаьцна цахилар а, ткъа тIаьххьара лоьрех чекхваьлла иза 2008-чу шеран стигалкъекъа-беттан 15-чохь Каспийск гIаларчу тIеман комендатурехь. Цул совнах, доьзалехь напха латториг и цхьаъ бен вац. Цуьнан кочахь нана а, хIусамнана а, жима ши бер а ду", - йаздина ду искехь. Кхелахой дуьхьал хилира тIеман декъера иза йухавалон.

ХIинжа-ГIалара тIеман гарнизонан кхело реза ца хилира, Бахышев Маратана мобилизаци йарх иск йухаэца а. Арми иза вохуьйтучу заманчохь "Б" категори йелира цунна – кIезиг гунахь ву тIеман гIуллакх дан, хIетте а номер 165444 эскархойн декъе схьакхаьчначул тIаьхьа цуьнан могушалла кхин тIе а эшнера, дарбанан цIийне охьавилла а оьшуш. Мобилизаци йина тIаме хьажочу хенахь тIеман лоьрийн комиссех чекхваьккхина вацара иза. Низамашкахь йина йац, йухайаккха мобилизаци аьлла, дийхира Бахышевс, амма жоп ца делира цунна.

Оцу кхело къобал ца йира Буйнакскан кIоштара Салахов Сайпутдинан иск а, цунах тешна дара цуьнан йалх, диъ, шиъ шераш долу бераш. "ТIеман гIуллакх дан тIекхойкхучу бахархошна хан йухатоттуш Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу штабан куьйгалхочун тIедахкарш нормативан бакъонан акт дац, цундела административан гIуллакхаш луьстучу заманчохь царех пайдаоьцийла дац", - аьлла жамI дира гарнизонан кхело.

  • Кавказ.Реалии сайто хаамбира, Оьрсийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара кхелашка мобилизаци йинчу тIеман комендатурина дуьхьал йаьхна иттаннашкахь искаш кхачарх. Цхьацца бахьанашца тIаме бахийта тIекхийкха безаш бацара и нах.
  • Элистара вахархо Азизов Олег а ву кхелехула шена мобилизаци йар юхаэцийта хьийзаш – букъдаьIахкаца сингаттам цуьнан боллушехь, пхи бер а доллушехь Украинехь боьдучу тIаме кхайкхинера иза гезгамашин-баттахь. ГIалин кхел дуьхьал хилира мобилизаци йинчун иск листа – цул тIаьхьа гIуллакх гарнизонан кхеле дIахьажийра.
  • Краснодарера Абрамов Алексейн доьзалан аьтто белира иза Украинера цIавалон а, тIеман лоьрийн комиссех иза йуха чекхваккха а. БукъдаьIахк лозуш воллушехь тIаме вахийтинера иза.
  • Дагестанские Огни гIаларчу кхело дуьхьало йира Курбанов Эльмирина цуьнан хIусамдена мобилизаци йеш бина сацам йухабаккха. Доьзалехь дукха бераш дара церан а. Цуьнан цIийнда тIаме ца вахийта бахьанаш дац элира тIеман комендатурехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG