ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь вийначу "Нохчийчоьнан турпалхочун" ваша Кадыровн полкера ахча даккхка гIерта ахшо а ду


Нохчийн дакъойн эскархой. Гайтаман сурт
Нохчийн дакъойн эскархой. Гайтаман сурт

Украинана дуьхьал тIамехь вийначу Висирханов Нурдин ваша Висирханов Герман ах шо а ду цуьнан кхалхарх ахча даккха гIерта Кадыров Ахьмадан цIарахчу Нохчийчуьра "Север" лерринчу 141полкан куьйгаллера. Цунах лаьцна хиъна Къилбан гонашкара тIеман кхелан апелляцехь кхеторехь.

2022-чу шеран зазадокху-беттан 5-чохь вийна ефрейтор Висирханов Нурди оккупаци йинчу Купянскехь. Иза верах йаздира нохчийн зорбанаша, Росгвардин эскархочунна Майраллин орден йелира, иза кхелхинчул тIаьхьа "Нохчийчоьнан Турплахочун" седа а белира.

Иза лечу дийнахь Оьрсийчоьнан президенто куьгйаздира оцу тIелетарехь дакъалаьцначарна ахчанаш лур ду аьллачу омрана, цуьнца а догIуш, вийначух 5 миллион кхачон дезара цуьнан хIусамнанна, дена-нанна, берашна. Амма 2022-чу шеран мангал-баттахь оцу документа тIехь хийцамаш бира – нагахь санна, доьзал цуьнан бацахь, ахча дIалур ду цуьнан вежаршна а, йижаршна а аьлла.

Контрактаца гIуллакх ден, Украинехь тIом бен ваша Висирханов Герман кху шеран дечкен-баттахь "Север" полке ваьаллера, цара дуьхьало йича, зазадокху-баттахь – Соьлжа-ГIалара кхеле дIахьедира цо.

Висирханов лечу заманчохь, цуьнан вешин бакъо йацара социалан компенсаци эца, аьлла нохчийн полкан куьйгалло. Висирханов Герман цунна реза ца хилла, Соьлжа-ГIалара гарнизонан кхело нийса дац аьлла командиро ахча ца догIу алар, йуха цуьнан дIахьедар листар тIедожийна. Цо гIуллакх динчу декъан куьйгаллина ца тайна оцу кепара сацам, Къилбан гонашкара тIеман кхелехь къовса гIоьртира уьш, амма кхело йуха а вешин агIо лецира.

Кадыров Ахьмадан цIарах леррина 141 полк ("Север" полк) Соьлжа-ГIалахь куп тоьхна йу. Иза вовшахтоьхна "Север" цIе йолчу 248-гIа батальонах, цуьнан командир вара 2017-чу шарера схьа дуьйна Тушаев Мохьмад, зазадокху-баттахь керла командир хIоттийра – Имаилов ИбрахIим. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доларчу гвардин дакъа ду полк. "Север" батальонца дузу оппозицин политик, премьер-министр лаьттина Немцов Борис вер а.

Кавказ.Реалиин сайто статистика йу лелош къилбера а, Кавказера а беллачех. Украинана дуьхьалчу тIамехь 3860 стеган кхалхар къастон аьтто хилира редакцин. Царех 207 Нохчийчуьра бахархой бара. И зераш дуьззина ца хила а тарло, билггал долу терахь кхин а лакхара хила хьесап ду – Оьрсийчоьнан Iедалхоша ца хоуьйту мел эшам хилла.

  • Хьалхо Къилбан гонашкара тIеман кхело низамехь дац элира эскархойн декъан куьйгалло салтичун рапорт талла тIе цалацар. Украинехь чевнаш йарна "президентан" ахча эца хьоьвсинера уьш. Росгвардин эскархочун Аюбов Зеламхин куьйгалла цунна дуьхьало йеш тIетевжинера, лазийначунна деллачу кехата тIерачу формале кхачамбацарна.
  • Чевнаш йина хилла оьрсийн эскархоша къуьйсу кхелашкахь а, тIеман-лоьрийн комиссешца а шайна тIамехь чов йарх кехат даьккхина, йуха а тIаме ца дигийта шаьш. Цунах лаьцна йаздо, йоллу гарнизонийн тIеман кхелийн база теллина, цигахь 120 оцу кепара иск хаайеллачу "Версткас".
  • Арахь даккха шо хан кхайкхийра Пятигорскехь мобилизаци йина хиллачу Дудов Александрна, Украинана дуьхьал бечу тIамера иза цIаварна. Уьрсаца чов йинера цо шена вевзачунна, Оьрсийчоьнан армина критика цо йича. Хьалхо набахтехь итт шо даьккхина ву Дудов къизаллица стаг верна.
  • Нохчийчуьра Украине хьежочу "лаамхошна" кхо миллион сом ахча а, "страховка" а хуьлуьйтур йу шаьш олу Iедалхоша, нагахь уьш лазийна меттиг нислахь.
  • Делахь а, кхелан практико гойту, тIамехь дакъалоцурш дукха хьолахь шерашкахь тIаьхьабийла беза, шайна догIу социалан ахчанаш схьадахархьама. Пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкахь хIинца а цхьаьна къуьйсуш, 1990-чу шерашкахь а, 2000-чу шерийн йуьххьехь а Къилбаседа Кавказехь контртерроран операцешкахь дакъалаьцначийн кхелан гIуллакхаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG