ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь вийначу 11 кадыровхочунна мемориалан аннаш хIиттийна


Соьлжа-ГIалахь кадыровцаш, гайтаман сурт
Соьлжа-ГIалахь кадыровцаш, гайтаман сурт

Нохчийчуьра Гуьмса кIоштарчу Джалкхехь исс ун хIоттийна Украинехь байинчу "Ахмат-1" ОМОН-н эскархошна. Жимма хьалхо кхин а цхьацца у схьадиллира Соьлжа-ГIалахь а, Устрада-ГIалахь а.

Мемориалан аннаш хIиттор дагадеана Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин куьйгалхочунна Делимханов Шарипана, хаамбина "Грозный" ЧГТРК-но.

Хьалхо Кавказ.Реалии редакцина хиира оцу вийначу ялханнах, амма къастаза дара уьш Джалкхера хилар – Якубов Iаьрби, Гайтемиров Аслан, Хасуханов Анзор, Байсагуров Iабдулла, Давлетукаев Нурид, Магомадов Элимсота а ву иза. Кху шеран дечкен-баттахь церан цIераш йазйинера, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йоIаца, культурин министран даржехь йолчу Кадырова Iайшатаца йоьзначу "Дари добро" гIоьналлин акцин телеграм-каналерчу публикацешкахь.

Кхин а кхо эскархо – Яхъяев Iаьрби, Вашаев Аланбек, Наибов ИбрахIим – дуьххьара хьахийна ву.

Иштта хIинццалц схьа информаци йацара кхин а шинан "Ахмат-1" ОМОН-н эскархойх – Соьлжа-ГIалара лакхара прапорщик Дашаев Майрбек, Устрада-ГIалара сержант Дениев Адам а. Нохчийн а, пачхьалкхан а зорбанашкахь – "Грозный" ЧГТРК, ИА "Чечня Сегодня" – царна лерина хIиттийначу мемориалан аннаш тIехь хьахийна йац Украина; билгалдаьккхина, "эскархойн гIуллакх кхочушдеш эгна уьш" аьлла.

Делахь а, Кадыров Рамзана дIахьедина шен телеграм-каналехь, Украинерчу тIамехь дакъалацийта 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 15-чохь "Ахмат-1" ОМОН вовшахтохарх лаьцна, цундела уьш кхечу бахьанашца уьш кхелхина олийла дац

Момориалан аннаш тIехь байинчех лаьцна хила тарлун мел а алсам информаци йеша аьтто ца кхаьчна суьрташ ца хиларна а, иштта уьш кхелхина де а билгалдаьккхина цахиларна а.

  • 2022-чу шеран гIадужу-беттан 24-хь ВСУ-но хаамбира, Херсонан кIоштан Каиры гIаларчу кадыровхойн штабана тIе тохарш дина шаьш аьлла. ШолгIачу дийнахь ВСУ-н Коьртачу штабо динчу официалан дIахьедарца, "30 гергга вийна, херцаршна бухахь висинера бIе сов мостагIчун салти". Украинхойн а, нохчийн оппозицин а телеграм-каналаша йаздира 40 вийна, 60-на тIера 100 -не кхаччалц лазийна а ву бохуш. Кадыров Рамзана бакъбира хилла эшамаш кхо де даьллачу хенахь, 23 вийна, 58 лазийна элира цо.
  • Нохчийчохь мессенджерашкахула дIасайаржийначу аудиошкахь буьйцурш бара "Нефтеполкан" эскархой – мехкадаьттан гIишлош ларйен Росгвардин куьйгакIелара полицин полк ю иза. Изза хаамаш балийра 1АДАТ телеграм-канало а. Оцу юкъанна, муьлхачу декъан штаб ю йохийнарг, ца дийцира цхьана а нохчийн а, йа украинхойн а хьасташа официалан информацихь. Бакъду, Кадыровс хьахийра, вийна ворхI Джалкхера вара аьлла.
  • Нохчийчухула йолчу Росгвардин урхаллин хьаькам ву Делимханов Шарип, иза ваша ву Оьрсийчсоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман. Джалкха- ДелимхановгIар беха юрт ю. 2019-чу шарахь оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос ДелимхановгIеран даккхийчу цIенойн дронаца йаьккхина видео арахийцира. Дийнна кварталаш дIалецна цара, лекхачу кевнашца дуьхьало а йеш. Масех тIекIелдина цIенош ду оцу кертахь, фонтанаш ю, вайнехан бIаьвнаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG