ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туберкулезан Яххьаш

Оьрсийчоьнна тIаьхьа Европехь шолгIачу меттехь ю Украина уггар дукха туберкулез йолу нах хиларца. ХIора шарахь 100,000 стагана юкъахь керла 100 стаг волу и цамгар йолуш. 30 украинхо хIора денна леш ву цу цамгарх. ТIеэцначу иммунодефицитан цамгар яржарца а орца даккхал хьал цу махкахь. Ший цамгар яржаран бахьана ду набахтешкахь а, дарбан-хIусамашкахь а ледара тIехьажаран белхаш хиларна. Тесна битина бу наркоманаш. Туберкулезца къийса гIо деш долу молханаш кIезга ду. Дархошна нийса диагноз ца хIоттайо лоьраша. ТIехула тIе, Iедалан цхьа а тидам ца хилар а ду и ши тайпа цамгар махкахь шуьйра яьржаш хиларан бахьана. 2010-чу шеран ГIуран баттахь дуьйна волавелла Украинера суртдаккхархо Дондуьк Максим Украинерчу туберкулез кхеттачу нехан суьрташ даха. Украинин малхбалехьа йолчу Донбасс-кIоштахь йолчу дарбан-хIусамехь туберкулезо вен хьовзийначу верзинчу стеган сурт даьккхира Дондуька. Цул тIаьхьа кIира даьлча и стаг велча а, цунна уллехь вара суртдаккхархо. Кхузахь ю Дондуькана дуьхьала кхеттачу нехан яьххьаш а, церан истореш а.

Хьажа кхин дIа а

XS
SM
MD
LG