ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Украинехь тхо цхьаъ хилла дӀахӀоьттина." Закаев Ахьмад - маьршачу Нохчийчоьнах а, Кадыровн Ӏедалх а


Закаев Аьмад
Закаев Аьмад

Оьрсийчоьнан кхело 20 шо хан тоьхна дозанал арахьарчу Нохчийчоьнан Ичкерин Ӏедалан куьйгалхочунна Закаев Ахьмадна. Политик бехке веш вара Украинин агӀор тӀом беш йолу батальон кхолларна а, 2021-чу шарахь дечкен-баттахь Соьлжа-гӀалин йуккъехь ницкъаллин структурашна тӀелатар къобал деш комментари йарна а. Кавказ.Реалиин редакцина йеллачу интервьюхь Закаев Ахьмада дийцира Кремлан Ӏедало ша хьийзош хиларх а, Европехь нохчийн мухӀажаршка болчу хьежамах а, Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал бинчу тӀамо Ичкерин тӀеман ницкъаш йухаметтахӀитторехь гӀо муха дира а.

– Оьрсийчохь хьо хьалха а воцуш бина сацамах муха хиира хьуна, хӀун синхаамаш гӀаттийра цо?

– Журналисташкара хиира суна. Цара бина сацамо цхьа а синхаам ца кхуллу , хӀара суна керла хӀума дац. 2001-чу шарахь Оьрсийчоьно со дуьххьара "террорхо" ву аьлла, Интерполан лехамашка хӀоттийча дуьйна схьадогӀуш хIум ду иза. Цу хенахь со Данехь нохчийн халкъан Дуьненайукъарчу конгрессехь вара.

2001-гӀа шо чекхдаллалц Оьрсийчоьнан агӀонца официалан зӀенаш йара сан; Масала, Шереметьево-2 аэропортехь цхьаьнакхетар хилар хӀетахь Къилбаседа федералан гонехь президентан векал хиллачу Казанцев Викторца. Цо Путинан цӀарах Масхадов Аслане къамел дӀакхачийра, нагахь цо федералашна дуьхьало йар сацаде аьлла, кхайкхам бахь, шен хан чекхъйаллалц Оьрсийчоьнехьа волчу Нохчийчоьнан президентан даржехь вуьсур ву хьо, аьлла. Аьлча а, цунна кховдийра марионеткин роль, дукха хан йалале Кадыров-воккханиг реза хилира цунна.

Казанцевга ас элира: Масхадовс и тайпа хIума тӀеоьцур хиларх вуно чӀогӀа шек ву со. Инарлас оцу сохьта суна кховдийра и дарж. Ас, шек а воцуш, жоп делира, суна со цу даржехь ца го аьлла. Иштта цхьаьна болхбан кийча болу Гантамиров а, Хаджиев а, Завгаев а, Кадыров а, кхин болу дезертирш а бу Москвахь. Амма, уьш Кремлан агӀор бовларна тӀом чеккха ца баьлла.

Казанцевс Оьрсийчуьрчу хаамийн гӀирсашка дIахьедар дира, тхан бертахь къамел хилла, Кремлехь цуьнан "дика мах хадийна" аьлла. Европерчу политикашна, Москвахь вай дийцарш дӀадахьа а, вай лоруш, тӀелоцуш гича, со кхайкхира цхьа могӀа лакхарчу тӀегӀан хиллачу цхьаьнакхетаршка. Иштта Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеяхь, Йоккхачу Британехь лордийн цӀийнехь, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн коьртачу политикашца, Францехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а. Путин кхийтира, шен векалца официалан зӀе хиларо, Масхадовн Ӏедал дуьненайукъара къобалдаран неӀарш схьайоьллуш хиларх.

Оцу хӀумано, галъйаьккхира Нохчийчохь Ӏуналла деш, Ӏедал хиларе сатуьйсуш хиллачу Кремлан планаш. Цундела сацам бира цара суна нейтрализаци йан. И муха дан мегар ду? Дагадоуьйтур ду ас, хьалхо, гезгмашан-беттан 11-чохь дуьненайукъарчу терроризмна дуьхьал тӀом кхайкхийра. Цундела сацам бира цара со "Норд-Остехь" йинчу терактехь дакъалацарна бехке ван. Амма, Оьрсийчоьнан аьтто ца белира бехк хиларан бакъдолу тоьшаллаш гайта. Со Данехь а, Йоккхачу Британехь а сацийра, цара таллам бинчул тӀаьхьа, Москвас доху бехкаш политикан бух болуш кхоьллина ду, аьлла сацам бира.

ХӀунда дуьйцу ас хӀара дуккха? Оьрсийчоьно хьийзор суна керла хӀума доцийла гайта.

– Ткъа стенна оьшу Кремльна хьуна кхел йар хӀинца, ткъа шо даьлча?

– Украино Нохчийчоь дӀалаьцна мохк бу аьлла, сацам бинчул тIаьхьа, Нохчийчоьнан Ичкерин Ӏедало меттахӀоттийра тӀеман министралла а, тӀеман ницкъаш а. Йуьхьанца ОБОН бен йацара - леррина Ӏалашонан батальон, тӀаьхьо, керла дакъош а, Ичкерин тӀеман министерствон структураш кхоьллира. Украинехь дӀахьочу буьззинчу тӀамехь нохчийн тӀемалоша жигара дакъалацарца дузу ас, суна хIинца йина кхел.

– Талламан версехь, Закаевс а, Юсуповс а, Джамбетовс а, иштта кхин а муьлш бу ца хуучу наха а кхоьллира ОБОН, Украинин арахьарчу легионан дакъа санна – иза Оьрсийчоьнан хаамийн гӀирсаша талламан материалаш тIера далош ду. Кхело 19 а, 20 а шераш туьйхира хьуна а, Юсуповна а, амма Кадыровн нахана тӀеваханчу Джамбетов Хьусейнах лаьцна сацамехь цхьа а дош дацара. ХӀун аьлла хIета?

– Цхьа хIума эра ду ас, иза сан гӀоьнча вацара, йа официалехь ОБОН-ан декъашхо а вацара. Суна дуьххьара Джамбетов вевзира тхан дакъош Украинехь вовшахкхета доладелча. ХӀетахь, Украинин тӀеман ницкъийн цхьана декъехь вара иза. Оьрсийчу ведда дӀавахале, вайчех дӀакхетта а вац иза, заявлени йаздинехь а.

ХӀун ала мегар ду цунах лаьцна? 2000-гӀа шераш дуьйлалуш чоьхьарчу гӀуллакхийн министран гIончас, Нохчийчохь контртерроран операци дӀахьочу оперативан штабан куьйгалхочо инарла Еделевс дӀахьедира, республикехь Кадыровс хӀоттийна 17 кӀоштан полицин декъан хьаькамаш, федералан лехамашкахь бу аьлла. Цуьнца цхьаьна, уьш полицин дакъошна куьйгалла деш бу.

Вуьшта аьлча а, Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн белхахошна цхьаъ жоьпе озорна - баш коьрта гIуллакх а дац. Политикан хьоле хьаьжжина схьадоьллуш а, дӀакъовлуш а ду бехктакхаман гӀуллакхаш. Нагахь санна ахь Нохчийчоь деоккупаци йарна а, цуьнан пачхьалкхалла меттахӀотторна а агӀо лоцуш велахь, хьо оцу сохьта "террорхо" ву аьлла дӀакхайкхош ву. Амма нагахь санна ахь Путинна а, Кадыровна а тешаме хиларан дуй биънехь, ахь муьлхха а ирча зулам дича а, уьш хьох хьакхалур бац. И тайпа масалш дукха ду республикехь, Джамбетов воцург а. Ша Кадыров Рамзан а дозалла деш хилла боху, шен 16 шо долуш хенахь, дуьххьара оьрсий вийна бохуш. Амма цунна цкъа а таӀзар ца дина "хьалхарчунна", йа цул тӀаьхьа вийначунна а.

– Цхьа могӀа дуьненайукъарчу а, нохчийн а йукъараллин организацеша 2024-чу шарахь а, цулла хьалхара шерашкахь а хаам бора Нохчий мухӀажарш арабахар а, Оьрсийчоьнан дехарца низамехь доцуш дӀабалар а, цхьаболчарна дуьхьал харц кхоьллина бехктакхаман гӀуллакхаш а доллушехь. Муха билгалдоккхур дара ахь Европехь нохчийн мухӀажаршца долу хьал?

– Тхан хаамашца, йеккъа цхьана Евробертана йукъахь бехаш 400 эзар гергга нохчийн мухӀажир ву. ХӀора шарахь,15-20 эзар бера до церан доьзалшкахь. Оццул йоккхачу диаспорехь, жимчу пачхьалкхан бахархойн терахь ду иза, низамца йоьзна проблемаш ца хила йиш йац. Суна хетарехь, иза денна лелаш хӀума ду, йеккъа цхьана нохчех хьакхалуш а дац иза. Диаспорица цхьа а тайпа озабезам бац, соьга хаьттича.

Оьрсийчоьнан дехарца экстрадицеш йар цхьацца хилла ду, амма дуккха а шерашкахь Европан пачхьалкхаш ФСБ-н дехарехь, бӀаьрзе ца теша, хӀора гӀуллакхе лерина хьажа гӀерташ йу. Украинехь тӀом болабеллачул тӀаьхьа, масех гӀуллакх хилла, Польшехула Калининградан кӀошта депортаци йаш, царех ах -нах реза а болуш йина.

Тхо кхета, цу тайпа хӀора хиларо диаспорин сингаттам кхуллу. ХӀунда аьлча, вайна девза масалш, экстрадици йина нохчий набахтехь хьийзийна а, хIаллакъбина а. Ичкерин Европерчу пачхьалкхашкахь йолчу миссино йукъаметтигаш лелайо меттигерчу Ӏедалшца, дукха хьолехь аьтто бу хьалха тӀеэцна сацамаш къовса а, депортаци ца йайта а.

– Ахь дӀахьедира, Евробертана йукъахь 400 эзар гергга нохчи вехаш ву аьлла. ХIун аьлла хета, шайн къоман ламасташ, Iадаташ ларлур дуй цаьрга, кхечу къомах дIаиэн ца луш?

– ТӀеэцначу йукъаралле интеграци йар а, царехь тардалар а къасто деза вай. Вайн Ӏедал массо а агIор гIо даьш ду, нохчий шаьш бехачу мехкан йукъараллехь дӀатарбалийтархьама. Цуьнца цхьаьна, нуьцкъала царех тардан а гIерта ца деза, Европехь и тайпа масалш а ца девза суна.

Культурни центраш а, йукъараллин боламаш а, нохчийн коммунаш а хӀунда йац кхузахь иштта кхиъна? Вайн махкахойх дукхахберш хаддаза зӀенехь бу цӀахь болчарца. ХӀора дийнахь вовшашца зӀе латтайо, керланаш дӀасадоькъу, вуьшта аьлча а, хӀора сарахь цхьаьна чай молу цара. Цундела суна цхьа а кхерам ца го, царех тардалаларна а йа вай орамех дӀакъастар.

Нохчийн кегийрхойн массо а кхиамашна тӀаьхьакхиа гӀерта тхо. Вайна хаьа, мел дукха бу вайн студенташ Оксфордехь а, кхечу сийлахьчу университеташкахь а, доьшуш бу США-хь а, Белгехь а, Францехь а, Германехь а. Иза вуно йоккха потенциал йу, шен хеннахь, мохк паргIат баьккхича, Ӏаламата пайде хир йолуш.

Советан пачхьалкхехь кхиъначу нохчийн баккхийчу чкъурана дагадеана дацара, дерриге а дуьне шайна хьалха схьадоьллур ду аьлла. Ткъа тахана, вайн кегийрхой куьйгаллин, Ӏилманан, культурин, технологин лаккхара корматаллаш карайерзош бу, уггаре а кхиинчу пачхьалкхашкахь бехаш.

Суна йоккха башхалла го диаспорехь болчу кегийрхошна а, цӀахь бисиначарна а йукъахь. Европехь а, Америкехь а нохчийн кегирхой маьрша а, кхиъна а, керлачу хӀуманна тӀебоьрзуш а кхуьуш хиларо, гӀо дийр ду, вайна кхиаме пачхьалкх кхолла. Европехь бехачу нохчашна, къоман башхалла алсам лар йо, цIахь, Кадыровн Ӏедалан къелахь бисина нахала а гIолехь.

Закаев Ахьмад Украинехь
Закаев Ахьмад Украинехь

– Украинехь нохчийн эскаран дакъош кхолларца доьзна долу бехктакхаман гӀуллакх а, таӀзар а вай дийцича. Хьуна хIун аьлла хета, тӀеман шина шарахь и эскаран тобанаш хийца йеллий?

– Вайна мехалла а, коьрта маьӀна долуш тема а йу иза. ШолгӀа тӀом чекхбаьлча, вайн кегийрхой пачхьалкхан а, динан а хаттаршкахь кхетам мелла а телхира, цуьнан бахьан- оьрсийн провокацеш йара. Кегирхошна радикализаци хилира, и бахьана долуш дуккха а нохчий Шема дӀабахара, Халкъан Маршонан Эскарша Ӏуналла дечу меттигашка.

Украинехь Оьрсийчоьнан тIелатар доладелча, цаьрга кхайкхам бира, йухадерза, йукъарчу мостагӀчунна дуьхьал цхьана тӀом байта, аьлла. ХӀун хийцаделла? Украинехь, Ичкерин герзахойн ницкъийн официалан структурашна йукъабахале, цхьацца эмирийн куьйгаллехь йолчу тайп-тайпанчу жамаӀатийн тобанан декъашхой бара уьш. ХIинца, вайн халкъан геноцид а, вайн даймохк дӀалаьцна бу аьлла, а дуьххьара къобалдинчу пачхьалкхехь, Украинехь цхьаьна а кхетта, вовшахтоьхна, цхьаъ структура хилла дӀахӀоьттина уьш. Нохчийн эскархошна тӀеман даржаш а, пачхьалкхан совгӀаташ а ло, коьртаниг – эскаран декъашхой санна, тIеман операцешкахь Iилма Iема царна.

Коьрта хийцам -ша-шех лаьцна кхетамехь бу. ХӀинца уьш кхета: маьрша пачхьалкх йинчул тӀаьхьа бен вайн йиш йац динан а, йукъараллин а, кхин долу а хаттарш дийцаре дан, шариӀатца йа светски низамашца дехар ду вай, къасто. Пачхьалкхалла денйинчул тӀаьхьа бен и дерриге дийца аьтто хир бац. Цундела девнаш, вовшашна бехкаш дахар дитина – тIамехь хила, йиш йолуш дац уьш.

– Украинин эскарехь нохчийн тӀемалойн терахь довзийта мегар дуй?

– Ас билггала терахь дуьйцур дац. Карладоккхур ду, хьалхо оха хаам бира, пхи батальон йу аьлла. Киевца бинчу бартаца, тхан аьтто хир бу тхан, эскар цхьана бригаде кхаччалца шор дан.

– Украинехь тӀом болиначул тIаьхьа, Кадыровн Iедал чӀагӀделла. Кремло хӀора баттахь бохург санна лаккхара совгӀаташ ло цунна а, цуьнан гонара нахана а, терго ца йо муьлххачу а элитан йукъарчу девнашна. "ТикТок эскарш" аьлла цӀе тиллинчу "Ахмат" дакъойн тӀеман эвсаралла лахара йелахь а. ХӀунда ду иза иштта?

– Ас сайн книги тӀехь а йаздинера, хӀунда оьшу Путинна Кадыров. Республикехь нахана тIехь таIзар латтийна ца Iаш, тоталитаран Ӏедалан массо а кепаш карлайохуш. Нехан амалшна, иллеш харжарна, социалан машанашкахь йаздаршна а, ур-атталла ойланашна а тӀехь Ӏуналла дан гIерташ. Нохчийчоьхь лелошдерг, хӀинца йерриг а Оьрсийчохь даьржина цара.

ХӀунда хаьржина цара оцу экспериментана Нохчийчоь? Нохчашна маршо, массо а хӀуманал лакхара йу. Кадыровс вуно къиза, халкъан синкхетам бохош, кхочушйира Кремло хӀоттийна Ӏалашо. Цундела буьззина таӀзар доцуш вуьсу иза кху заманан Оьрсийчохь. Путин мел ву, цхьацца Iедалан "бӀовнаш" а, кхерамазаллин хьукматаш а реза доцурш доллушехь, Кадыровх а, кадыровхойх а хӀумма а хир дац.

– ЦӀа воьрзур ву бохучух теший хьо?

–Цу тешамо латтош ву со. Со тешна ву, со йухавогӀур ву, сан накъостий йухабоьрзур бу. Махках даьхначу хенахь ларъйан аьтто баьлла вайн низаман, Ӏедалан институташ вай меттахӀиттор йу. Оха йухайерзор йу нохчийн халкъан шен куьйгалхо харжа бакъо.

Украинера тӀом оцу процессан катализатор хилла дӀахӀоьттина, республикера хьал хуьйцар долу структураш кхолла а вовшахтоха а.

Ичкерхошна йукъара масех дакъа ду Украинехьа тӀом беш, ОБОН йоцург, уьш йу Шейх Мансуран батальон, Дудаев Джохаран батальон; "Бешенная стая" цӀе йолу тIемлойн тобаа; Special Operation Group (SOG) а, Гелаев Хамзатан батальон а.

  • Украинан агIор тIемаш бечу Ичкерин маршонан агIончаша зазадокху-беттан 14-чохь хаамбира Оьрсийчоьнан дозанаш тIехь "диверсин операцеш" йолорах. Масех де даьллачул тIаьхьа цара дIакхайкхийра Белгородан кIоштара юьртан администраци схьайаккхарх. Оьрсийчоьнан тIеман министралло чIагIдо оцу йукъанна доза хадо церан хьийзар шаьш масийттаза йукъахдаккхарх
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхо кхайкхам бира республикерчу бахархошка Закаев Ахьмед вен аьлла. Цул хьалха Кадыров Рамзана чIир кхайкхийра Украинин ТӀеман ницкъийн агӀор тӀом бечу Ичкерин агӀончашна дуьхьал. Ахьмад Закаевн вешин кӀант Украине тӀаме хьажийра, цунна таӀзар деш.
  • ЯнгулбаевгIеран вежарийн Нохчийчуьра виъ гергарастаг нуьцкъаха тIаме хьажийна – церан ден ваша а, ден агIора кхоъ шича а. ЯнгулбаевгIеран вежарий Кадыров Рамзанан рожан критикаш бу. Абубакар бакъоларйархо ву, ИбрахIим, Бойсхар оппозицин IADAT телеграм-каналаца воьзна ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG