Оьрсийчуьра мел кIезиг а 153 урамна цIераш техкина Украинехь бечу тIамехь дакъалаьцначийн цIарах. Царех ах гергга – мел лахара а 69 урам – Къилбаседа Кавказан а, Оьрсийчоьнан къеилбехь а бу, аьлла ду "Холод" ресурсан аналитикана йукъахь.
Ставрополан кIоштахь 17 урам хилар къаьстина – царех 11 бу Невинномысскера керлачу микрорайонехь, Дагестанехь – 15, Ростовн кIоштахь – 12, Краснодар-махкахь ворхI, ГIебарта-Балкхаройчохь, Адыгейхь, Волгоградан кIоштахь биъ-биъ, Кхарачой-Чергазийчохь а, Астраханан кIоштахь а кхоккха урам бу.
Дукха хьолахь царна тохку Донбассера сепаратистийн цхьахволчу командиран Жога Владимиран цIе, 2022-чу шарахь вийна иза. Иштта урамаш ду дукха хьолахь, Ростов-на-Дону гIалахь а, Майкопехь а.
Доккхачу декъана Кхарачой-Чергазийчуьра а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а биъ урам Боташев Конаматан цIарах бу –вийна аьлла уггар а хьалха вийца ваьккхина 63 шо долу "вагнеровхо" вара иза, Кхарачой-Чергазийчуьра Оьрсийчоьнан ВВС-н инарла-майор хилла. Цуьнан кема дохийнера 2022-чу шеран стигалкъекъа-беттан 11-чохь.
Волгоградан кIоштара шина урамна тиллина таIзар дина волчу Нагин Алексейн цIе, ишта Гуьржийчохь, Шемахь, Ливихь тIемаш бина ЧВК "Вагнеран" йолахо вара иза, Бахмутехь вийна. Кавказ.Реалии сайто дийцира Волгоградехь Нагин баккхий барамаш хIиттош, сий деш дIаволларх, цунна лерина дIабаьхьначу дуккхаъчу мемориалан барамех а.
Волгоградера кхин а цхьа урам бу лакхарчу лейтенантан Зорин Денисан цIарах, тIом иккхина кхолагIачу дийнахь вийна ву иза. 170 чакхарма беха бу и урам.
Майкопера урамна тиллина Къилбан тIеман гонийн инарлин Цоков Олеган цIарах, стохка товбеца-баттахь вийна иза Украинана дуьхьал болийначу тIамехь. Хьалхо мангал-баттахь дийца даьккхира, коррупцина бехкевечу 58-чу армин инарла хиллачу Попов Иванан гIуллакхна йукъахь Цоков а хилла ву аьлла хета талламхошна.
"Холод" ресурсо билгалдаккхарехь, дукха хьолахь керлачу урамашна тохку Украинан дуьхьл бечу тIамехь дакъалаьцначийн цIераш. Оцу кепарчу топонимашна а, Украинехь байинчу регионера, йа эвлара бахархойн терахьна а йукъахь зIенаш йац.
Шайн талламаш кечбина "Холод" гIирсо, Федералан пачхьалкхан информацин системе даьхначу официалан зераш тIехь. Дукха хан йоццуш техкина цIераш оцу системе хIинца а йазйина дац, масала, стигалкъекъа-баттахь Дагестанера Буйнакскан администрацин куьйгалхочо дIахьедира, цхьана гIали чохь 20 урам бу Украинехь тIемаш бинчийн цIарах аьлла.
* Аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а, Украинан дIалецначу Запорожьен а, Херсонан а кIошташкара а зераш дац статистикана йукъа далийна.
- Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал шуьйра тIом болийначул тIаьхьа дукха ца Iаш Кавказ.Реалиин редакцино ларарш долийра Оьрсийчоьнан эскаран декъашхошлахь хиллачу эшамийн. Кх сохьтехь цIераш хIоттийначу тептарехь ву Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а 8128 стаг – Кубанехь дIавоьллина ЧВК "Вагнеран" 850 гергга йолахо а ца лерича.