ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь тIемаш бечу Кадыровн гонерчу нахана совгIаташ дина, даржашкахь лакха а баьхна


Соьлжа-ГIалара эскарийн гайтам
Соьлжа-ГIалара эскарийн гайтам

Нохчийчоьнан куьйгалхочун гонера, Украинехь тIемаш бечу масех стагана керла совгIаташ делла, даржехь лакха а баьхна. Царех цхьаберш бехке бу адамаш дайъарна а, царна тIехь гIело хьегийтарна а.

СовгIаташ дарх шен телеграм-каналехь хаийтина Кадыров Рамзана, республике Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор варца а дузуш.

Президентан Путин Владимиран омраца Майраллин орден йелла Росгвардин Нохчийчуьра урхаллин хьаькаман гIовсана Рашаев Султанна – "Кадыровн чалтач" аьлла цIейахна ву иза. "Даймахкана гIуллакхаш дарна" I-чу барамехь мидал йелла оццу урхаллин талламхойн штабан куьйгалхочунна Висханов Шайх-Ахьмадна.

Полковникан чинашца совгIаташ дина "Ахмат-Грозный" ОМОН-н командирна Бисаев Анзорна а, Росгвардин оперативан гIуллакхаш кхочушдечу 96-чу полкан командирана Тушаев Мохьмадна а. Украинан Iедалхоша бехкево Бисаев кхиазхочунна тIехь гIело латторна, Тушаев воьзна хила тарло Нохчийчохь ЛГБТ-нах лечкъорна а, царна тIехь ницкъбарна а.

Цул совнах, Золотов Виктора инарла-майоран погонаш йелла Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волчу Делимханов Адамна. И цIе йеллера цунна Путина дечкен-бутт бовш. Цхьа могIа политикаца доьзна нах байъарца вузу Делимханов.

Цуьнан вешина Iелабекана Кадыровс Нохчийчоьнан "турпалхочун" села белла. Золотов Викторан гIоьнча олу цунах Кадыровс – хьалхо Делимханов Iелабек Къилбаседа Кавказан гонашкара Росгвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс вара.

Иштта кху деношкахь Нохчийчоьнан "турпалхо" хилира Кадыровн гIоьнчех Хататаев Амхьадах а, ткъа хIинца Золотовс совгIатна тапча йелира цунна.

  • Делимханов – Кадыров Рамзанан ненехула гергара стаг ву, цуьнан цхьахволу уллора бIанакъост а ву. 1990-гIа шераш довш Ичкерин гIаттамхойн командир хилла Радуев Салман дIасалелош хилла ву иза. 1999-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскарш Ичкерина тIелетачу заманчохь шен вежаршца цхьаьна, тахана мехкан урхаллехь волчу Кадыров Рамзанан ден Кадыров Ахьмадан агIор велира иза.
  • 2006-чу шарахь Пачхьалкхан думин депутат хинверг шеконашка ийцира, Москвахь ФСБ-н подполковник, нохчийн "Ламанхо" тобанан командир, Кадыров Рамзанца девнехь хилла Байсаров Мовлади вийна цо аьлла. Иштта иза вузура ши ваша верца а – Оьрсийчоьнан парламентан депутат Ямадаев Руслан а, "Восток" батальонан хилла командир Ямадаев Сулим а.
  • Оьрсийчоьнан политик Немцов Борис вуьйш цо дакъалацаран тоьшалла дина дац, амма оцу гIуллакхехь масийттаза йаьккхира цуьнан цIе. Цуьнан вешига Алибеке а, гергарчу Геремеев Руслане а, Сулеймане а хеттарш дайта гIиртира адвокаташ, амма царех цхьа а кхеле ца веара.
  • Делимханов Адаман кхо ваша ву: Шарип Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин коьртехь ву (махкара дIабахначу оппозиционераша вузура иза Тепсуркаев Салман верца), Делимханов Iелабек – Къилбаседа Кавказан гонашкарчу Росгвардин эскарийн куьйгалхочун гIовс ву, оццу ницкъаллин структурехь гIуллакх деш ву Делимханов Амхьад а. Вежаршна дуьхьал йаьхна санкцеш йу, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалацарна.
  • Журналисташа бинчу талламашца, Рашаев Султан Делимханов Адамца цхьаьна вузура Байсаров Мовлади верца доьзначу гIуллакхехь. "Йоьдучу спецоперацихь" вийра иза – Байсаровс дуьхьало йина бохура, ша лоцучу хенахь, амма и сурт гинчара бакъ ца дира и. Цунна тIебиттинчу 11 патармех ворхI Рашаевс тоьхна бохура.
  • "Ахмат-Грозный" ОМОН-н тобанан командиро Бисаев Анзора тоххара гIуллакх дина "Терек" СОБР-н декъехь, Соьлжа-ГIаларчу Октябрьскан кIоштара полицин декъан коьртехь а хилла иза. 2021-чу шарахь Бисаев нисвелира къорза береташ йохуш нормативаш дIалучу нохчийн эскархошца харцо лелийна аьлла, иккхинчу девна йукъахь. Украинан къайлахчу сервисийн хаамашца, 2022-чу шеран зазадокху-баттахь Кадыровн ницкъахочо шен куьйгакIел болчаьрца цхьаьна лачкъийра Киевн кIоштара Бабинцы эвлара кхиазхо. Шаьш иза вуьйр ву бохуш, кхерамаш а туьйсуш, украинхойн эскарш долу меттиг схьабийца баьхнера цуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG