ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь беллачех ма хаийта аьлла кхайкхамбина Кадыровс Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхошка


Херсонна гергарчу Посад-Покровскехь йохийна оьрсийн танк. 2023-чу шеран дечкен-бутт
Херсонна гергарчу Посад-Покровскехь йохийна оьрсийн танк. 2023-чу шеран дечкен-бутт

Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана кхайкхамбина Оьрсийчоьнан регионийн куьйгалхошка, Украинерчу тIамехь кхелхачу эскархойх лаьцна хаамаш ма бе аьлла.

"Оцу регионехь хIоккхул велла, вукхунхьа - оццул бохуш, вайн турпалхошна тIехь манипуляцеш лело ца оьшу. Кхайкхамбо меттигерчу Iедалхошка беллачийн а, лазийначийн а доьзалшца долу хеттарш листа, эшамех лаьцна дийца а ца дуьйцуш", - йаздина Кадыровс шен телеграм-каналехь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо иштта дIахьедина, тIеман декъашхоша шаьш хаьржина бу и некъ, кхета а кхеташ. ТIехула тIе чугIоьртинчу юьххьехь бакъонашларйархоша масийттазза дIахьедира, Нохчийчохь бертаза тIекхуьйкхуш бу – ницкъахоша лечкъийначу кегийнахах салтий хуьлу, иштта, масала нохчийн оппозиционерийн гергарчех а. Нохчийчуьра бахархой нуьцкъаша Украине тIаме хьийсош хиларх хаамаш кхочу Оьрсийчоьнан Iедалша мобилизаци йирзина аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа а. Мобилизаци талхорах лаьцна дIахьедора Кавказан а, къилбан а кхечу регионашкара бахархоша а цхьаьна – кхелашка иттаннашкахь административан искаш кхочура, тIекхайкха йиш йоцчу наха тIеман комендатурийн сацамаш къуьйсуш.

Украинехь беллачийн гергарчех хаамаш къайлабахьа дагахь хилллера тIеман министралла. Товбеца-беттан 6-чохь Калининградехь йихкина материал лерира Псковн кIоштара беллачех "Городские порталы Shkulev Media Holding" гIирсо лелош долу тептар, цу тIера хаамаш пачхьалкхан къайле ю элира, и хаамаш баржийначунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх делла йиш ю, йиллинчу хьасташкара уьш дIадаьхнехь а аьлла. Цул тIаьхьа, шайн тептарш хIиттош хиллачу регионалашкарчу цхьа могIа зорбанаша дIадехира уьш.

Делахаь а, дуккхаъчу хаамийн гIирсаша а, хьаькамаша а, бакъонашларйархоша а кхин дIа а зорбане боху царех лаьцна хаамаш. Оцу тIера а, Кавказ.Реалии редакцин хьасташкара а хууш ду Къилбаседа Кавказера а, Оьрсийчоьнан къилбера а 2324 стаг тIамтIехь веллий.

Мел лахара а 13 эзар Оьрсийчоьнан вахархо велла Украинехь тIом болабелчхьана, царех 924 – мобилизаци йина хилларг ву. Изза терахьаш далийна Оьрсийн Би-би-си сервисо а. ТIаьххьарчу кхаа баттахь беллачех доккхаха долу дакъа мобилизаци йинарш а, "лаамхой" а, тутмакхаш а бу. Оцу юкъанна тIаьххьарчу кIиранах хиъна, Украинехь тIемаш беш хилла 500 Оьрсийчоьнан вахархо кхалхарх.

  • Украинехь вийна Ростов-ГIалара полковник Иванов Владимир. Оьрсийчоьнан журналисташна болхбан меттиг латтабора цо. Зазадокху-беттан 25-чохь тобанца цхьаьна тохаршна буха нисвеллера иза, цигахь йинчу чевнех кхелхира. Къонахаллин орденца совгIат дира цунна веллачул тIаьхьа, ткъа Ивановс чекхйаьккхинчу Ростоврчу номер 9 йолчу юридикан гимназихь иэсан у хIоттийра.
  • Белая Калитва гIалахь дIавоьллира "ЧВК Вагнеран" йолахо Джафаров Руслан, цунна 13 шо хан тоьхнера бизнесхо Пятибратов Илья (Ростов-ГIалин думин депутатан Пятибратов Петран ваша) вуьйш дакъалацарна.
  • Вотановский Виталийс тIаьххьарчу эхашарахь зорбане даьккхира 700 Оьрсийчоьнан эскархойн кешнийн суьрташ, уьш баларх лаьцна хаамаш ца бинера регионалашкарчу зорбанаша а, йа кIоштийн администрацеша а. Цунна керийна кешнаш ду Анапехь, Краснодарехь, Крымскехь, Хадыженскехь, Туапсехь, Каневскехь, Ленинградскехь, иштта луларчу Адыгейхь а. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Вотановскийс дийцира, муха, хIунда лоьху ша церан кешнаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG