ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна керла санкцеш кхайкхо кийча ю G7


Нейдерландаш -- ХIаагера саммит, Заз24, 2014
Нейдерландаш -- ХIаагера саммит, Заз24, 2014

ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа Украинера хьал чолхе даккха гIертахь Оьрсийчоь экономикан халонаш хьалха хIуттур ю аьлла Москох варе йина G7 олучу пачхьалкхин тобано. Цу хьекъехь леррина дIахьедар дина цара ХIаагехь Оршортан дийнахь хиллачу зарратан кхерамазаллехула йолчу саммитехь.

ХIаагехь зарратан кхерамазаллах лаьцна хаттарш дийцаре дан гулбеллера Джи7 олучу тобанна юкъайогIучу пачхьалкхийн куьйгалхой. Хууш ма-хиллара цу клубана юкъайогIуш ю Канада а, Франци а, Германи а, Итали а, Япони а, Британи а, Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а.

Коьртачу декъана G-7 дийцаре деш ду экономикан хаттарш. Амма Оршотан дийнахь ХIаагехь хиллачу саммитехь дийцаре деш дара зарратан кхерамазалла латтор.

Ткъа цу юкъана дийцаре дина коьрта хаттар дара Оьрсийчоьно Украинин ГIирма дIалацар а, цуьнан тIаьхьалонаш а. G7 емал йира Оьрсийчоь дуьненаюкъара бакъо а йохош ГIирмана аннекси ян гIертар.

Саммитан декъашхоша дIахьедар дира Москохо курс хийццалц G-8 тоба санна цуьнца юкъаметтигаш лелор яц шаьш аьлла. Иза ду Мангал-баттахь Сочехь хила езаш хилла G8 саммит хир яц бохург. Цуьнан метта хир G7-н саммит хир ю оццу баттахь Брюсселехь.

ХIаагехь Оьрсиийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс тIе ца дитира G8-нна бойкот яр.
Лавров Сергей.
Лавров Сергей.
Лавров Сергей: "G8- лаьцна аьлча, гой шуна, G8 официалан йоцу клуб ю. Цу юкъахь хила цхьаммо а документаш ца ло. Цундела цу юкъара цхьа а дIавоккхийла дац. G8 шен мисси кхочуш йина хила мегаш хьал хIоьттина а хир ду... Иза ду баккъалла а нахана хеташ дерг. ХIунда аьлча G20 кхоьллинч хьана, цигахь дийцаре деш ду карарчу хенахь дерриг а экономикан а, финансийн а хаттарш".

ХIаагехь зарратан саммитехь Лавров цхьанакхийтира Украинин арахьарчу гIуллакхийн министрца Дешитца Андрейца. Цхьа бутт хьалаха оьрсаша ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан а, Украинин а оццула лакхара Iедалан векалш цхьанакхетта бацара. Лавровс юха а дIахьедар дира Украино шен низамаш хийца деза регионашна мелла а шуьйра автономи а луш аьлла.

Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарлан ассамблеяхь Украино шен дIахьедар даржийнера Оьрсийчоьно ГIирма шех дIатухуш цу ахгIайренехь дIаяьхьна референдум къобул еш яц шаьш аьлла.

Оршотан Iуьйранна Оьрсийчоьнан эскараша Феодосехь, штурм а йина, дIалецира тIаьххьарчерах йолу Укаинин ГIирмера тIеман объект. Цул сов, оьрсаша тIелатар а дина, герзаш а кхуьссуш, дIалецира Украинин тIеман хIурдан кема. Вийна-ваьккхина стаг ву-вац хууш дац.

Украинин ханна волчу президенто Турчинов Александра парламентана хьалха вист хуьлуш хаам бира ГIирмера дисина шайн эскарш арадаха сацам бина шаьш, эскархошна цигшахь биса кхерам болун дела аьлла.

Оршотан дийнахь Маршо Радионна интервью луш Швецин арахьарчу гIуллакхийн министро Билдт Карла элира, Оьрсийчоьно кхин дIа Украинехь хIун лелор ду хууш дац аьлла.
Билдт Карл.
Билдт Карл.
Билдт Карл: "Вайна ца хаьа мел гена яла дагахь ю Оьрсийчоь Украинехь. Тхоьга кхочуш хаамаш бу, оьрсийн эскарш дозане тIеозийна хиларх лаьцна. Цхьадолу хIуманаш а ду Оьрсийчоьно деш тхан билггала сагатдойтуш. Тхоьгахь хаамаш бу цара Украине зуламаш дан шайн нах оьхуьйтуш бу боху. Вайна ца хаьа мел гена яла дагахь ю Оьрсийчоь. Суна хетарехь, вайна гуш ерг юьхье бен яц".

Оршотан дийнахь 50 ОБСЕ-н цIарах тергамхо кхаьчна Украине. Верриг а цига хьажор волуш ву 100 стаг. Цара шайн тидамехь латтор ду коьртачу декъана Оьрсийчоьнан дозанца йолчу алссам оьрсий бехачу кIошташкара хьал.
XS
SM
MD
LG