ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинана тIетайна Сербин куьйгалхо. Хьалхо Кадыровн хьехамчана чIагIо йора цо, Оьрсийчоьнца "вежарийн йукъаметтигаш" йу бохуш


Зеленский Владимир а, Евробертан а, Балканан мехкийн а лидерш Афинашкахь бу, 2023-чу шеран марсхьокхе-беттан 21-ра
Зеленский Владимир а, Евробертан а, Балканан мехкийн а лидерш Афинашкахь бу, 2023-чу шеран марсхьокхе-беттан 21-ра

Балканан а, Балканна гергарчу итт регионаша а куьйгаш йаздина Украинана гIортор йечу декларацина, царлахь нисйелла Серби а. Тоххара пачхьалкхан президент Вучич Александр цхьаьнакхеттера Нохчийчоьнан урхалхочун хьехамчаца Даудов Туркоца, цо чIагIонаш йора, Оьрсийчоьнца "вежарийн йукъаметтигаш" йу, цхьаммо а Iаткъам барх йухур а йоцуш бохуш.

Куьйгаш йаздар нисделла Афинашкахь, цигахь ву Украинан президент Зеленский Владимир.

Вучич воцчо а, декларацина куьйгаш йаздина Молдован, Черногорин, Румынин, ах Косов Республика аьлла, къобалйинчу пачхьалкхо а, Боснин а, Герцеговинан а, Къилбаседа Македонин а, Болгарин а, Хорватин а, Желтойн а мехкан куьйгалхоша. Куьйгаш йаздечу заманчохь цигахь йара Еврокомиссин куьйгалхо Урсула фон дер Ляйен а, Европан Кхеташонан куьйгалхо Шарль Мишель а. Пачхьалкхаш тIетайра Зеленскийс кховдийначу "машаран формулина", цу тIехь билгалдаьккхина Украинан дозанаш тIера оьрсийн эскарш арадахар. Цунах лаьцна йаздина оьрсийн Свобода Радион сервисо.

Оцу йукъанна лахьанан-баттахь Вучича Сербихь тIеийцира Даудов – цхьанакхетаран Iалашо ца йийцира, амма президенто схьаийцира Кадыров Рамзанан хьехамчера вета а, куй а, дIахьедира, "дуккха а бIешерашкахь схьайохьу Оьрсийчоьнан а, Сербин а йукъаметтигаша шаьш чIогIа хилар дIагайти" аьлла.

Сербин а, Нохчийчоьнан а яц уллора экономикан а, политикан а юкъаметтигаш, амма Белградо а, Кремло ю юьйцу уьш "вежараллин" ю бохуш. Цуьнан коьрта бахьана ду, Косовоца юкъаметтигаш дIанисъйеш доьлхучу дийцаршкахь Оьрсийчоьно гIо латтор. Доккхачу декъанна, стохка хаамбора, Сербихь цхьахболу урам Нохчийчоьнан куьйгалхочун веллачу ден Кадыров Ахьмадан цIарах хилийта дагахь бу бохуш, иштта дуьйцура КъорIан Iамош школа йилла а Iалашо ю аьлла.

Вучича декларацина куьйгйаздан сацамхиларх йина комментарий йац йа Нохчийчоьнан Iедалша а, йа Кремло а. Вучич Александра диллина ца хаийтира ша Оьрсийчоьно болийначу тIамна реза ву аьлла, амма хьалхо цо дIахьедора, Украине толам баккхалур бац, билгаллбохура оьрсийн эскаран кхиамаш, Белградна Малбузено Iаткъам бо бохура тIом болийначу йукъанна. Ткъа Сербихь чIагIдо, цхьана а агIонна шаьш героз латтош дац бохуш, амма марсхьокху-беттан йуьххьехь пачхьалкхан урхалхочо Украина "доттагIаллин" мохк бу элира, "Косовн суверенитет цкъа а тIелоцур йоцу".

  • Стохка марсхьокху-баттахь Сербин президенто Вучич Александра дIахьедира, "нохчийн а, чергазийн а" цхьа тоба йоьзна хиларх ах къобалйинчу Косовоца рогIера конфликт марсаяккхарца. Цо цIераш яьхначарлахь бара Кадыров Рамзанан рожан критикаш. ДIахьедар бух болуш хиларх шеконаш яра Кавказ.Реалиино хеттарш динчу экспертийн – царна хетарехь, президентан вистхилар Серби а, Нохчийчоь а гергаяхар ду, ткъа Вучич Балканан ахгIайри тIера бахархой кхерон гIерта "кхерамечу нохчашца" аьлла.
  • 2022-чу шеран дечкен-баттахь Сербира делегаци кхечира Нохчийчу – шина пачхьалкхан сацам хилира боксан сферехь юкъахь болх бан. Сербин боксан Ассоциацин дIахьедарца а догIуш, Кадыров лерина ву Соьлжа-ГIалахь Сербин а, Оьрсийчоьнан а цхьаьнатоьхна командаш кечъян, кхиндIа Белградца юкъаметтигаш "шина а пачьалкхана пайден йолуш" кхион.
  • 202I-чу шеран товбеца-баттахь Билечехь дIаяхьначу Chechen Fest эшарийн фестивалан рекламин коьрта турпалхо хилира Кадыров Рамзан. ТIеман барзакъца долу цуьнан сурт дара фестивалан афишаш тIехь, иштта социалан машанашкахь зорбане даьккхина а. Фестивал вовшахтухучара дIахьедира, къовсаме хIуммаъ ца го шайна Кадыровн суьрташ хIитторехь, ткъа Chechen Fest аьлла тиллина цIе, цара бахарехь, забар санна дагадеана хIума дара.
  • Зеленскийн 10 пунктах лаьттачу машаран планехь, "машаран формула" а олу цунах, йаздина ду, Москваца муьлхха а дийцарш долор ду, Оьрсийчоьно дIалецна дозанаш йуха а дерзийна, цу йукъахь йуьйцу ГIирма а, оьрсийн эскарш цара оккупаци йинчу регионашкара арадаьхначул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG