ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана дуьхьал тIом бина кадыровхо лаьцна Оьрсийчуьра араволуш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Казахстанаца дозанехь лаьттачу Омскан кIоштахь контроль йечу постехула дехьаволу 19 шо долу Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахо Халидов Ясин лаьцна. Украинана дуьхьал болчу тIамехь дакъалаьцна цо, ницкъаллин структурашкара балхара дIавала хьоьвзинера иза, цул тIаьхьа Оьрсийчуьра дIаваха а.

Халидовх лаьцна зорбане даьккхира "Новая газета- Европа" гIирсан журналисто Милашина Еленас. Цуьнан хаамашца, ницкъахо лаьцна стигалкъекъа-беттан 20-чохь. ФСБ-н дозанхойн сервисо пхеа сахьтехь хеттарш динчул тIаьхьа иза дIавелира бехтакхаман гIуллакхаш толлучу урхаллин белхахошка. Омскера ОМВД-хь витира Халидов, схьагарехь, цунна тIаьхьа богIуш хиллера нохчийн ницкъахой. Бакъоларйархошна а, адвокаташна а хетарехь, Халидовна кхерам болчух тера ду.

Хаамбарехь, шен 17 шо долуш дуьйна хилла Халидов Нохчийчуьра Шела кIоштан ОМВД-хь болх беш, цул тIаьхьа транспортан ОМОН-ехь. Ша болх бечу заманчохь йукъарло хилла цуьнан Нохчийчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центраца, ткъа гезгамашин-баттера схьа дуьйна Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалаьцна цо. Цул тIаьхьа сацам бинера цо бакъоларйаран органашкара дIавала, амма куьйгалло бакъо ца йеллера цунна, кхерам теснера, терроризмаца доьзна шаьш бехкзуламан гIуллакх дуьхьал доккхур ду, нагахь санна, иза дIавала гIортахь аьлла. "МуьтIахь" иза вац аьлла, шеконаш кхоллайеллачу селхана цуьнан хиллачу белхан накъосташа лецира иза, ткъа полисхочун вада аьтто баьлча, карарчу хенахь Нохчийчуьра Iедалхошна оппозицехь болчу 1АДАТ боламе гIо дехнера цо.

"Новая газета - Европа" хьастан хаамашца, Халидов Оьрсийчуьра аравоккхуш шаьш гIо дийр ду аьллера цара, кадыровхойх лаьцна цуьнгахь йолу информаци шайга схьалахь. Цул тIаьхьа, иза пачхьалкхера араваллалц шаьш информаци Iорайоккхур йац аьлла делла дош дохош, цуьнан дийцар зорбане даьккхира, Халидов Оьрсийчохь а волуш. Цул тIаьхьа ницкъахо хиллачун цIа баьхкинера, иза лехамашка а велира.

Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу къамелехь 1АДАТ-н куьйгалхочо Янгулбаев ИбрехIима бакъдира Халидов Ясин шайца зIене валар. Йуьхьанца МВД-н могIарера белхахо санна тIеийцира иза, амма тIаьхьо къаьстира – махкахь бехк боцчу нахана дуьхьал гIуллакхаш даьхна хила тарло цо аьлла. Иштта, Янгулбаевн дешнашца, Халидов бехке ву 2022-чу шеран лахьан-баттахь Соьлжа-ГIалахь ГИБДД-н белхахочунна тIелатарца питана лелорна

"Шелара тхан хьасташа тIечIагIйира и информаци. Цул совнах, Ясина ша а цхьаьна дийцира, ша гIуллакх деш хиллачу оккупаци йинчу Энергодарехь лелийначу зуламех лаьцна. СБУ-н агенташ бу а бохуш, маьршачу украинхошна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш муха дохура дийцира цо. Цундела цунна гIо дан тхо реза ца хилира, цо нохчийн къомана дуьхьал зуламаш лелийна аьлла а, иза тIеман зуламхо хетарна а", - кхетийра Янгулбаевс. Халидовх лаьцна кху шеран зазадокху-баттахь ша дийцинера аьлла цо Милашине а, амма хIетахь реакци ца йира цо аьлла.

1АДАТ-н куьйгалхочо бакъдира иштта, нохчийн "Вайфонд" организацин векалша а шеца къамел дина хиларх, ша цаьрга: "Кадыровхоша кадыровхо вехь, и цунна дан догIург ду" аларх а. И дешнаш далийна "Новая газета- Европа" гIирсо шайн артиклехь а.

"Оьрсийчуьра дIавахначул тIаьхьа Халидовх пайдаэца тарлора аьлла хета тхуна, кадыровхойн агентах санна диапорана юкъахь, цундела цунна эвакуаци йан тхо реза ца хилира", - дерзийра спикеро

  • Украинехьа тIом бечу (ОБОН) нохчийн леринчу Iалашонийн къаьсттинчу тобанан хилла декъахо Джамбетов Хьусайн Соьлжа-ГIала йухавирзина. Иза Соьлжа-ГIала ма кхеччинехь, машанашкахь гучуйевлира и декъехь волуш йаьхна видеош. Цу видеошкахь Кадыров Рамзанан рожана ша резахилар дIахьедан а кхиира иза. Цунна долийна терроризман артиклаца бехктакхаман гIуллакх ду, иза ша лехамашка велла а ву - амма цу дерригено цунна новкъарло ца йира Нохчийчу верза. Хилларг йамартвалар а, тохар а ду элира батальонехь. Делахь а, Ичкерин маршонан агIончийн шеконаш йу, Джамбетовх кадыровхошна цхьа чIогIа коьрта информацин хьаст хир ду аьлла.
  • Хьалхо 1АДАТ болам вовшахтоьхначу Янгулбаев ИбрехIима дийцира Кавказ.Реалиин сайтана, масийтта шарахь Кадыровн рожана критика йарх, социалан машанашкахь Нохчийчохь бакъонаш ларйеш цахиларх лаьцна дуьйцуш, тобанаш вовшахйеттарх а. Оцу тIехула 2015-чу шарахь нохчийн ницкъахоша лачкъийра иза – эхашарахь къайлахчу набахтенан ларми чохь латтийра иза, Iазапаш хьоьгуьйтуш.
  • 1АДАТ оппозицин боламо бехкбиллира нохчийн блогершна Абдурахманов Тумсона а, Халитов Хьасанна а Кадыров Рамзанера даккхий ахчанаш эцарна. 1АДАТ-н версица, Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикашна "тIелатарш" вовшахтоьхначийн цIарах делла дара ахчанаш. ТIаьхьа Абдурахмановс хиллачух шен верси йовзийтира, цо хаамбира, киллерш Iехийна ша, хIоттийна видео а йаьккхина аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG