ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украине вахарна бекхамбар: Закаев Ахьмадан вешига цуьнгара бехк муха баккхийтира


Закаев Ахьмад
Закаев Ахьмад

Къобалъязчу Нохчийн Ичкерия республикан премьер-министран Закаев Ахьмадан Нохчийчохь вехачу вешин керта ницкъахой баьхкира: Закаев Iелига видео дIаязъяйтира шен гергарчо лелочунна критика йойтуш, иза сийсазвеш. Закаев Украине вахарца доьзна ду юха а цуьнан гергарчийн кочабахар, дIахьедира политико Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь. ХIара дуьххьара дац, цо лелочух доьзалера жоп доьхуш, цуьнан тайпано а, цхьаболчу нохчийн къоман векалша а иза шайха дIахадийнашшехь.

Билгалдаккхар. Закаев Ахьмад тIе ца лаьцначу Нохчийн Ичкерия республикан премьер-министр ву. 202I-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалхоша бехкевира Закаев терроризмна, дуьненаюкъарчу лехамашка а луш. Цул тIаьхьа ши шо даьлча Лондонерчу магистратан кхело дуьхьало йира Москвана политик дIавала, Британино политикан тховкIело а елира цунна.

Закаев Киеве вахара Стигалкъекъа-беттан 21-чохь, "Украинан куьйгаллина тIехIотта а, маршоне сатуьйсучу массо а нохчочун цIарах шаьш цаьрца дуй хаийта" а. Иза цхьанакхийтира Лакхарчу радан профилан тIеман комитетан векалшца а, депутатца Гончаренко Алексейца а, ГIирмин, гIезалойн къоман боламан цхьахволчу хьалханчаца Джемилев Мустафаца а, иштта Украинан эскархошлахь тIемаш бечу нохчийн тIемалошца а. Оцу цхьанакхетарийн цхьа дакъа конфиденциале дара аьлла, къадийира политико, "дуккхаъчу хеттаршкахула" Украинана гIо латтон кийча хилар дIа а хоуьйтуш.

И хаам зорбане баьккхинчу шолгIачу дийнахь Хьалха-Мартанахь веха цуьнан ваша Закаев Iела волчу бахкира ницкъахой шайца видеооператор а валош. Оцу хьолана гергарчу хьосто Кавказ.Реалиига хIетахь дийцира, уьш шозза бахкарх: Закаевца видеоролик а яьккхина, делегаци дIаяхара, куьйгалхойх цхьанна ролик гайта аьлла, амма юхабаьхкира, иза ца тайна. ШолгIа Закаевна еара шаьш язйина, кийча текст.

Уьш шозза баьхкира – Закаевца яьккхина видео куьйгаллех цхьанна гайтинера, тIаккха юхабаьхкира, иза ца тайна

ТIаьхьо машанехь ша видео а гучуелира. ХIинццалц нахана хьалха динчу къамелех кIезиг къаьсташ дара Закаевн хIара дIахьедар. Къаночо къобалдо Оьрсийчоь Украине гIортар, махкарчу динан дайша а, хьаькамаша а баьхна дешнаш юха олу цо – доккхачу декъанна, нохчийн эскархой "европахойн мехаллашна а, бажарий а, зударий а вовшашка маре эхарна а, кхинйолчу боьхаллина а" дуьхьал къийсам латтош бу аьлла.

"Закаев Украине вахана, Ичкерин векал ву ша бохуш, Нохчийчуьра [тIаме] боьлхучаьрга Оьрсийчоь агрессор ю бохуш хьийза. Аса сайна хетарг эр ду цуьнан хьокъехь. Оьрсийчоь – агрессор яц. Кхузара новкъабевлларш вайн бусулба дин а, шайн пачхьалкх а ларъян арабевлла… Нахана хаьа, аша [Закаевн делегацис] мел-дуьйцург пайда боцуш дуйла", - элира Закаев Iелас. (Нохчийн маттера Кавказ.Реалиин гочдар).

Гуттар а ша ма-аллара, Закаев Iелас хьахадо, нохчий "кхачам болуш, меттахIоттийначу республикехь" бехаш хилар.

"Церан жоп дала дезар ду"

Шен гергарчарна дуьхьал юха керла репрессийн тулгIе йолийнашшехь, Закаев Ахьмад реза хилла шен Украине вахарна. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь цо дийцира, Украинан эскарийн ницкъашна лерина нохчийн лаамхой лехарца доьзна хеттарш делегацино дийцаредира аьлла.

"Чиллан-беттан 26-чохь, пачхьалкхан деоккупацин комитето [Ичкерин] Украинана тIеман гIо дан Iалашонца батальонаш вовшахтохарх лаьцна бинчу сацамах ас динчу дIахьедарца доьзна дара сан цига вахар. И Iалашо кхочушъярхьама Украинан официалан структурашца бина цхьа барт хила безара тхан. Оцу хеттаршкахула доьзна тхан барт хилла баьлла ала тарло", - дIахьедира премьер-министро.

Делегацица цхьаьна Киевехь ву Закаев Ахьмад
Делегацица цхьаьна Киевехь ву Закаев Ахьмад

Тахана Украинехь хуьлуш дерг нохчех хьакхалуш ду аьлла, тешна ву Закаев. Цунна хетарехь, Нохчийчуьра Iедалхой кхеташ бу, махкара хьал тIеман чакхенех доьзна дуйла – цундела Кадыровн режимна дуьхьал болчарна юха а тIаьхьабевлла уьш.

"Уьш кхеташ бу, мацца а, тахана Нохчийчохь шаьш лелочух, шайн жоп дала дезар дуй. Йа нохчийн къам а, йа тхан дуьхьалонан болам а тIетайна бац, Путина а, Кадыровс а тхуна къастийначу декъан. Царна хаьа, цкъа мацца а хьал хийцалур дуйла, цундела иштта кхаьрда уьш шайна резабоцчийн гергарчарна тIехь", - дIахьедина Закаевс.

"ДIахадийначун" статус "

Хьалхо нахана а хьалха, шен гергара стаг долара ваккхийтина шен вежарий доггах лелаш хиларх ца тешачух тера ду нохчийн Iедалхой, дийцира Закаевс.

"Шеко а йоцуш, сан ваша волчу бахар доьзна ду Со Киеве вахарца. Соьгахьара цхьа жигаралла хаа ма елли, оцу сохьта, оккупаци йинчу дозана тIехь болчу сан гергарчу нехан са даа буьйлало уьш. Ас тоххара а элира, хIинца юха а боху, цхьана а кепара юкъаметтигаш, уьйраш ас цаьрца латтош яц. Со шайх дIакъастийна цара. Суна хетарехь, сан вежарий даггара лелаш хиларх ца теша Iедалхой, хIунда аьлча, церан кхетам бу, шайх боьзначу нахаца тахана Нохчийчоьнан Iедалхоша лелочух", - аьлла политико.

Нохчийн Iедалхошна а, Закаев Ахьмадна а юкъахь конфликт йолаелира 2009-чу шарахь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана гIаттамхойн хиллачу хьалханче цIа вола аьлла, кхайкхам бича. Закаев – "Ичкерин агIор цхьаъ бен воцург ву", шен Нохчийчу цIа вига луучех, дIахьедира нохчийн лидеро "Интерфаксна" еллачу интервьюхь, политика шога къизаллаш лелийна яц аьлла, тIе а тухуш. Закаев реза ца хилира Кадыровс бохучунна – тIаккха иза сийсазвеш, цуьнгара бехкаш дохуш, кхерамаш туьйсуш, стешхаллина бехкевеш, тIекхохкавелира Кадыров.

Iадаташца а догIуш, доьзало йа тайпано шайх дIахадийначун уьйр йов шен нахаца, "дIахервинарг" хуьлу цунах

Цул тIаьхьарчу шерашкахь Закаевн гергарнаш кест-кеста лечкъабора цхьацца бахьанашца – тIаьххьара лецначарлахь бара вежарийн хIусамнаной а, ЗакаевгIеран цхьахйолу йиша а. Дукха хьолахь лечкъийначаьрга аьшнаш войту политик камерана хьалха дIа а хIиттабой, цо дуьйцург харцдойту, "къам маьрша, эвсара" дехаш ду олий. Иштта дIаязйойтучу цхьана видео тIехь Закаев доьзалах дIахадавайтира цаьрга.

2016-чу шеран Чиллан-беттан 4-чохь хилира иза Хьалха-Мартанарчу маьждигехь "чIинхойн" тайпапан къаной, векалш схьа а гулбина, цу тайпанера ву Закаев Ахьмад. Бахьана ду бохура, ша динчу къамелана бехказавуьйлуш, гечдар деха, айхьа болийна некъ сацабе аьлла, тIедожор политико тергамза дитар. Цул тIаьхьа Iедалхошкахь йолчу зорбанан гIирсаша яздира: "Закаев Ахьмада хIуъа дийцахь а, цуьнан дош хезар дац йа цуьнан йиша-вешина а, йа гергарчарна а. Шен осала хиларца дIахаьдда иза гергарчех, уьш а декхарийла бина шена букъ тоха".

2020-чу шеран Гезгамашин-баттахь Соьлжа-ГIаларчу "Нохчийчоьнан дог" цIе йолчу коьртачу маьждигехь Закаевна неIалташ а кхийкхош, цунах дIакъаьстира кхин тIе нохчийн къоман векалш а.

Меттигерчу Iадаташца (ламасташца) а догIуш, доьзало йа тайпано шайх дIахадийначун уьйр йов шен нахаца, "дIахервинарг" хуьлу цунах – оцу юкъанна, кхин дIа йолчу заманчохь цуьнгара даьллачух жоп а ца ло. Амма хIетте а, нохчийн ницкъахой юх-юха оьху ЗакаевгIеран керта, Ичкерин премьер-министрна луьйш, видеош нуьцкъаша дIа а язйойтуш.

***

"ТIеман партин" уггар а коьртачех векал ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Оьрсийчоьнан хьаькамашна юккъехь – иза массарна а хезаш вистхуьлу Украинаца Оьрсийчоьнан бертан дийцаршна дуьхьал, кхайкхамбо тIелатар чIагIде бохуш. Цуьнца доьзна республикехь жигара репрессеш лелайо, луларчу пачхьалкхана тIелатарна дуьхьал волчу хIоранца а. ТаIзар деш, пайдаоьцу церан гергарчу нахах а цхьаьна: Охан-беттан юьххьехь Туркойчуьрчу блогеран Халитов Хьасанан ваша бертаза Украине хьажийра "лаамхо" санна – цуьнан гергарчо дечу дIахьедаршна дуьхьал.

Оцу юкъанна цхьаболчу эксперташа а, Кадыровн рожан дуьхьалончаша а масийттазза билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан эскарийн Нохчийчу а, Украине а гIортар тера хилар, иштта хIинца болу тIом берзарх боьзна хилар республикера политикан элиташ. Масала, бакъоларъярхочунна, журналистна Байсаев Iусамна хетарехь, "украинхой толахь, Оьрсийчоьнан шортонехь политикан ландшафт хийцаяла тарло, ткъа пачхьалкхан куьйгалхойн дIадовла дезар ду, иштта набахте баха а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG