ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украине тIамтIе бахийтинчийн терахь довзийтина нохчийн Iедалхоша. И хаамаш талла аьтто бац


Кадыровхой бу Соьлжа-ГIалахь, гайтаман сурт
Кадыровхой бу Соьлжа-ГIалахь, гайтаман сурт

Украинерчу тIамехь Нохчийчуьра ворхI эзар эскархо ву аьлла. ТIом болабелчхьана махкара оцу тIамехь дакъалаца хьажийнера 28 эзар стаг, церан могIарера 13 эзар – лаамхой олурш бара. Иштта терахьаш довзийтина Нохчийчоьнан Iедалхоша, цхьа а тоьшаллаш ца далош, цуьнан талламбан аьтто бац.

Украинерчу тIамехь болчийн терахь парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада ницкъахошца Соьлжа-ГIалахь хиллачу кхеташонехь дIахьедина. Иштта "СВО" ("леррина тIеман операци" – Оьрсийчоьнан Iедалша иштта олу Украинерчу тIамах) дIайахьаран регионерчу оперштабан урхалла деш а ву иза. Даудовс къамел деш йазйина видео шен телеграм-канале хIоттийна Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана.

Изза терахь – ворхI эзар стаг ву тIамехь аьлла, стигалкъекъа-баттахь а дIакхайкхийнера Кадыровс. ХIетахь цо чIагIдора, тIом болабелчхьана Нохчийчуьра тIемаш бечу дозанашка хьажийна 26 эзар стаг ву, шайлахь 12 "лаамхо" а волуш. "Лаамхой" олурш бу, Гуьмсера "спецназан университетехь" тIеман кечамаш бина кеп-кепарчу регионашкара нах.

Дечкен-баттахь Даудов Мохьмада чIагIонаш йора, Нохчийчуьра 21 эзар стага дакъалаьцна Украинерчу тIамехь бохуш. Ткъа Кадыровс дIахьедора, Нохчийчуьра исс эзар стаг ву тIамтIехь аьлла.

ХIоккху-оццул эскархой хьажийна Украине бохуш мехкан куьйгалло ден дIахьедарш бакъ хиларх шеконаш йара экспертийн стохка марсхьокху-баттахь дуьйна.

  • Цхьа а тоьшалла а доцуш, товбеца-баттахь мах хадийра Кадыровс нохчийн тIеман дакъошкахь 70 эзар стаг ву аьлла.
  • Гурахь хьийхира Кадыровс Украинера тIаме 300-400 эзар вахархо хьажаве аьлла – Нохчийчуьра бахархойн доьалгIа дакъа хуьлура и.
  • Нохчийчохь куп тоьхна Росгварин дакъош формалехь федералан урхаллина йукъадогIуш ду, амма ма-дарра аьлча, Кадыров Рамзанан куьйгакIел ду.
  • Украинана дуьхьал тIом болийчхьана бакъоларйархоша а, Кавказ.Реалиин сайтан хьасташа а масийттаза дийцира, махкара ницкъахоша лечкъийна нах а цхьаьна бу тIаме хьийсош аьлла. Царех цхьаболчарна ультиматум хIоттайора: йа тIамтIе воьду хьо, йа шаьш дуьхьал айдинчу гIуллакхехула набахте воьду олий. Нохчийн оппозиционерийн Нохчийчуьра гергарчех а бора салтий.
  • РогIера Украине бохуьйтучу тIемалойх кема гIаттийна Соьлжа-ГIалахь товбеца-беттан 25-чохь. Кавказ.Реалиин хьастийн хаамашца, хилла царлахь Iедалхошна гергахь "бехкалавахна" нуьцкъаша тIаме вохуьйту 200 стаг, шайлахь политикан Закаев Ахьмадан вешин кIант а, муфтийн хилла гIовс Куруев Валид а волуш.
  • Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу.
  • Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш. Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(ISW) чIагIдора, нохчийн тобанаша тIемашкахь башха дакъалоцуш дац, дукха хьолхаь уьш тылехь Iа аьлла. Цунах лацна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а.
  • Кавказ.Реалиин сайтана хууш, Украинерчу тIамехь вийна Нохчийчуьра 219 вахархо, и зераш а дуьззина доций хууш ду. "Кавказский узел" гIирсан лараршца, Iедалхоша 117 валар бен тIечIагIдина дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG