ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь тIом бан ца лаарна Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а эскархошна кхелаш йо


Оьрсийчоьнан эскархой, гайтаман сурт
Оьрсийчоьнан эскархой, гайтаман сурт

Къилбан тIеман гонашкара гарнизонан кхело масех бехкзуламан гIуллакх листина мобилизаци йинчийн а, Оьрсийчоьнан тIеман министраллин контрактхойн а хьокъехь, Украинера тIаме баха уьш дуьхьал хиларна, - колонишкахь такхийта хенаш йиттина царна.

Новороссийскан гарнизонан тIеман кхело шина шарна колонихь-поселенихь йаккха хан тоьхна контрактхочунна Асланов Константинна. Официалан версица а догIуш, кхузза тIамтIе ваха дуьхьал хилла иза: 2023-чу шеран стигалкъекъа-беттан 26, 30-чохь а, мангал-беттан 2-чохь а. Кхелехь Асланов дуьхьал хилла даредан, амма талламхочуьнга аьлла цо, вала кхерара ша. ТаIзар малдан бахьана лерина кхело Асланов хьалхо тIамехь дакъалаьцна хилар а, "Георгийн жIараца" а, "ТIамехь къастамаллин билгалонаш гайтар" мидалца а совгIат дина хилар.

Колонихь-поселенихь даккха ши шой, биъ буттий тоьхна Къилбан гонашкарчу тIеман кхелехь гIуллакх йухалуьстучу хенахь мобилизаци йинчу Сырисько Николайна. ТаIзарехь билгалдаьккхина, "шен дахарх а, могушаллех а кхоьруш", иза реза ца хилла аннекси йинчу ГIирме гIуллакх дан ваха, цигара дIа тIемаш бечу меттиге вохуьйтуш хилла иза. Сыриськос дIахьедина, декъо даимна а куп тоьхначу меттигера дIаваха аьтто ца хиллера цуьнан лазар чIагIдаларна. КIеда таIзар кхайкхийра цунна "даймохк ларбеш тIеман Iалашонаш кхочушйина хиларна" цо.

2022-чу шеран гезгамашин-баттахь мобилизаци йина хиллачу Лобков Александра бахначу зазадокху-баттахь Ростовн эскархойн декъа тIехь волуш, дуьхьало йинера тIеман тIедиллар кхочушдеш, тIамтIе ваха. Цуьнан таIзар а малдира оккупаци йинчу дозана тIехь лазийна иза хиларна. Эххар а Новочеркасскан гарнизонан кхело колонихь-поселенихь даккха ши шо туьйхира цунна, апелляцино а хийцаза битира сацам.

Изза таIзар кхайкхийра контрактхочунна Курбанов Ахьмадна ХIинжа-ГIалара гарнизонан кхело. 2023-чу шеран товбеца-беттан 4-чохь, тIеман декъан штабехь волуш, иза дуьхьалваьллера омра кхочушдеш тIаме ваха. Курбановс кхетийра шен ваха ца лаарх, шен могушалла дика цахиларца а, контракт чекхдаьлла хиларца а. Цуьнан нанас кхелехь дIахьедира, шен кIентан лаамна тIетайра ша аьлла. Украинана дуьхьал цо хьалхо тIом бина хилар а, цуьнан тIеман ветеранан статус хилар а тидаме ийцира кхело.

Дагестанера кхин контрактхо Ибадуллаев Эдгара кхетийра шен Украине ваха цалаарх, цIахь дарба лелон дезаш хиларца а, жима ши бер дита стаг цахиларца а. Цуьнан хиллачу хIусамнанас аьллера, шаьшиъ къаьстинчул тIаьхьа бераш деца дисина. ХIинжа-ГIаларчу гарнизонан кхело колонихь-поселенихь даккха ши шой, ши буттий кхайкхийра цунна.

  • Сочихь мобилизаци йина хилла Москван вахархо Смородинский Алексей бехке лерира тIамах идарна – тIеман декъера веддера иза, ша Украинана дуьхьал тIом бан вахийтарна кхеравелла. Эскархочун гIуллакх дечохь пхеа баттахь ца хиллачу контрактхочунна йукъарчу хьелашкара колонихь такха пхи шой, ахшой туьйхира.
  • 2023-чу шарахь Къилбан гонашкарчу гарнизонан тIеман кхелашка кхаьчна 93 бехкзуламан гIуллакх, омра кхочуш цадарх. Бехкаш дохку керлачу декъаца – тIемаш боьлхучу заманчохь зуламаш дарна. Оцу йукъанна бехкзуламан гIуллакхаш цу артиклехула цхьайолчу гранизонан кхелаша луьстуш дацара итт шарахь гергга.
  • Украинехь шуьйра болийна тIом кхин дIахьош болу ши шо а ду, оцу йоллу хеначохь тIамехь леш бу Оьрсийчоьнан къилбан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара бахархой. Кавказ.Реалии сайто къастийра, муха хийцабелла тIеман эшамаш.
  • Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалацийта Iедалхоша пайдаоьцучу нехан хьал Оьрсийчохь телхина догIу: арме кхайкхарх долчу низамехь а шога хийцамаш бина, мобилизаци йинчийн гергарчара тIедожийна массарна а гуш-хезаш шайн бераш цIа даладе аьлла, ткъа лазийначара кест-кеста дIахьедо, президенто лур ду аьлла ахчанаш шайна схьакхачош цахиларх. Кавказ.Реалии сайто йаздира оцу кепара Къилбаседа Кавказехь а, къилбехь а къаьсттина гIарадийлинчу гIуллакхех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG