ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинаца тIамехь дакъалоцучу тIемалочунна Кадыров Ахьмадан орден йелла


Батукаев Зеламха
Батукаев Зеламха

Лахара лейтенантана Батукаев Заламхана мехкан лакхара совгIат, Кадыров Ахьмадан цIарах орден луш омрана куьгйаздина Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана

Нохчийчочьнан Iедалхойн сайтехь зорбане даьккхинчу документа тIехь йаздина ду, Батукаевна совгIат дина "доьналла, майралла гойтуш, шен са ца кхоорна, дахар кхерамца доьзначу гIуллакхехь декхар кхочушдечу хенахь" аьлла.

Хьалхо "Ахмат" спецназан командиро 2023-чу шеран гIадужу-баттахь хаамбира, "Шустрый" цIе лелочу Батукаев Зеламхана Доьналлин орден йелла аьлла. Инарлас Алаудиновс хIоттийначу видео тIера эскархочун куц-кеп а, цIе а йогIуш йу, хьалхо анониман оппозицин каналаша вийцинчу Нохчийчуьра вахархочуьнца.

Yamarthoy каналан хаамашца, 2005-чу шарахь Эльмурзаев Сулеймана куьйгалла деш хиллачу "Веданан сектор" (цу меттигера сепаратистийн дакъа. -Редакцин билгалдаккхар) тобанах дIакхеттера. Ши шо гергга хан йаьлчу оцу йукъара араваьллачу цо Оьрсийчоьнан ницкъахошка дIабийцинера, гIаттамхошна гIо дина хилла нах. Дуьйцура, бехк боцу нехан а цхьаьна цо цIераш йаьхнера бохуш. 2011-чу шарахь Батукаевна таIзар дира бакъо йоцуш наркотикаш лелорна. Niysoo проекто билгалдаккхарехь, ши шо хан туьйхира Батукаевна, ша лаьцначу йукъанна а кхечу нахана дуьхьал тоьшаллаш динера цо.

Нохчийчохь президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан цIарах орден йеш уггар а цIена деши лелийна 60 грамма гергга, цуьнан кеп кечйина рубинашца, сапфирашца, бриллианташца Оьрсийчоьнан байракхах тарйеш. 2004-чу шарахь йукъадаьккхина ду совгIат, Кадыров-воккхахверг велла кхо бутт кхочуш.

  • Нохчийчохь вовшахтоьхна керла ши батальон, церан цIераш техкина Кавказ йоккхучу хенахь ламанхойн дуьхьалонан лидерш хиллачу Шейх Мансуран а, Бенойн БойсгIаран а. Стенна лелош йу Нохчийчуьра Iедало маршонехьа тIемаш бинчийн цIераш, пропаганда йеш цара муха гIо до а дийцира Кавказ.Реалиин редакцига эксперташа.
  • Кадыров Рамзана дIахьедира, рогIера эскархойн тоба тIаме хьажорах. Тобанхошлахь меттигера бахархой хилла ца Iа, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкара баьхкинарш а цхьаьна бара, йаздира цо шен телеграм-каналехь. Маршо Радион хьасташа дийцира, политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант –Хьусейн) кадыровхойн дакъошлахь тIамтIе вахийтина аьлла. Цуьнца цхьаьна хиллера Iедалхошна гергахь "бехкала бахна нах" а. Стенна и нах бехке хилла, редакцина хууш дац.
  • 2022-чу шарахь Ичкерин агIонча хилла Джамбетов Хьусейн Украинехьа тIаме хIоьттира, цо дIакхайкхийра Оьрсийчоьнан 50 салтий а вийна, Бельги шен доьзал болчу йухаваха Iалашо йу шен аьлла. Марсхьокху-баттахь официалехь элира цо, ша Нохчийчоьнан Ичкерия республикин Къаьстинчу батальонан (ОБОН) информацин-аналитикан декъан хьаькам ву, майоран чинехь аьлла. 2023-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Нохчийчохь хаавелира Джамбетов – даймахка йухавирзинера иза, Кадыров Рамзанан рожах воккхавуьйш къамел дира цо.
  • 2023-чу шарахь Нохчийчохь Кадыровн цIарахчу полкан лакхарчу инспекторна Сугаипов Идрисна а делира республикин лаккхара совгIат – Кадыров Ахьмадан цIарах орден. Нохчийн Iедалхошна интернетехь луьйш берш лоьхуш, уьш гучубохуш болх беш вара иза, цо лелош йара регионера "бехкалабахначу" бахархойн тоба.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG