ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь схьайаьккхичну техникан гайтам схьабиллина Соьлжа-ГIалахь


Соьлжа-ГIала
Соьлжа-ГIала

Кадыров Рамзана чIагIдарехь, Нохчийчуьра эскархоша Украинехь боьдучу тIамехь йаьккхинчу тIеман техникан гайтам схьабиллина Соьлжа-ГIалахь. Кепаш дIахIиттийна йу майданахь тIекхочийла а долуш.

Шен телеграм-каналехь бинчу хаамца видео хIоттийна Нохчийчоьнан урхалхочо, цу тIехь гуш йу ткъа гергга экземпляраш, дукхаъйерш гIагI диллина машенаш йу, йерриг а дикачу хьолехь йу, йохийна тIехь лараш йоцуш.

ХIора техникана тIехIоттийна информацин у ду, видео тIехь дика гуш ду шиъ – украинхойн гIагI диллинчу "Варта", британхойн ATI05 Saxon машенашна. Табличкаш тIехь техникан хаамаш бина оцу моделах лаьцна, амма билгал ца доккху, маца, муха йаьккхина хIора экземаляр.

Йиллинчу хьастийн хаамашца, 90-чу шерийн йуккъера схьа дуьйна ATI05 Saxon машенаш арахоьцуш йац, 2006-чу шарера схьа дуьйна британхойн эскаро лелош а йац. 2013-чу шарахь, ГIирмина аннекси йале а, Донбассехь тIом болабале а хьалха, Украино контракт йира ATI05 Saxon 75 машен эца.

КIира хьалха, стигалкъекъа-беттан 1-чу дийнахь, Москвахь а хIоттийра Украинана дуьхьал бечу тIамехь йаьккхинчу тIеман техникан гайтам. Москвахь дIахIиттийна йара ишта танкаш а, оцу йукъанна мел лахара а шина танкан чIижаргIа леррина саттийна йара.

Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш. Америкахойн "ТIом зуьйчу Институто"(ISW) чIагIдора, нохчийн тобанаша тIемашкахь башха дакъалоцуш дац, дукха хьолхаь уьш тылехь Iа аьлла. Цунах лацна дуьйцура иштта Украинехьа тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а.

  • Чиллан-баттахь Нохчийчуьра "Чаборз" компанина 150 миллион сом грант йелира эскаран багги машенан керла кеп йан. И компани йиллинчех волчу Чудан Алексей ву "Оьрсийчоьнан спецназан университет" олу база йиллинарг а. Нохчийчуьра Украинерчу тIаме хьийсон йолахой цигахь кечбеш бу.
  • Хьалхо хаамашкахь дуьйцура, доьдучу шеран хьалхарчу кварталехь бюджетера ши миллиард сом кхача деза Нохчийчоьнна тIеман машенийн керла кеп арахеца аьлла. Нохчийн дакъошка Украинана дуьхьал бечу тIамехь цаьрга дакъалацийта Iалашо йара. "ДжихIад-машенаш" – гIагI диллина машенаш йац, уьш лерина йу нах дIасалелон а, пехотина оьшург тIекъехьа а, цу тIехь хила йеза йаккхий тоьпаш, гранатометаш, кхиндолу герз а.
  • Стохка нохчийн "Ахмат" деккъан эскархошна керла машенаш йийкъира Украинана дуьхьал тIамехь дакъалацийта – царлахь йара Китайхь йина ShaanXi Tiger 4х4 гIагI диллина транспортер. Оьрсийчоьнна тIамана оьшург шаьш латтош хиларх цул а хьалха Китайно масийттаза харцдира. Кавказ.Реалии сайто къастийра, Китайра бронетехника эца муха аьтто хилла Кадыровн.
  • 2022-чу шеран бIаьста Украинан дIалецначу дозанаш тIера йуьртбахаман техника лачкъийра кадыровхоша – кхоъ комбайн, трактор, хIутосург. Амма машенаша болх ца бира – царна генара блок тоьхнера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG